Республикехь дика вевза иза

1396957875_dadev-lema

Дадаев Лоьма – и цIе  евза тIеман хала, ирча  шераш  дIадевллачу муьрехь  Нохчийн Республикин  дешаран хьаьрма  юхаметтахIоттош къахьегначун санна. Хьалха-МартантIерчу  Дадаев Мухьадин а, ХIазанан а доьзалехь  1946-чу шеран 1-чу августехь  Казахстанехь  дуьнен чу ваьлла  Лоьма. Циггахь вахара  иза 1-чу классе. Цо 7  класс  чекхъяккхаза  яра 1958-чу шеран 28-чу декабрехь церан доьзал цIа боьрзуш.  Хьалха-МартантIехь юккъера школе чекхйоккху.  Школехь  волейбол, гандбол   карайирзина, шайн команде   районехь а,  республикехь а  хьалхара  меттигаш йохуьйтуш схьавогIура иза. Ткъа гандболан декъехула республикин чемпион СССР-н муьлххачу  а гIала институте деша  дIаоьцура. Шайн дега хаийтира  цо  Москва, Ленинград, Краснодар гIаланашкахь  деша аьтто  хилар, амма дас Мухьадис «Вайн цIахь  ян а  юй  институт?»  – аьлла ша реза цахилар  гайтира. Дена-м дика  хаьара республикехь  цхьаъ хьовха, масех институт юйла, хIунда аьлча  Дадаев Мухьади   вевзаш  хьехархо а, директор а  со вара оцу  муьрехь.  Вайн къам  махкахдаккхале а,  цул тIаьхьа  Казахстанехь а берашна хьоьхуш вара иза. Октябрьски районехь  № 4 йолчу   училищехь  а, цул тIаьхьа  Серноводскехь а  дешна вара, ГIой-Йистехь  болх бина а вара.

Иштта, Соьлжа-ГIалахь  пачхьалкхан хьехархойн институтан спортан факультете деша вхара  Лоьма. 1967-чу шарахь  институт  кхиамца чекх а яьккхина  Хьалха-МартантIехь № 7  йолчу школе  физкультурин урокаш  хьеха  балха вахара. ХIетахь иза керла йина  яьлла школа  яра. Оцу  школехь  волейболан  команда вовшахтуьйхира цо. Кавказан а, СССР-н  гIаланашкахь   мел хуьлучу  кхиазхойн  къийсадаларшкахь, чемпионаташкахь  хьалхара меттигаш йохуш йоьрзуш яра  команда цIа.

1970-чу шеран  август  баттахь  Дадаев Лоьма  Мартан-Чу юьртарчу школин  директор  хIоттийра. ХIетахь  Хьалха-Мартан  районехь  дешаран отделан  заведующи хиллачо   аьлла хиллера: «Иза физкультурин  хьехархо  бен ма вац, цунах хир ма  вац  директор». Иза новкъа деанчу яхь йолчу кIанта  ах шо а далале школехь  мел  йолу  дешаран программаш  Iамийра  шена.

1971-чу шеран 17-чу  августехь ГIой-Йистерчу  школин директор  хIоттаво  Лоьма. ТIаьхьайисна  школа  яра иза,  420 дешархо волуш, царах  180 пионер вара, ткъа царна юкъахь а 5  бен вацара  галстук  йихкина. Низам дацара, бераш дешарна  тIера  дацара. Ши  шо тоьира къоначу директорна  шайн школа районехь а тоьллачу  школийн  могIаре хIотто.

Масала,  бераш урокашна  юкъах дита  дезча  (масане  хуьлура  бежан рагI  я кертахь асар дан дезар) Лоьма Мухадиновиче дехаре  догIура  да-нана.

Школехь  цкъа а дацара  куьзган бIаьрг  бохор я  партанаш бехъяр.

1975-чу шарахь  балхаца  дика ларош  директор ву аьлла машен а елира. Цул тIаьхьа  юха а Обкоме кхайкхира цуьнга. Б. Габисовс ТIехьа-Мартан районан дешаран  отделан  заведующин    болх тIелацар дийхира. Лоьмига 1990-гIа шо  кхаччалц  болх бира  цигахь. Цул тIаьхьа Хьалха-Мартан  райисполкоман  председателан  даржехь болх бира  цо.

1992-чу шеран  декабрь баттахь  дара  иза. Вайна дагайогIу оцу шерашкахь СССР пачхьалкх йоьхна  вайн  махкахь  цхьа а Iедал доцуш  хилла зама, хьехархошна луш алапаш дацара, нахехь  гIело яра.   Шайн  дега  ша    балхара  дIавала  воллу  олий, Лоьма «отставке» воьду.

1993-чу шарахь Нохчийн Республикехь вице-премьер хиллачу Мамадаев ЯрагIис къаьмнийн  гIуллакхашкахула меттигашкахь шаьш  урхалла даран  отделан  куьйгалхочун   болх кховдабо цуьнга. Цул тIаьхьа министерство  хуьлу оцу организацех. Къаьмнийн  политикин   дуьххьарлера   министр  хилларг  Дадаев Лоьма  ву.

1996-чу шарахь Москва дIавоьду  иза шен  доьзал оьций. Цигахь а  Россин Федерацин  къаьмнийн политикин  министран консультантан болх бо цо.

2000-чу шеран  июль баттахь  Кадыров  Ахьмад-Хьаьжас  цIа кхойкхий, Нохчийн Республикин дешаран министр  хIоттаво Л.Дадаев. Республикерчу школашкара  хьал дуьйцу  кехаташ хьалха  дохку  цунна, ткъа оцу  тептарша  дуьйцура: «Республикехь  68  школа  лаьттина  меттиг  йоцуш йохийна ю, 186 школа чхо тIе  кхаччалц йохийна ю, доцца  аьлча,  балхана мегаш  карийнарг Теркан районера 3 школа  яра. 29 училищех – цхьа а яцара, лаккхарчу дешаран  учрежденех – цхьа  а яцара, 8 техникумах – цхьа а яцара. Хууш ма-хиллара, пачхьалкх хьехархошна  декхар  яхана  яра, хIетахь  вайн  республикерчу  хьехархошна  дIадала  дезарг 480 млн. сом  ахча дара».

– И ахча  а карор ду  вайна. Ткъа хIинца вайн коьрта  Iалашо, цхьа де, сахьт эрна ца дохуьйтуш  берашна деша хьелаш кхоллар  ду, – элира  Ахьмад-Хьаьжас. «Оха хIора  баттахь хIинца  дуьйна шуна  алапаш лур  ду аьлча  хьехархой ца тешара.  Нохчийн Республикин, Нохч-ГIалгIайн АССР-н  хьакъболу  хийла  хьехархой    базаршкахь  мах беш  лаьтташ гора», – дагалоьцу Лоьмас.

Оцу юкъана Iаламат  боккха болх бира  Ахьмад-Хьаьжас нохчийн  ярташкахь  школийн дахар юхадендадаран новкъахь.  Дадаев Лоьма дешаран  министран даржехь  волу  3 шо  кхочуш  280 школехь «буржуйка» олу  пешаш йисинера. 2000-чу шеран 5-чу октябрехь Соьлжа-ГIалахь, хьалха хиллачу №41 йолчу   школехь, хIинца № 1  йолчу А-Хь. Кадыровн  цIарахчу  гимназера зал  йохоза йисинера.  Цигахь.  хIора  районера хьехархой схьакхайкхина,  конференци йира. Ала лаьа,  яккхий тоьпаш еттачуьра  севцчачу   Соьлжа-ГIала болх бан  дуьххьара чуеанарг Дешаран министерство яра. Урамашкахь БТР-ш бен кхин  техника  яцара.

Амма массо дикачу гIуллакхана дог-ойла ир-кара хIоттош  верг  Кадыров Ахьмад-Хьаьжа  вара. Юха Москвара цхьа хабар юкъаделира   Нохчийн Республикина цхьа ВУЗ тоьар ю аьлла. «Тоьар яц, шаьш хьалха  ма-хиллара мехкадаьттан, хьехархойн институташ а, университет а меттахIоттон еза», – аьлла шеконашний,  хабаршний  цхьа а некъ а ца битира  А-Хь.Кадыровс.

Юха, вайна ма-хаъара  9-чу майхь гIазотехь  кхелхира  Нохчийн Республикин  Хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров  Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Цул тIаьхьа цуьнан кIанта, хIинцалерчу вайн республикин  Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешаран учрежденеш, школаш, техникумаш, колледжаш,  берийн бошмаш дIа муха  хIиттийна гуш ду  вайна. Дерриге а дуьнено нохчийн мохк юхаденбина дIахIотто  50 шо  хан оьшур ю аьлча, вайн мехкан Куьйгалхочо  15  шарахь тойинакъагийна дIахIиттийра  вайн  ярташ, гIаланаш. Ткъа Дадаев Лоьма Россин  Федерацин Дешаран министерствон коллегин  декъашхо хаьржира.

Хьехархочун доьзалехь хьалакхиъначу цунна дуккха а масалш дара  шайн  дех-ненах схьаэца. ХIинца доцуш ду да-нана – Мухьади а, ХIазан а. ДадаевгIеран доьзалехь 7 кIант, 3  йоI яра.

Нана Дадаева ХIазан «Нана-Турпалхо» яра. Советан Iедало школаш ехкича дуьйна  хьехархо  вара  Мухьади. Казахстанехь веллачу  вешин  доьзал а Мухьадис дола деш  бара. Шайн 10 бераца уьш 6 бер  хьалакхиийра цушимма. Оцу  ялхийттанга  а  лаккхара  дешаран  заведенешкахь дешийтира,  уьш  гIиллакх-оьздангаллехь   кхиийра. Боккхачу безамца  дагалоьцу Лоьмас шайн  ненан гIиллакх, цо шаьш  хьекъалца  кхетош-кхиор.

Шайгара цхьа ледарло яьлча, «Шун дена иза хаахь ма могуьйтур дац  цо шуна. Ма кхоьру со», – олуш  хилла нанас. Ткъа дена-м иза хууш  хиллера.

Доьзале шайн да  ларийта, ден  дош  доьзалехь  чекхдалийта  хьекъал кхочуш яра нана.

Юьйш-лелош беш, хас дара, даьхни а дара ДадаевгIеран. Доьзал  бертахь, йиша-ваша  вовшийн дукхадезаш  дара.

1999-чу шарахь бакъдуьнена  йирзина  ХIазан, ткъа Мухьади –  2009-чу шарахь. Лоьмин  йиша-вешех Шумист а, Лом-Iела а доцуш ду хIинца (Дала декъалбойла  уьш).

Карарчу хенахь Октябрьски районехь  дас Мухьадис дешна училище а цуьнан цIарах ю, ГIой-Йистехь  цо болх бина  школа  а  Мухьадин цIарах ю. 2006-чу шарахь  Дадаев Мухьадина «Нохчийн Республикин сийлахь вахархо»  цIарца совгIат дира. Иза нохчийн меттан а, литературин а хьехархо вара, шен  къам дезаш, бакъволу патриот. Шен  дегара   ду Лоьмин  нохчийн мотт, нохчийн газет дукхадезар а. «КIант, стаг дуьнен чу  ваьллехь, иза дуьне дуьтуш  дIаваха  веана   вуйла  хаалахь. Тахана хьо даржехь  хиларх  кхана и дарж охьадилла  дезар дуйла  хаалахь» – олуш хьехам беш хилла цо шен  кIантана.

Ткъа йоккхачу политике некъ маца    болийра ахь?  аьлла шега  хаьттича цо дийцира: «1976-чу шарахь а ТIехьа-Мартан районан советан   депутат вара  со. Суна  даима а хазахетара депутатан болх. Адамашца болх беш, церан  хьашташ кхочушдеш. Сайга церан  дехар  кхочушдаделча  воккхаве со. Нахана  дика  дагадогIу, со Дешаран  министр  волчу хенахь  сан  кабинетан неIарехь даима а  адам лаьттара. Царех цхьа  стаг  дIа а ца  вахийтина  тIе  ца лоцуш, ла ца дугIуш,  гIуллакхе ца хьожуш».

2009-чу шарахь  Нохчийн  Республикин Куьйгалхочо Кадыров  Рамзана  шен  гIоьнча хила олий, балха  кхойкху Лоьма.

2013-чу шеран сентябрь бутт  кхаччалц  цигахь  болх бой, Нохчийн Республикин Парламентан  харжамашна юкъа воьду, «Единая Россия» партис кандидат вой.  Депутат хоржу иза. ХIинца цхьа  шо хан ю оцу даржехь волу. Социальни политикин комитетан председатель ву Лоьма. ХIора кIирнах цкъа я шозза яртийн бахархошца цхьаьнакхета воьду.

«Вайн Республикин Куьйгалхочо дерриге а хьелаш кхоьллина тахана вайн кегийрхошка доьшуьйтуш , ийманехь кхетош-кхиош вайга  къахьегийта.  Вайн декхар ду Кадыров Рамзанах масал а оьцуш, хIора дийнахь  хьанал къахьегар» – бохура Лоьмас. Ткъа цо  хан эрна яьккхина цахиларна тоьшалла ду цуьнан совгIаташ.

1974-чу шарахь дара Дадаев Лоьмина «Отличник просвещения СССР» седа белча, цул тIаьхьа,  1975-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу хьехархо» цIе а, «За трудовое отличие» мидал а елира.  2001-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» а, 2002-чу шарахь «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» а цIераш елира цунна. Иштта Iилманан декъехула а къахьоьгу цо. 2007-чу шарахь экономикин Iилманийн кандидат хуьлу иза, ткъа 2009-чу шарахь  Iилманийн доктор а. 2002-чу шарахь В.В.Путина «Орден дружбы народов» мидал ло цунна.

Ткъа 2005-чу шарахь «Нохчийн Республикин сийлахь вахархо» цIе ло.  2007-чу шарахь «Нохчийн Республикин дуьхьа  хьуьнарш гайтарна» мидал елла цунна. Шен мел долчу совгIател цунна хьоме ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах  орден. Иза 2006-чу шарахь елла цунна.

Доьзалан дика да а, деда а ву Дадаев Лоьма. Кхаа кIентех шиъ Юнуссий, Адамний Москвахь Iаш ву, ткъа жимах волу Сулейман Хьалха-Мартан районан суьдан председатель ву.

Берийн бер 12 ду. Шен мукъа хан цаьрца йоккхуш самукъадолу деден. Iер-вахар Хьалха-МартантIехь ду Лоьмин. 2011-чу шарахь ХьаьжцIахь  хилла.

Да-нана  резадинчу  кIентех  ву ала  мегар долуш,  шайн цIийнан  баккхий нах лийрина, шайн  юьртахь  лоруш-везаш, оьшуш  стаг  ву иза.

Доьзалехь, балха тIехь, политикехь  кхиамаш  баьхна, тахана  вайн кегийрхошна масал  эца хьакъ долчарех цхьаъ ву иза.

З.ЭЛЬДАРОВА

 

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: