Цкъа а доьшур доцчуьнга

Хьан дегIах баьлла пIенда со хиларна, моьттура хьо воцуш и кагбала йиш яц, амма тахана хьан пехаш хIаваах дузуш ца хезча, со цкъа а пIенда ца хилча санна, ахь мархийн баттахь дууш хилла долу дохдина воьта санна Iаьнна со хьуна уллохь…

48 шарахь ахь човхош, юха хастош, къаьхьа кад малош, цунна тIаьххье моз кхаллош, дийнахь суна оьгIазе хиллехь а, сарахь, хьайн дикаллина, оьгIазло йицъеш, оцу башхачу кхолламан шерашкахь хьайн ирсах соьца ирс декъна, къинхетаме нана йина ахь сох. Яха Iамийна ахь суна. Къонахчун цIе яьккхина ахь хьайна, суна — турпала нана. Хьо цкъа а виццавар тIедиллина, хьайн цIе ларъяр весет дина, Сийлахьчунна хьалха вахана. АллахIа къинхетам бинчарах войла хьо. Хьайн валарх воккхавевойла хьо!

Хьайн доьзал кхиорна ахь сайна аьллачу довхачу баркаллин дуьхьа, адамех дуьзначу дуьнен тIехь ахь со цхьалха йитарна къинтIера яьлла хьуна со! Хьайн дегIера ницкъ дIабовш а хии хьуна со «Iехо», сан дог лардан а.

Маьрша гIойла хьо, Ватайн…

1969-чу шарахь доьзал кхоьллинчу Хьусайнах (Ватайн), Лайлаах лаьцна.

3-чу классехь баханера жимачу Ватайнан, шен цул тIаьхьа дуккха а шераш девллачул тIаьхьа хIусамехь хьийзар йолчу Лайлаэ безам. Дийнна дахарехула чекхваьлла иза жимачу даго хаьржинчуьнца.

Цхьана юьртахь дехаш, цул сов, цхьана классехь доьшуш долчу шиннан вовшашка доттагIаллин уьйр хилла. Цундела хир ду цаьршиннан дахар башха тамехь, юьртахь массарна а гIарадаьлла. Ватайна ша эскарехь гIуллакх дина цIа вирзинчул тIаьхьа, уггаре а хьалха, ша жималлехь бинчу харжамна муьтIахь хилла, йоссийна Лайлаъ шен хIусаме. Хьалха-Мартан кIоштарчу Мартан-Чуьрчу Бахьтийн тIаьхьенах бу церан доьзал.

Ватайн, шен ирсах ца тешаш, стамлучу шен доьзалх самукъа а долуш, напха доккхуш хилла, иза ца ларочохь Лайлаа а, хала дара аьлла юха ца йолуш, белхаш бина. Иштта, и шиъ тасаделла доллуш, дIаихна шераш. Кхиъна доьзал а: 4 кIант, 4 йоI. Уьш а бу юьртахь, шайн да-нана санна, нахана безаш, лоруш. КIентий шайн комаьршаллица, нахана пайде хиларца, тамехьчу амалшца гIарабевлла бу.

Зудабераш гIиллакх-гIуллакхца, шайн меттиг ларъян хаарца, шайн дена-нанна юьхькIам хилла, шайн хIусамаш кхоьллина беха. Шайх баккхийбен хьакъ доллуш цIена доьзал бу цушиннан. Ватайнан хIусамехь хьошалла даза кIоштара, цул арахьара а дукха нах хир бац. Гуттар а хьешех юьзна лаьттина ю церан хIусам.

Цо гойту Ватайн муха стаг хилла. Ша санна верг кхин хир вуй-те аьлла самукъане а, дуьненах самукъадолуш а вара иза, цуьнца цхьаьна майра а, лела хууш а. Талла ваханчохь ша цхьаъ волуш (ша кхузткъа шарал тIех ваьллачул тIаьхьа а) шозза ча йожийнера цо (иза шена зулам дан тIехьаьдча), тIахъаьлла, каде вара, шерашка хьаьжна доцуш.

Баккхийчара лоруш, царна оьшуш стаг вара, ткъа берашна дика доттагI вара. Ватайна Iаьнан салаз яза кIезиг бер хир ду юьртахь (кертахь сваркаш еш хуьлура иза даима а).

Боккха бахам бу тахана Хьусайнан, Лайлаан: 29 берийн бер (царах цхьаъ шен 6 шо долуш дIакъаьстина), 5 берийн берийн бер а.

Хьусайнан доьналла, Лайлаан собар бахьана долуш, кхоллабелла беркате бен бу иза. Гуттар а «йовха» ю церан хIусамехь, мел йочанечу дийнахь а хьо церан хIусаме кхаьчнехь а, уггаре а веза хьаша вина тIеоьцур ву хьо цара, цунна тоьшалла до ерриге а юьрто.

Ватайн, хьуна оццул дукхадезаш хилла долу Iа хьо а воцуш догIур ду-те суна?! Хийла луо догIучу буьйсанна ахь со гIаттош ма-хиллара: «ХьалагIатта, Лайлаъ ма хаза догIу и ло, доладалийтахь вайшиъ», – аьлла, хьо кхин цкъа а сайна тIехIоттаре ма сатуьйсур ду ас хIокху Iай.

«Даима а суна яха-м Iамийнера ахь… ткъа хьо а воцуш муха яха еза ма ца Iамийна ахь суна, Ватайн…?!».

Хьох йисина Лайлаъ

Хь.ДАУДОВА

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: