Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Сомали пачхьалкхан коьртачу шахьаран Могадишон цхьана хьешацIенна тIелетира террористийн гIера. Царна шайн ницкъ ма-кхоччу дуьхьало йира хьешацIа лардеш болчу полицин белхахоша. Цигахь кхелхира 18 маьрша стаг а, полицин 11 белхахо а. Чевнаш хилира 30 сов стагана. Террористех 3 хIаллаквина, кхин 3 схьалаьцна. Ша-шен эккхийтина цхьана зуламхочо.
***
ОвгIанерчу Кундуз провинцехь террористийн «Талибан» гIеранан зуламхой тIелетира полицин цхьана отделана. Царна дуьхьал майра летира полицин белхахой. Шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхира бакъонаш ларъяран органийн 13 белхахо. Цара ондда дуьхьало йира террористашна. Царна юкъахь а бу кхелхинарш а, чевнаш хилларш а. Iедало тIелаьцна шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу полицин белхахойн гергарчарна гIо-накъосталла дан.
***
Шемин Iедалан эскаршна дуьхьал тIемаш беш йолчу террористийн «Джебхат-ан-Нусра» гIеранийн Идлиб провинцехь химин герзаш чохь долу складаш хилар чIагIдо оцу мехкан оборонин министерствон векалш. Цу хьокъехь цара деш долу дIахьедарш тергал а ца до малхбузерчу пачхьалкхийн коалицин куьйгалхоша.
***
2005-чу шарахь дуьйна Иракъерчу Курдистанна коьртехь лаьттинчу Барзани МасIуда дIахьедина кху шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахь ша шена тIера регионан Президентан декхарш охьадохкуш хилар. И мехала политикин гIуллакх чомахь, гIар-гIовгIа йоцуш дIа ца дерзийта санна, стомара цуьнан агIо лоцуш берш Курдистанан парламентан гIишло дIалаца гIоьртира. Делахь а, полицин ницкъ кхечира уьш юхатоха.
***
Европин цхьамогIа мехкашкахь, цу юкъахь Германехь а, Чехехь а, Польшехь а, чIогIа мехаш а хьоькхуш, догIанаш даьхкина. Мехаша цIенойн тхевнаш дохийна, машенаш херцийна, дитташ охьадиттина, электросери хедийна. Лаххара а 100 эзар стаг электросерло йоцуш висина. Iаламан бохамехь 5 стаг кхелхина.
***
КIирандийнахь хенал хьалха парламентан харжамаш дIабаьхьира Исландехь. Тергамхоша чIагIдарехь, харжамхоша жигара дакъалоцуш а, талхораш доцуш а дIабахара уьш. Харжамийн коьртачу комиссехь бечу хаамашца уггаре а дукха кхаьжнаш тесна мехкан премьер-министр коьртехь волчу партигахьа – 25,2 процент.
***
Боккха некъан-транспортан бохам хилла Непала пачхьалкхан лаьмнашца долчу некъашкахь. Пассажирех йоьттина йолу автобус Iинах яхар бахьана долуш, цу тIехь хиллачарах 30 стаг кхелхина. Бакъонаш ларъяран органаша дIахьош ду талламаш баран гIуллакхаш.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Хонкаран Президентаца Р.Эрдоганца. Хонкаран куьйгалхо цо декъалвира къоман дезачу денца – Республикин денца. Цул тIаьхьа шина Президента дийцира Россин а, Хонкаран а юкъаметтигаш кхидIа а тояран, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран, Шемахь долчу хьолан хьокъехь долчу гIуллакхех лаьцна.
***
Приморски крайхь дIадаьхьира «Индра – 2017» Россин а, Индин а эскарийн тIеман Iамораш. Лаьттахь а, стигалахь а, хIорда чохь а цхьаьна дIадаьхьначу Iамораша гайтира вайн бIаьхойх масал эца Индин бIаьхойн дуккха а хIума хилар а, Россин тIеман техника дуьненахь тоьлла хилар а, Iамораш цхьаьна дIадахьар шина а пачхьалкхана пайдехь хилар а. Iамораш дерзийра Владивостокехь тIеман парад дIаяхьарца.
***
Алтайн крайрчу Рубцовскехь нах чохь Iаш болчу цIа чохь газ иккхина. Ши хIусам йохийна, саьлнашка ерзийна, тхов тIекхетта. Саьлнашна бухахь карийна кхелхина ши стаг. Исс стаг оцу цIа чуьра кхечанхьа дIакхалхийна. Оцу бохамца доьзна уголовни гIуллакх дIадолийна Талламан Комитетан говзанчаша. Цара къастор ду газ эккхаран бахьана.

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: