Къоначу яздархойн семинарехь

ДIадаханчу шоьтан дийнахь, эсаран (октябрь) беттан 20-чу дийнахь, Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь дIаяьхьира къоначу поэташна лерина семинар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, фольклорист, Мунаев ИсмаьIал, литературин «Даймохк» клубан куьйгалхо, берийн яздархо Абубакарова ПетIамат, семинар дIахьош хилла къона поэтесса Халикова Асет, яздархо Тапалаева Аминат, иштта къона поэташ Даудов Гилани, Исраилова Луиза, Банжаев Аьрзу, Шахабов Сайд-Селим, Соьлжа-гIалин Хьехархойн колледжан дешархой.

Семинар дIайолийра Мунаев ИсмаьIала. Кегийрхошна яздархочун некъ атта боций хаийта, яздархойн кхолламех лаьцна дийцира цо. Захаров Петр а хьахош, цуьнан цIарах сквер а йоьллуш, цунна безамна чурт хIотторна Ибрагимов Кантина баркалла а элира. Иштта, вайн махкахь тоьлла физик, воккха Iилманча хилла волчу Кантин дех Ибрагимов Хьамзатах лаьцна а дийцира И.Мунаевс.

Цул тIаьхьа вистхилира Ибрагимов Канта. ХIара тайпа семинар яздархойн цIийнахь дуьххьара дIахьош цахилар билгалдаьккхира цо.

Къона яздархой сих-сиха гулло кхузахь, царна мастер-класс гойтуш, уьш кхиорехь доккха дакъалоцу Халикова Асета, Абубакарова ПетIамата. Цу шимма хьегна къа тIаьхье беркате йолуш хилар гойту Яздархойн союзо хIокху шарахь арахецначу къоначу поэтийн гуларо.

«Синмаршо» цIе йолу книга араяккхар тахана доккха совгIат ду къоначу поэташна. ХIунда аьлча, литература кхуьуш хила еза, иза ца хилча йиш яц, цо халкъийн барт бо, къам кхиадо. Яздархочуьнга дуккха а хаттарш дира кегийрхоша. Царах цхьаъ яра поэзехь дуьххьара гIулчаш йогIу «Даймохк» клубан декъашхо, хьехархойн колледжехь доьшуш йолу Хасанова Мадина. Цо дийхира «Аврора» роман язъярх лаций дийца, аьлла.

Оцу романан чолхечу кхолламах лаьцна дагах кхеташ а, ладогIархошна тIеIаткъам беш а дийцира автора. Бакьдерг яздан даима а ду хала, амма юхацавалар, шен Iалашоне кхача лаар дара роман язъеш цунна ницкъбелларг.

ЧIогIа тайра массарна а Кантас дина дIадолор: кхечу пачхьалкхашкахь санна университеташкахь литературин экзамен юкъаяккхар. Лаккхара Iилма долу стаг уггаре а дика 100 книга ешна хила везаш ламаст ду кхечу мехкашкахь.

К.Ибрагимовс дийцарехь, вай а харжа еза ишттачу книгийн цIерш. Цу декъехь кегийрхой жигара хила лаар а хьахийра республикин яздархойн союзан председатела.

Уггаре а мехалниг дара яздархочо Ибрагимов Кантас, ша куьг а яздеш, тхуна массарна а совгIатана книгаш ялар.

Цул тIаьхьа дош делира къоначу поэташна. Цара шайн керла байташ йийшира. Шен стихаш йийшира Даудов Гиланис, Шахабов Сайд-Селима, Банжаев Аьрзус, Куруева ПетIамата, Исраилова Луизас. Церан кхоллараллех шена хетарг элира Халикова Асета. Цо билгалдаьккхира хIора а кхиаман керлачу тIегIанна тIе ваьлла хилар. Кьаьсттина дагах кхеташ яра Даудов Гиланин, Шахабов Сайд-Селиман байташ.

Боккха пайдаийцира массара а кхуза кхачарх, керла адамаш, керла байташ евзира.

ДУЗАЕВ Ламаро, «Даймохк» клубан декъашхо

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: