Туркой-месхетхой а бу Нохчийн Республикин халкъах…

Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь 38-40 халкъан векалш беха. Церан дегIан чкъораца а, буьйцучу маттаца а, лелочу ламасташца а, культурица а, ур-атталла, динца а башхаллаш ю. Делахь а, цара массара а, цхьабосса къобалдо шайна юкъахь оццул башхаллаш йоллушехь, шайн таханлера цIа Нохчийчоь хилар а, шаьш Нохчийн Республикин халкъан дакъа хилар а.

Лакхахь хьахийначу халкъийн векалшна юкъахь туркой-месхетхой а бу. Уьш Нохчийчу кхаьчна дукха хан яцахь а, республикин халкъана юкъахь шайна меттиг а карийна, шайн Iер-дахаран хатI дIа а хIоттийна, вайца цхьаьна баха охьахевшина.

Нохчийн а, туркойн а халкъаш «схьа а эцна», исторе бIаьрг тоьхча, вайна гучудолу шина халкъан доттагIаллин, вежараллин зIенаш масех бIе шеран кIоргене дIайоьлхуш хилар.

Нохчий а, туркой-месхетхой а «схьаэцча», шина а халкъо Сталинан Iедалан къизаллаш лайна. Цундела, шайн цIахь Iен-баха а ца битина, дуьне ма-дду дIасабаьржинчу туркой-мехсетхошна Нохчийчохь Iен-баха меттиг карийна ца Iаш, шаьш санна хIокху дахаро хьийзийна, къизаллаш а, баланаш а лайна, амма шайн къоман юьхь а ца йойъуш лаьтташ болу нохчий, вежарий а карийра.

1944-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь, Сталинан омарца, шайн Даймахках баьхна туркой-месхетхой 120 эзар сов стаг. Ткъа 1989-чу шарахь Узбекистанан ССР-рчу Ферганан тогIехь тайп-тайпанчу къаьмнашна юкъахь къовсам болабелча, туркой-местетхойн юха а шайна керла цIа лаха дийзира. Иштта нисделла церан дуьне ма-дду дIасабаржар. Иштта кхаьчна уьш Нохчийчу а.

Карарчу хенахь республикехь вехаш 1 эзар сов турко-месхетхо ву. Коьртачу декъана, уьш Невран кIоштарчу Алпатовохь а, Ищерскехь а, Новр-ГIалахь а, Керла Солкушинохь а Iаш бу. Уьш бусалба дин лелош а, Хьанифин мазхIабехь а бу. Церан схьабовлларан меттиг карарчу Хенахь Гуьржийчоьнна юкъайогIуш а, Месхети цIарца евзаш а ю.

Нохчийн Республикин халкъан дакъа ша делахь а, Дала шайн халкъана белла болу мотт а, бIеннаш шерийн бух болуш йолу шайн халкъан истори а ца йицйо цара. Оцу декъехь царна гIо-накъосталла деш ю Новр-ГIалахь йолу Туркойн культурин туш.

Билгалдаккха догIу туркой-месхетхойн Россин Федерацин цхьана а субъектехь, Нохчийчохь бен, официальни бух а болуш, культурин туш цахилар.

И.АДАМОВ

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: