Хаам

М.Ломоносовн цIарахчу Москван пачхьалкхан университето (МГУ) кхоьллинчу ГIоьналлин Социальни стратегин а, тактикин «Юкъараллин институт» фондо а, цуьнца цхьаьна Москван Яздархойн союзо а хаам бо Ерригроссин VIII-гIа «Панацея» конкурс дIакхайкхийна хиларан хьокъехь.

Конкурсан Iалашонаш:

– могашалла Iалашъяран системехь йолчу проблемашна юкъараллин тидам тIебахийтар;

– юкъараллин могаш дахар харжаре кхетам кхоллабалийтар;

– могашалла Iалашъяран декъехь Россин Федерацин Президента а, Правительствос а хIиттийна Iалашонаш кхочушъяран декъехь гIолацар;

– шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь медицинин декъехь къахьоьгучу белхахойн говзаллин сийлалла айъар;

– могашалла Iалашъяран декъехь статьяш язъечу журналистийн хаарш лакхадахар.

Конкурсехь дакъалаца йиш ю регионашкарчу а, кIошташкарчу а, шахьаршкарчу а хаамийн гIирсашкахь болх бечу (я цаьрца барт болчу) авторийн а, авторийн тобанан а, редакцийн коллективийн а.

Конкурсана лерина йолу материалаш зорбатоьхна хила еза 2016-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнера карарчу шеран эсаран (октябрь) беттан 31-чу дийне кхаччалц йолчу юкъанна.

Конкурс масех номинацехь дIахьур ю: «Меттигера больница», «КIайн халат», «Адамаш – халонехь», «Могашалла хьан карахь ю», «Социальни лазаршна – хIан-хIа».

Материалаш схьаоьцур ю («Панацея» КОНКУРС билгалонца) карарчу шеран гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийне кхаччалц хIокху адресца: 125009, Москва, Мохови ур., 9 (МГУ-н Журналистикин факультет) / тел.: +7(903)723-59-21, e-mail: isst@bk.ru.

Конкурсан толамхошна мехала совгIаташ а, дипломаш а даларан гIуллакх дIахьур ду 2018-чу шеран чиллин (февраль) баттахь.

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: