Нохчийн мотт а, нохчалла а доккха хIума ду олий, къамелаш доладо дукхахболчу нохчаша. Дикка тидам бича, хаттар кхоллало, хIун жамIаш хилла вайна ненан мотт оццул ладаме хетар бахьанехь?
Цунна жоп каро хала дац, тахана шуьйра даьржина долу юкъараллин, зорбанан хьосташ тидамехь латтийча – фейсбук, ватсапп, инстаграм – нохчаша цу чохь шайна хетарг муьлхачу маттахь яздо хьаьжча.
Халахетахь а, ирча сурт бен ца го цигахь. Интернета чохь нохчаша яздийриг деша хIоьттича, хIорш-м хир ма бац и шайн мотт а, къам а чIогIа деза бохуш берш аьлла, хетало. ХIунда хетало церан йозанаш гича бен кхетар вац. Цу къамелех масех масал иштта ду:
Вайн маттах дерг дуьйцуш, оьрсийн маттахь дийца мегар ду моьтту цхьаволчунна.
ВаллахI ца хаьа суна-м оьрсийн мотт аьлча а, къамелана юкъа оьрсийн дешнаш ца Iуьттуш ца Iа-кх цхьаберш. ХIара-м цхьа къаьхь де ду…
Иштта кегийна, шина маттахь вовшашка яздеш хилча, бевзаш болу ший а мотт гIелло. Вайн меттан а, нохчаллин а кхане хир ю аьлла дог дохийла яц и саннарш (цу кепара мотт иэбеш берш) совбуьйлуш мел бу. Шайга вайн маттаца кхин меттанаш эн ма де мел бахарх кхеташ ца хилча, хIун дан деза царна? Къаьсттина вуониг ду, цхьаволчунна шена нохчийн маттахь цхьана дешан маьIна ца хиъча, нохчийн мотт гIийла хетар, цкъа а и Iамош ша къахьегна а воццушехь.
«Мотт бацахь къам дац» бохуш мохь беттарш Iийр бу-кх иштта: «Нет языка, нет нации…», «No language
no nation».
I.-Хь.БЕНО
№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо