Кадыров Рамзана дакъалецира МВД-н кхеташонехь

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь карарчу шеран 9 баттахь ведомствос бинчу оперативни-гIуллакхан белхан жамIаш дира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийчоьнан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, кхиболчу официальни наха.

Кхеташо дIайолош, Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра бакъонашларъяран органийн белхахойн белхан, билгалдаьккхира зуламаш гучудахарехь дика гайтамаш хилар.

Зуламаш гучудахаран юкъара барам 19 процентана алсамбаьлла. Исс баттахь схьалаьцна законехь йоцучу тобанан (НВФ) 40 сов дакъалацархо а, 25 гIоьнча а. Экономикин зуламашца, коррупцица, наркотикаш лелорца къийсам дIабахьарехула а гайтамаш а дикачу агIор хийцабелла.

Оццу хенахь хаъал лахбелла некъан-транспортан бохамаш а, некъашкахь лазош, кхелхаш долчу адамийн барам а. 10 процентана лахделла юкъараллин меттигашкахь деш долу зуламаш. Иза махкахь тоьлла гайтам хилар билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Цуьнца цхьаьна республикин Куьйгалхочо Нохчийн Республикин йолчу МВД-н куьйгаллин а, белхахойн а тидам тIебахийтира даккхийчу зуламашкахула болу гайтам лакхабаларна. Наркотикашца доьзначу зуламашна а, наркотикаш, корта бахош долу молханаш лелорна а профилактика яр чIагIдар а дийхира Р.Кадыровс бакъонашларъярхошка.

«ХIинца а сагатдойтуш ду наркотикаш, корта бахош долу молханаш лелорца доьзна долу хьал. Со тешна ву шайна хьалха хIиттийначу декхаршца шу лалориг хиларх», – элира Р.Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, къаьсттина тидам тIебахийта беза тайп-тайпана зуламаш ца хилийтарна тIехьажийна бахархошца кхетош-кхиоран болх дIабахьарна.

«Бакъонашталхорна профилактика яр чIагIдархьама бахархошца йолу зIенаш чIагIъян еза. Вайн Iалашо стаг чу воллар яц, цуьнга закон ца талхадайтар ю. Оцу Iалашонца Нохчийн Республикин МВД-н куьйгалла а, белхахой а ларориг хиларх, тешна ву со», – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин МВД-н министра Алханов Руслана юкъараллин кхерамазаллин гIуллакхаш кхочушдарна тIехь тидам латторна а, гIо-накъосталла дарна а баркалла элира республикин Куьйгалхочунна. Цо билгалдаьккхира, Нохчийчохь машар ларбархьама шаьш шайн ницкъ мел кхочург дийриг хилар.

А.ВАХАЕВА

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: