Кадастран палатин декхарш алсамдевлла

Республикин лараме бахархой! Росреестран пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран тӀегӀа лакхадаккхаран Ӏалашонца Нохчийн Республикин Кадастрин палатин говзанчаша дӀаболийна нотариальни тоьшалла оьшуш доцу йохк-эцаран гӀуллакхашна кехаташ кечдар, нагахь санна уьш физически яххьашна а, физически а, юридически яххьашна а, юридически яххьашна а юкъахь делахь: дIаса ца бахьало бахам бохк-эцаран; дIаса ца бахьало бахам баларна; бахам аренде баларна; и.дӀ.кх.а.

И хьашташ кхочушдарна оьшу:

– Кадастрин палате вар;

– Кадастрин палатин говзанчина бахам бохк-эцарна оьшу кехаташ гайтар;

– Хьашт кхочушдарна мах дӀабалар;

– Кадастрин палатин говзанчас къастийначу хенахь юха а Кадастрин палате а веана, йохк-эцарна кечбина болу барт схаэцар.

ХӀиттийначу тарифашца нийса а догӀуш, бахамца доьзначу гӀуллакхашна барт баран мехаш иштта ду:

– физически яххьашна юкъарчу бартан – 500 сом;

– физически а, юридически а яххьашна юкъарчу бартан – 600 сом;

– юридически а, физически а, иштта, масех юридичеки а юьхьана юкъарчу бартан – 700 сом;

– барт ца беш консультаци яр – 400 сом.

Цунах лаьцна дерг ма-дарра хаа йиш ю Нохчийн Республикин Кадастрин палатин (ФКП Росреестр) +7(8712)29-43-52 номерца а, filial@20kadastr.ru электронни адреса тӀе кехат яздарца а.

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: