Кхиазхошна шайн дайн-нанойн терго оьшу

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, «Единая Россия» партин Нохчийн Республикехь йолчу региональни отделенин векалша а, Невран кIоштан кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу отдело а оццу отделан тергонехь лаьттачу аьрхачу берашца а, церан дай-наношца кхетош-кхиоран белхаш дIабаьхьира.

Кхетош-кхиоран болх бан безаш долчу берийн цIа а боьлхуш, уьш муьлхачу хьелашкахь бу а хьовсуш, дIабаьхьначу балхо гойтура цара шайна тIехь къаьсттина терго латтаяйтарна хIун бахьана ду.

– Халахеташ делахь а, берриге а дай-наноша ца йо шен доьзална ян ма-еззара терго. Цхьаберш дуьненан рицкъанна тIаьхьабевлла леларна ларош бац, кхиберш шайн бала боцуш санна Iа. Уггаре а терго ян а езаш, экаме а ю кхиазхойн хан. Цундела шуна, дай-наношна тIехь доккха жоьпалла ду шайн берийн терго ярехь, – элира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон кегийрхойн патриотизм
кхиоран отделан куьйгалхочо Цацаев Аптис. – Хан яьллачу хенахь, шун бераш арахь хуьлу, уьш хьаьнца ду а, цара хIун леладо а ца хаьа шуна. Иштта Iема царна тонка оза, маха тоха. ТIехь Iуналла ледара долу бераш ду интернета чохь дуьйцург бакъ хеташ, харц новкъа довлуш дерш. Шайна жимма терго йичахьана уьш кийча хуьлу хьаннах теша. Цо гойту вайна, ден-ненан марзо, терго царна тоьаш цахилар.

Кхетош-кхиоран декъехь дай-наношна хьалха долчу декхарех лаьцна дуккха а дийцира А.Цацаевс а, «Единая Россия» партин векалша а.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: