Нохчийчохь туризм кхиорна мел оьшуш долу хьелаш кхуллур ду республикин Правительствос. Оцу хьелаша аьтто бийр бу республикин экономикехь туризман декъе мехала меттиг дIалацийта а, бюджете кхочуш долчу ахчанан барам алсамбаккха а. Иштта хаам бина республикин Правительствон вице-премьера – промышленностан а, энергетикин а министра Байтазиев Муслима шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца шен хиллачу къамелехь.
Цо билгалдаккхарехь, республикехь туризм кхиоран декъехь гIо-накъосталла дан реза хилла Санкт-Петербурган Правительствон Туризм кхиорехула йолу комитет.
«Санкт-Петербургерчу накъосташца оцу декъехь кхочушъян лерина йолчу проектех цхьаерш карара шо чекхдалале дIайолор ю. Цул сов, тхан барт хилла Санкт-Петербурган кхийолчу пачхьалкхерчу Меттигерчу хаамийн туьшашкахь (ТИЦ) Нохчийчоьнах лаьцна а дуьйцург хиларан хьокъехь. Цуьнца нийса а догIуш, оцу туьшашкахь дуьйцур ду Нохчийн Республикин Iаламах, Iер-дахарх, республикехь денна а кхуьучу туризмах лаьцна. Коьртаниг хIун ду – хIора а туьшахь меттигерчу халкъан маттахь дуьйцур ду республикех лаьцна», – билгалдаьккхира Байтазиев Муслима.
Цул сов, Санкт-Петербургехь йолчу туризман хаамийн 12 туьшахь а дуьйцур ду республикех лаьцна – леррина кечдинчу «хаамийн тептарийн» гIоьнца. «Тептар», вице-премьера дийцарехь, кечдеш ду республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитетан гIоьнца.
«Мобильни Visit Petersburg-х терра программа Нохчийчоьнна а арахеца дагахь ду тхо. Цуьнан гIоьнца республикехь йолчу музейх а, пачхьенан уггаре а мехалчу а, хазачу а меттигех а лаьцна еша а, суьрташ тIехь ган а йиш хир ю. Иштта, ша бан леринчу некъан карта хIотто а, кхидIа цуьнан гIоьнца республика йовза а аьтто хир бу хьешийн. Приложени чохь геолокаци ян ойла а ю. Геолокаци хиларо муьлхха а объект йовза аьтто бийр бу», – элира цо.
ТIедогIучу шарахь республикехь туризман керла «агIонаш» схьайоьллург хиларх лаьцна а дийцира Байтазиев Муслима.
«Карарчу хенахь, республикин лаьмнашкарчу кIошташкахь туризман керла «агIонаш» кхолларан декъехь оха дIахьош боккха болх бу. Кхуьуш йогIу парапланеризм, рафтинг, маунтинбайкинг (лаьмнашкахула вилспеташ хехкар), и.дI.кх.а. Туризман «Ведучи» курорт йина яларо а кхуллур ю туризман керла «агIонаш». Лайнмашенаш (снегоходаш) хехкар дезаш болу пермхой а баьхкинера республике дукха хан йоццуш. Цара шаьш тIедогIучу шарахь юхадогIург хилар хаийтина», – дийцира цо.
Гуьмсан кIоштарчу Мелчхехь реабилитацин туш ян лерина хилар а тидамза ца дитира вице-премьера. Цуьнан хьокъехь Байтазиев Муслима дийцира туш яран болх 2019-чу шарахь дIаболо лерина хилар, хIунда аьлча 2018-чу шарахь оцу туьшан проектана кехаташ кечдан а, бюджетехь цунна лерина ахча билгалдаккха а лерина хиларна.
«Ведучи» курортан хьокъехь аьлча, вице-премьер тешна ву карарчу шеран гIуран (декабрь) баттахь кечамаш а бина, тIедогIучу шеран кхолламан (январь) я чиллин (февраль) баттахь цуьнан болх тестан рожехь дIаболо йиш хирг хиларх.
Чинерчу туристашна лерина маршруташ хIитторехь а бу беш болх.
«Нохчийн Республикин дозанашкахь а хилла Дарин Сийлахьчу некъан дакъа. Чинахошна чIогIа мехала ду оцу тайпа хIуманаш. Цундела, цунах пайда а оьцуш, тхо лерина ду Чинерчу туристашна лерина туризман маршруташ хIитто. Оцу декъехь болх беш Правительствон Туризмехула йолу комитет ю», – билгалдаьккхира Байтазив Муслима.
Вице-премьер, иштта, тешна ву транспортан а, логистикин а дакъа кхиъна а, кхуьуш а доцучу меттигехь туризм кхиаре сатийсар эрна хиларх. Цундела, цо дийцарехь, республикин пачхьенерчу аэропортан маршруташ шоръян еза.
«Лахьанан (ноябрь) баттахь Соьлжа-ГIала – Москва – Соьлжа-ГIала» маршрутана кхин а 1 рейс тIекхетар ю – дийнахь 4 кема а доьдуш. Оццу баттахь «Санкт-Петербург – Соьлжа-ГIала» маршрут схьаелла а дагахь ду тхо. 2018-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу аэропортера Дона-тIерачу-Ростове а, Казане а маршруташ схьаелла а лерина», – дерзийра шен къамел вице-премьера.
И.ИСЛАМОВ
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо