Самадовлий вай?!..

Урдунехь кхиъна хиларна а, нохчий Урдунехь бехаш болу дикка хан-зама дIаяьлла хиларна а, тIе мел кхуьучу чкъуро вайн мотт тIеттIа ледара буьйцу.

Ала дашна, дешнаш дицдо, цхьатерра долчу дешнийн башхаллаш ца евза, кхечу маттера дешнаш юкъадаладо. Цхьа а шеко йоцуш шен махкана генахь хиларо муьлххачу а нехан маттана а, Iадаташна а тIеIаткъам бийр бу, иза нохчийн, я чергазийн, я кхидолу къам делахь а.

Ишттачара хIун дан деза шайн мотт ларбан? Iадаташ муха ца дов, оцу Iадатийн кхетам маттаца боьзна хилча? Вайн дуккха а баккхийнах цецбуьйлу, кегийчара дика гIиллакх ца гойту, Iадаташ ца лардо, бохуш.

Я оцу кегийчу нахана ца деза вай а, вайн дайша а лелийна долу цIена гIиллакхаш, я шайна хьеха а ца лаьа, хьехча а ла а ца дугIу!

И дерриге вай теллича вайна карор дерг мотт дика цахаар ду. Урдунехь а, Iаьрбийн мехкашкахь а телевизорш чохь а, хаамийн кхечу гIирсашкахь а гуттар а буьйцуш берг Iаьрбийн а, ингалсан а мотт бу. Цул сов, вайн дахарца а, кхетамца а ца догIуш долу церан Iадаташ а, леларш а ду гойтуш.

Иштта вайн цIахь оьрсийн мотт а, лелар а ду оцу хаамийн гIирсашкахь Iамош. Вуьшта, Европерчу мехкашкахь шайн меттанаш буьйцуш гойту. Вай дуьйцуш долчу хIокху хIуманна чIогIа сема хила деза вай. Сих-сиха пуьташ биттича, пуьтех теша олу – и адамийн психологица долуш долу хIума ду.

Кхин хIун хаа деза вайна? Телевиденехь а, хаамийн кхечу гIирсашкахь а гойтуш долу дукхахдолу хIума вайн динца а, гIиллакхца а, кхетамца а догIуш ца хуьлу, цуьнан бахьанаш дуккха а ду, ткъа коьртаниг ахча ду.

И хIума хууш сема Iан деза вай. Бераш ларде, бераш ма хьовсийта оцу телевизоршка а, оцу вуочу передачашка а, церан кхетам телхар бу олу вай. Ткъа вай ваьш а ма хьовсу оцу хIуманашка. Вайн кхетам телхар бац моьтту вайна, вай ма-аллара, дукха биттинчу пуьтех теша, иштта ду адам, иштта ю цуьнан психологи.

Дика ду, ца хьовсу олу вай оцу передачашка а, вайн боцучу хаамийн гIирсашка а, хIун де вай тIаккха?

Ма хьовса а эра дацара ас-м, вай оцу нехан передачашкара делахь а я хаамийн гIирсашкара делахь а эца йиш йолу пайда эца беза. Оцу пайда эцначух ваьш передачаш еш, телевиденехула а, интернетан, хаамийн кхечу гIирсашкахула а вайн мотт, вайн цIена кхетам бовзийта беза. Иштта бен вайн ненан мотт а, гIиллакхаш а сиха даьржар дац.

ЦIена нохчийн кхетам вайн баккхийчу нахера а, вайн говзачу яздархошкара а бен схьаэца мегар дац. Цунна тоьшаллаш дукха ду, дуккха а кегийчу нехан лелар диканехьа хийцало воккхачо шена дика хьехам бича.

Дуккха а нехан мотт кIаргалуш, шарбелла баккхийчу яздархойн жайнаш дешарна.

Кхин а цхьа хIума ду, нохчийн байташ сих-сиха еша еза вай. Боккха пайде кхетам а, боккха чулацам а хуьлу нохчийн байтийн могIаршкахь. Да-нана ларар, Даймохк безар, доттагIчун, йиша-вешин сийдар, гIиллакх-оьздангалла лелор – и деза хIуманаш дуьйцуш хуьлу дуккха а байташ. И цIена кхетам дIакховдабо цара ешархочунна.

ХIора нохчичунна тIехь долу декхар шен мотт Iалашбар ду, и Iалашбарца цо шен тIаьхьенна гIиллакх-оьздангалла Iамор ду. Мотт Iалашбар карарчу хенан гIирсашца атта хир ду.

БИЙТРО МахIир

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: