Иорданехь нохчаша стаг дIаволларан ламасташ

Иорданехь нохчий еа юьртахь Iаш бу, уьш ю: Сувеле, Заркъе, Сухне, Азаркъе. ХIора юьртан шен кешнийн керт ю, нохчий бен дIа а ца бухкуш.

Каш доккхуш дийнахь-бусий нохчийн кегийрхоша катуху вовшашна гIо а деш, баккхийчара дакъалоцуш хIума а хуьлу. Нохчи воцчуьнга куьг ца Iуттуьйту я ахча а луш белхалой лоцуш хIума а ца хуьлу. ХIора юьртахь каш доккху гIирс билгалъяьккхинчу цхьана меттехь дIабиллина, кийчча хуьлу, нохчийн юкъараллехь я нохчийн хIусамехь.

Кегийрхоша каш доккхуш царна коьртехь вайн баккхийнах хуьлу, иза билггал муха даккха деза гойтуш. Каш доккхучу кегийрхошна тIе йоуьйтуш яахIума а, хи а хуьлу.

Цхьайолчу ярташкахь нохчаша мархийн бутт тIекхачале ши-кхо каш доккхий кечдо, нагахь санна мархийн баттахь кхалхарш хилахь, багахь марха а долуш каш даккха дезачохь ма-хуьллу шайна аьтто бархьама.

Каш 2 метр гергга кIорга хуьлу, лахьта а долуш. Кегийрхоша каш доккху баккхийчара еса доьшу оцу кешнийн кертахь. Нохчаша каш доккху шариIато билгал ма-даккхара. И къепе вайн дайша Даймахкара схьабогIуш шайца схьаеана а, ларйина а ю.

Iаьрбойн а ю шайн кешнийн керташ, дукхахболчу Iаьрбаша белхалой лоцу каш даккхийта. Церан кешнаш лахьта доцуш хуьлу, 1 метр гергга кIорга, наггахь ах метр а хуьлу. Амма нохчаша шайн каш даккхаран кеп ларйина Иорданехь.

Маьждигехь докъан ламаз динчул тIаьхьа дакъа кешнийн керта хьо, кешнийн керт генахь елахь – машенахь, яцахь – гIаш барам тIехь.

Кешнийн керта дIа ма-кхеччина, дакъа лахьти чу дуьллий, цу лахьтин дохалла упханаш дIахIиттадо, иза кхоччуш дIакъовлуш. ТIаккха и каш массара катуххий дIакъовлу, дакъа дIадуллучу хенахь вайн баккхийчарах цхьамма юха а «Ясин» доьшу. Кегийрхой каш дIакъоьвлина бевлча, веллачунна доIа а дой, нах тезета боьлху.

Тезет кхаа дийнахь лаьтта, хьалхарчу дийнахь тезетахь «Ясин» ца доьшу, хIунда аьлча, кешнийн кертахь дешна хуьлу дела. Тезетан шолгIачу а, кхоалгIачу а деношкахь баккхийчарах цхьамма еса доьшу, мовлад а доьшу кхаа дийнахь.

Иштта ду Иорданерчу нохчаша лардина ламасташ. Бертахь дехаш ду кхузахь адамаш, хIума оьшучохь гIарчIаьлла гIо дан кийча хуьлу нохчий кегийрхой а, вайн сийлахь баккхийнах а.

ШИРДО Мохьмад

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: