Аренашкахь аьхкенан мелачу махо дуьзна кенаш эсала техкош гича даима а токхе дина нохчичун дог. ХIокху шарахь а иштта дог токхе дора аренашкахь хьийкъина кхиъна ялта гаро. Цо, хьакъ а долуш, воккхаверан ойла а кхуллура.
ХIинца, ялта чудерзийна девлча, бинчу белхан юьхьанцара жамIаш девзича, кхин а чIагIло воккхаверан ойла. Муха чIагIлур яцара иза вайн аренашлелорхоша кху шарахь, 420 эзар тонна ялта кхиийна а, чудерзийна а хилча.
ТIаьхьарчу 20 шарахь оцу гайтаме кхаьчна ма бацара вайн латталелорхой. Иза чIагIдо Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствон ораматаш лелоран департаментан директора Шамурзаев Мохьмада.
ТАСС-н журналистана еллачу интервьюхь М.Шамурзаевс боху: «Юьртан бахаман шо хIинца а чекхдаьлла дац. Амма оха хIинцале а чудерзийна 420 эзар тонна буьртигехь ялта. ТIаьхьарчу 20 шарахь оццул дукха ялта кхиийна дац оха».
Цо дийцарехь, оцу кхиамашка кхача гIо дина ялта дуьйш-лелош йолу майда 36 эзар гектарана алсамъяккхаро а, ялташ хьийкъина кхиоро а, гектарана долчу хьесапехь гулдина ялта алсам хиларо а. Иштта, ялташ хьийкъина кхиорехь дикачу агIор хааделира юьртан бахамехь къахьоьгуш болу предпринимательш а, юьртан бахамна юкъа ахча дуьллуш болу инвесторш а алсамбевлла хилар.
«Ахархойн-фермерийн бахамаша тIаьхьарчу пхеа шарахь шозза алсамъяьхна шаьш ялта дуьйш-лелош йолу майданаш. Юьйш-лелош хиллачу ерриге а майданех 2011-чу шарахь царна кхочуш хилларг 32 процент хиллехь, хIокху шарахь 65 процент майданаш яра. ХIокху шарахь хIора гектара тIера чуэцна 27 центнер ялта. Ахархойн-фермерийн бахамаша юьртан бахаман сурсаташ кхиоран гайтам кхузза гергга лакхабаьлла. 2011-чу шарахь уьш 40 эзар тонна кхиийнехь, карарчу шарахь 115 эзар тонна кхиийна», – элира департаментан директора.
Цо тидам тIебахийтира регионан агропромышленни комплексана предпринимательш а, инвесторш а юкъаозорна «Нохчийн Республикехь 2014–2020-чуй шерашкахь юьртан бахам кхиор а, юьртан бахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынкаш дIанисъяр а» программо гIо дина хиларна.
«ХIинцале юьртан бахамна юкъадиллина бюджетан доцчу хьостанашкара 8 миллиард сом сов ахча. Иштта билгалдеш ду йина харжаш меттахIитторна инвестицийн кредиташца а, субсидешца а гIолацар», – чIагIдира М.Шамурзаевс.
Делахь-хIета, вай тешна ду Нохчийчоьнан юьртан бахам кхиоран гайтамаш кхин а лакхабевриг хиларх.
Д.АНАДЕВ
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо