Аштаркханера студенташ – Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университете баьхкинера Аштаркханан пачхьалкхан техникин университетан студенташ. Уьш цхьаьнакхийтира оццу университетехь хьалхарчу проректорца Заурбеков Шарпуддица а, кхетош-кхиоран а, социальни а балхехула волчу проректорца Салгириев Рустамаца а. Иштта, хьешаша геологин минералийн музей экскурси йира.

Аштаркханан пачхьалкхан техникин университетан гIаланаш яран институтан студентийн хьовса аьтто хилира дешаран-административни коьртачу корпусе а, дешаран аудиторешка а, Iилманан лабораторешка а.

Цхьаьнакхетар дIадаьхьира №2 йолчу дешаран корпусехь. Хьеший тIеийцира гIишлошъяран факультетан декана Абуханов Iабдулрохьмана а, «ГIишлошъяран конструкцин» кафедрин куьйгалхочо Межиев Хьасана а, «Архитектурин» кафедрин куьйгалхочо Насуханов Шадида а.

Хьешашна дийцира гIишлошъяран факультетах а, проектех а лаьцна. Цул тIаьхьа цара экскурси йира технопаркехула а, гIишлошъяран лабораторин факультетехула а.

Иштта, хьешашна гайтира технопаркан тайп-тайпана болх беш йолу машен а, цхьаболчу гIирсашца масех секундехь арматура хадош а.

«Архитектурин» кафедро шайн студехь экскурси ярал сов, хьешашна лерина вовшахтоьхнера студентийн а, хьехархойн а белхийн гайтам. «Архитектурин» кафедрин куьйгалхочо Насуханов Шадида дийцира проектан таронех лаьцна.

Цул тIаьхьа йистхилира Аштаркханан техникин университетан «ГIишлошъяран» кафедрин доцент Щербекова Елена. Цо элира: – «Тхуна хазахета хIокху хазачу гIала тхаьш кхаьчна. Со тешна ю, вайн вузаша вовшашца зIе латториг хиларх а, цхьаьнаболх бийриг хиларх а…»

АСЛАХАНОВА Хеда

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: