Законаш цадовзаро жоьпаллех цхьа а хьалха ца вуьту

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос «Дийна къамел» проектан гурашкахь республикин кIошташкахь дIахьо прокуратурин белхахойн меттигерчу бахархошца цхьаьнакхетар. Коьртачу декъана цигахь дакъалоцу кегийрхоша.

Иштта рогIера цхьаьнакхетар хилира Невран кIоштан Гал-ГIалахь йолчу Юьртабахаман механизацин техникуман студенташца. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара кIоштан прокурор И.Сербиев, Гал-ГIалин юьртан администрацин куьйгалхо А.Аслаханов, Невран кIоштан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссин секретарь Л.Газабаева, оццу техникуман хьехархой,студенташ.

КIоштан прокурора студенташна дийцира кегийрхошна шайн бакъонаш йовза езаш хиларх а, нагахь санна законаш талхош зулам дахь, прокуратуро жоьпалле озориг хиларх а лаьцна.

– Кхиазхошка зуламаш ца дайта, уьш доьшуш, я шайн дена-нанна цIахь гIо-накъосталла деш, я кегийрхойн гIоьналлин тобанашкахь белхаш беш хила беза. ТIаккха церан кIезиг хан хир ю урамашкахь латта, ца оьшург Iамо. Иштта, оха, цкъа ледарло яьлла бераш, тхайн тергонехь латтадо. Законаш цадовзаро жоьпаллах ца воккху цхьа а, – элира И.Сербиевс.

– Ас дозалла до республикехь а, цул арахьа а оьшуш йолу корматалла аш караерзош хиларх. Тахана уггаре а хьашт йолчу говзаллех цхьаъ ю иза. Республикин кхане шуьга кховдо езаш ю, цундела аш, студенташа, дика деша деза, ца оьшуш болчу харц хаамашка ладегIар, вуочу тобанех деттадалар дита деза. Закон талхош цкъа ледарло яьлча, уголовни жоьпалле озорна, гуттаренна а и цIе тIехь юьсуш ю. Ткъа и цIе тIехь хилча, цуьнга болу тешам шеконехь хуьлу, – дийцира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон кегийрхойн патриотизм кхиоран отделан куьйгалхочо А.Цацаевс.

Шайн хIун бакъонаш ю а, законаш талхош зуламаш дича хIун таIзар до а хаа лууш, дуккха а хаттарш дира студенташа. И.Сербиевс а, Л.Газаевас а, А.Цацаевс а царна дуьззина жоьпаш делира.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

Авторан суьрта тIехь: студенташца цхьаьнакхетар

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: