Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Марий Эл Республикин художникийн (ден а, кIентан а) БакулевскийгIеран Александран а, Андрейн а «ТIеман къематашка ладегIар» тIеман темина лерина дехкинчу суьртийн гайтам хилира.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина а, Соьлжа-ГIалин 199 шо кхачарна а лерина бара иза.
Гайтаман хьовсархойн кхиэле дехкинчу суьртийн хьалхарчу могIаршкахь дIахIиттийнарш Шемалан заманахьлерчу хиламех лаьцна долу суьрташ дара, цул тIаьхьа Даймехкан Сийлахь-боккхачу а, 1994–1999-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу а тIамех лаьцна дерш дара.
Авторийн суьрташка хьаьжча хаалуш дара вайн къоман истори царна дика евзаш хилар. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан а суьрташ дара Букалевский Андрейн белхашна юкъахь.
Гайт ам схьабиллинчул тIаьхьа йистхилира А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита.
– Къилбаседа Кавказехь дуьххьара дIахьош бу БукалевскийгIеран гайтам. Вайна доккха совгIат ду хьалхара гIулч Нохчийчохь яьккхина хилар а, Букалевский жимахволчо гайтамехь дакъалоцуш хилар а. ХIара санна болчу гайтамаша къаьмнашна юкъахь доттагIаллин зIенаш тосу, – элира цо.
Литературин жанрашна лерина (А.Пушкинан «Барышня-крестьянка» повест тIера а, М.Булгаковн «Мастер и Маргарита» романа тIера а) суьрташ а дара гайтамехь.
1967-чу шарахь дуьйна СССР-н художникийн союзан декъашхо ву Букалевский Александр. 1980-чу шарахь «Марий Эл республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо», 1986-чу шарахь «РСФСР-н хьакъволу художник», 2006-чу шарахь «Россин халкъан художник» цIерш елла цунна.
А.Пушкинан дукхах йолчу повесташна иллюстрацеш йохкуш а ву иза. «Пушкинан дашо мидалца» билгалбаьхна цуьнан белхаш. Иштта кхин дуккха а совгIаташ а ду художникан.
Букалевский Андрей 1994-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Художникийн союзан декъашхо ву.
Художникийн хIора а суьртех леррина бIаьрг туьйхира хьовсархоша. Церан таро хилира белхийн цхьа автор Андрей вовза а, цуьнца цхьаьна суьрташ даха а.
ВЕГИЕВА Макка
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо