«Обарг Зеламха: бакъдерг а, тептарш а»

А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместителан Гудаев Лоьмин «Абрек Зелимхан: факты и документы» книга йовзийтира.

Цигахь дакъалецира кхоллараллин а, интеллигенцин а векалша, Гудаев Лоьмин белхан накъосташа, гергарчара. Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

Гудаев Лоьмин книгин мах хадош вистхилира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта: – Обарган Зеламхан кхалхар а, иза дIаволлар а Шелахь хилла. Иза нохчийн тоьлла къонах хилла. Иза тахана вийца а, хасто а веза вай. Зеламхах лаьцна йолу книга вайна массарна а еза ю. Зеламха ваьхна зама а, хIетахьлера культура а, истори а, вуьшта аьлча, мехала тептарш ду книги тIехь. ЧIогIа доккха маьIна долуш ю книга.

Нохчийн къонахийн цIерш вайна даима а дагахь латта езар илгалдаьккхира шен къамелехь къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима.

– Къонахчун цIе вайн иэсехь гуттаренна а йиса езаш ю. Гудаев Лоьмас книги тIехь бина болх бийцина вер вац. Дукха къахьегна цо иза вовшахтухуш. ТIекхуьучу тIаьхьенна пайдаэца иштта бух хилар доккха хIума ду. Суна баркалла ала лаьа Яздархойн союзана. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьелаш кхоьллина вайна. Иза иштта ца хиллехь, тахана цхьа а книга арахеца таро а хир яцара, – бохура цо.

– Таханлера цхьаьнакхетар чIогIа мехала ду. Цунна бахьана ду Лоьмас арахецна книга. Мамакаев Мохьмада а, Ошаев Халида а, Айдамиров Абузара а вайн къонахех лаьцна яздора. Иштта, вайн нохчийн къонахех цхьаъ волчу обарг Зеламхах Лоьмас книга язйина хилар мехала гIуллакх ду. Лоьмас шен книги тIехь Зеламхан васт а, цуьнан дахар а дика гайтина, – элира Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас.

Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, нохчийн меттан говзанчас Дадаев Сайд-Хьасана шен къамелехь билгалдаьккхира обарг Зеламха доьналла, майралла, стогалла йолуш хиларал сов, дог кIеда а хилла хилар. Цунна масал далош ца дагадаийтира обарган лаьмнийн некъаца вевзаш волчу композиторца Шаляпинца хилла цхьаьнакхетар.

– Зеламха Гудаев Лоьмин ден ненада гергара хиларна а, цуьнан сица а, тIамарца а лазам хилла, цундела ницкъ кхаьчна цуьнан цунах лаьцна дерг дика схьагулдан, – бохура цо.

Гудаев Лоьмин книгах лаьцна дуккха а хаза дешнаш элира оцу суьйренехь. Цара массара а баркалла элира Лоьмина цу тайпа мехала книга арахецарна.

Ткъа Лоьмас, шен рогIехь, баркаллин дешнаш элира, книга арахоьцуш гIо-накъосталла мел динчарна а, шен лерам а бина, суьйренехь дакъа мел лаьцначарна а.

З.ЛОРСАНОВА

I.МУРТАЗОВН суьрташ тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: