Тахана санна дагадогIу, 1-ра сентябрь, дуьххьара горгали, школа, хьехархой, урокана тIаьхьа висича, сонехь латтор.
Дахарехь уггаре а хаза хан ю бералла, школехь доьшуш яьккхина хан. Иза йицлойла а дац, хIунда аьлча цхьайтта шо хан кIеззиг зама яц.
Дас-нанас боккхачу тешамца, сатийсамца дIало хьехархочуьнга шайн доьзалхо цунна йоза-дешар Iамадайта. Цигахь Iамадо царна къолам карахь нийса латто, циггахь элпаш а девза цунна, де дика дан, Iодика ян хьоьху. Ялх-ворхI шераш кхаьчначу царна хаарийн дуьне довзийтар аттачех болх бац. Амма и ондда жоьпалла шена тIе а лоций, дукхахйолу хан берашца йоккхуш, берашна бен дага ца догIучу шатайпанчу хаттаршна жоьпаш луш ерг дуьххьарлера хьехархо ю. Цундела иза цкъа а йиц а ца ло вайна.
Ондда собар, бераш дезар, царах кхета лаар массарна а делла дац я и тайпа дика амалш Дала бакъволчу хьехархошна бен елла а яц. Царах цхьаъ ю Исиева Фатима.
Фатима йина 1957-чу шарахь 6-чу декабрехь. Шелковски станицерчу Лесхозан бархIшеран школа чекхъяьккхина цо. Ша школехь доьшучу хенахь, цу школехь «пионер вожатый» а хилла Фатима. Шен оьмарах 35 шарахь юьхьанцарчу классийн хьехархо лаьттина иза. Карарчу хенахь цIахь бераш Iамош ю (репетиторство).
Шен 20 шо кхаьчча яхара Фатима хьехархочун балха. Жимчохь дуьйна къастийна яра цо и корматалла, ларамаза дацара 1977-чу шарахь Гуьмсехь хьехархойн училище, цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт цо чекхъяккхар.
Ткъа хьехархочун корматалла харжаран бахьана шен дуьххьара хилла хьехархо Калинина Надежда Ивановна езаялар ду, бохуш дуьйцу Фатимас. Дуьххьарлерчу хьехархочух доьзна ду берийн деша лаам хилар, бохучух тешна ю иза.
Аьхкенан каникулашкахь бераш садаIа дIахецча, урамехь долу шайн гергара а, шен хеннара а бераш схьа а гулдой, Надежда Ивановнах тера лелаш, царна хьоьху бохуш, ловзуш самукъадолура цуьнан.
Хьехархойн корматаллехь уггаре а коьртаниг бераш дезар, церан дешарца марзо кхоллар ду, аьлла хета Фатимина. Муьлххачу а стага дина дика юхакхачаза дуьсур дац, ткъа иштта хьехархочо дешархочунна дина дика а, элира цо. Цу хьокъехь доцца индин туьйра а дийцира:
«Цхьана стага хIора Iуьйранна 5 булка бепиг оьцуш хилла. ТIаккха туькана чохь бепиг духкуш волчо хаьттина, хIора Iуьйранна нийсса 5 булка хIунда оьцу ахь, аьлла? Шаьш чохь пхи стаг ву, хIоранна а цхьацца оьцу ша аьлла вукхо. ХIоранна а цхьацца булка нисйина хIунда оьцу ахь аьлла, юха хаттар дина. ТIаккха вукхо жоп делла: «Со хIусамда ву, тхан хIусамехь рицкъа доккхуш со цхьаъ бен вац, цундела сайна цхьа булка оьцу ас, тхан дений-нанний цхьацца булка ялар, со цу шимма кхиийна, хIинца со декхар токхуш ву, ткъа шина кIантана луш дерг, юхалург луш ду, со воккха хилча цу шимма суна схьалур ду иза».
Берашца болх бан атта дацахь а, уьш а, хьайн болх а безаш хилча, гIелвалар башха хьесапе а ца оьцу. Тахана муьлха корматалла хаьржина хуьлуьйтур яра ахь аьлла, шега хаттар дича, кхин ойла ца еш, «хьехархо» элира Фатимас. Безам хеташ дагалоьцу цо шен дешархошца хилла цхьацца самукъане миноташ. Грозненски районан Октябрьски юккъерчу школехь хилла ду хIара. Расул бохуш хьалхарчу классан дешархо вара цуьнан оьрсийн мотт бийца эхь хеташ, иза ца буьйцуш. Мел хаза аларх, дийцарх гIуллакх хуьлуш дацара. Ткъа цхьана дийнахь урокана горгали бекна пхи минот яьлла хилла Расул класса чу ца вогIуш. ГIеххьачул сагатдеш, араяьлча, класс чохь берашца вита цхьа а воцуш, Iаш хилла Фатима, цIеххьана, цхьамма чукхоьссича санна, шен кучах ка а етташ, «Фатима Акбулатовна, кипит, кипит» (вохвелла ша ала дагахь) бохуш, Расул чоьхьаиккхина. Май баттахь, дешаран шо чекхдолуш дуьххьара хезна цунна Расула оьрсийн маттахь дош олуш. Цунах доккха совгIат хилла, юха а алахь, Расул, ца хезира суна бохуш, масийттазза алийтина хьехархочо цуьнга и дош. Ткъа дешархо цецваьлла хьоьжуш хилла шен хьехархочуьнга, ша урокана тIаьхьависсиншехь, хIумма а ца олуш, шега «молодец» бахарна. Дуьххьара мотт Iемаш беро шен нене «мама» аьлча санна, хазахийтира шена цо оьрсийн маттахь дош олуш хезча, чIагIдо хьехархочо. Шен къахьегар эрна ца хиларан тоьшаллех боккха кхаъ хуьлу цунна хIоразза а.
Фатими хилла дуккха а дешархой тахана, баккхий доьзалш болуш, дай-наной белахь а, кхуьнца долу гергарло тахана а боккхачу ларамца леладо цара.
ХIора шарахь 1-чу сентябрехь а, тIаьххьара горгали бекаш а цуьнан бIаьргех хи долу. Иэсехь карладуьйлу дIадахна шераш, шена хьалхахула чекх мел бевлла дешархойн.
САГАЕВА Залина
А.Мусаеван сурт
