«Некъан боламан бакъенийн керла билгало я делакъажарца некъ!»

2017-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь дуьйна 23-гIа де кхаччалц Республикин эколого-биологическин туьшахь дIаяьхьира «Некъан боламан бакъенийн керла билгало я делакъажарца некъ!» берийн белхийн конкурс.

Цуьнан Iалашо яра тайп-тайпана хенаш йолу бераш кхин тIе долчу дешарехь некъан боламехь бохам хиларх ларлуш лела Iаморан болх жигарбаккхар а, некъашкахь бераш лаза ца дайтарна профилактика яр а.

Туьшахь эсаран (октябрь) беттан 19-чу дийнера 23-гIа де кхаччалц оцу суьртийн гайтам хилира.

Конкурсехь дакъалоцуш дара пхеа шарера берхIитта шо кхаччалц хенаш йолу бераш. Цара конкурсе чубелларг 30 болх бара. Тайп-тайпана теманаш йолуш а, иштта тайп-тайпанчу гIирсех бина а бара уьш (оригица, тестопластикица, аппликаци, и.дI.кх.).

Конкурсан жамIаш динчул тIаьхьа билгалбевлира толамхой. «Суртдиллар» номинацехь толам баьккхира: «Эко-фантазер» цхьаьнакхетараллин дешархо Автаева Седас (11 шо. «Тидамбе, зуьнаш»), куьйгалхо – Ф.Дидиева. «Экологи шен куьйгашца» цхьаьнакхетараллин дешархо Янгульбаева Камила (12 шо. «Некъан боламан бакъенийн керла билгало я делакъажарца некъ!»), куьйгалхо – М.Янгульбаев. «Говза куьйгаш» цхьаьнакхетараллин дешархо Исаева Мизана (9 шо. «Некъа тIехь ма ловза»), куьйгалхо – Т.Басханова.

«Пхьола» номинацин толамхой хилира: «Довза хьайна» цхьаьнакхетараллин дешархо Тахтарова Хадижа (11 шо. «Самукъане некъжIарбалар»), куьйгалхо – М.Башаева. «Iаламийн пхьалца» цхьаьнакхетараллин дешархо Нухигов ИсмаьIил (14 шо. «Самукъане гIала»), куьйгалхо – Р.Зубайраева. «Самукъане пхьалгIа» цхьаьнакхетараллин дешархо Хамзатов Сулейман (9 шо. «Парка йистера некъ»), куьйгалхо Э.Хамзатова.

Толамхошна лакхахь билгалъяьккхинчу туьшан Сийлаллин грамоташ елира.

Л.РАГИМОВА

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: