Дукха хан йоццуш, С.В.Михалковн цIарахчу Берийн республикин библиотекин белхахоша «Дуьнен чохь мел дехачу берашна еза маршо» цIе йолу акци дIаяьхьира. Экстремизмана, терроризмана профилактика ярехь дIахьочу белхан гурашкахь вовшахтоьхнера и гIуллакх.
Оцу гIуллакхан коьрта Iалашо яра, тIекхуьучу чкъурана экстремизмах, терроризмах зулам долуш хилар дIахаийтар а, уьш вуочу ойланех а, харц новкъа бовларх а ларбар.
Соьлжа-ГIалин Угрюмовн а, Лорсановн а цIарахчу урамашкахула буьйлабелира акцин дакъалацархой. Библиотекин белхахоша а, ешархоша а нахана буклеташ а, ахкаргаш а дийкъира. Эктремизмо а, терроризмо а бечу вуочу тIеIаткъамах лаьцна йозанаш дара царна тIехь.
Урамашкахула дIасалелачара хазахетарца схьаоьцура буклеташ а, ахкаргаш а. Царах дукхахболчара акцин хьокъехь хаттарш а дора флешмоб вовшахтоьхначаьрга.
– Вайна ма-хаъара, кхузаманахь телефонашца, компьютершца, интернетаца гергарло ду берийн а, кегийрхойн а. Бераш телефонех самукъадолуш ду. Эца хуучара интернетах шайна диканиг Iамош пайдаоьцу, бакъду, цу чухула дуьйцучу харц хIуманех Iехалуш берш а нисло. Уьш ца хилийта йолчу Iалашонца вовшахтоьхнера оха флешмоб, – бохура библиотекин директоран заместитела Хажаева Дешис.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: акцин дакъалацархой
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо