ДIадаханчу кIирандийнахь Соьлжа-ГIалин мэрина хьалха йолчу майданахь вовшахтоьхначу рогIерчу ярмаркехь шайн аренашкахь, хасбошмашкахь кхиош долчуа, кхачанан сурсаташ кечдеш йолчу предприятеша хIора дийнахь арахоьцуш долчу а сурсатийн шорталла гайтира цига баьхкинчу векалша.
Болх дIаболо билгалйина хан цхьайтта сахьт хиллехь а, Iуьйранна исс а далаза дара регионан юьртабахаман предприятийн, фермерийн тайп-тайпана баккхалш дIахIиттина, аренийн сурсаташ тIехь долчу машенашна тIетоьхна гатанаш дIадаьхна эцархой тIеэца йохкархой кечбелча. Болчунна тIе а малхо къагийна Iаж, помидор, копаста, бурч, хох, картол, ялта, гIабакх – йоккха яра оцу Iуьйранна цига веанчун бIаьргашна хьалха хIуттуш долчу дуьххьалдIа аренийн сурсатийн тайпаналла. Коьртаниг – шайн дикалла лакхара а йолуш, базаршкахь долчаьрца дуьстича, мехаш хаъал лахара а долуш.
Нагахь «Сады Чечни» фирмин векалша эцархошна хьалха хIиттийнарш масех сортах Iежаш, шаьш долчохь кхиийначу стоьмех кечйина тайп-тайпана варенеш елахь (масала, Iежийн мах базарахьчул цхьана туьма сов лахара а болуш), царна юххехь шайн стол дIахIоттийначу «Самашкинский» консервни заводан белхахоша шаьш кечдеш долу сурсаташ – банкаш чуйоьхкина помидораш, хьонка беана ярмарке. Ткъа царна уллехь ю «Наурский» бахаман машенаш, шайна тIехь копасташ, хохаш, картолаш, бурч йолуш. Доза тоьхна жоьпалла долчу «Стандарт С» юкъараллин векалша шаьш долчохь кхиийна кIа деана кхуза. Шайна тIехь бIаьрг соцуш дара кхечу бахамашкара деана сурсаташ а.
…Гуттар а санна, тайпаналла шуьйра ю хьалхарчуй, кхоалгIачуй баьпган заводаша эцархойн кхиэле дехкинчу сурсатийн: торташ, пирожнеш, тайп-тайпана мерза даарш, масийтта тайпа бепиг. Кхуззахь хIиттийначу стоьлаш тIехь церан чоме хьажа йиш а ю. Дика мах хуьлу предприятийн векалийн, гуш ду дукхах болчарна сурсатийн чам тайна хилар. Цундела дIа а оьцу торташ, къаьсттина тайп-тайпана пирожнеш.
Тидамза ца дисина Гуьмсан районерчу махлелоран «Ясин» цIийнан векалша ярмарке деана сурсаташ а: дуккха а тайпа муттанаш, йоьхьаш, шурин сурсаташ. Республикехь дика девзаш ду уьш. Цундела церан стоьлашна хьалхара. эцархойн тобанаш лахлуш яц
Хьалхарчу ярмаркашкахь а санна, Аргунерчу жижиган комбинатан белхахоша эцархойн кхиэле дехкина жижиган дуккха а сурсаташ. Шекаран заводо деана шен коьрта сурсат. Билгалдаккха догIу тIаьхьарчу шерашкахь предприятис шекар даккхар тIеттIа алсамдолуш хилар. Нагахь дIадаханчу шарахь цигахь даьккхинарг итт эзар тонна хиллехь, кху шарахь хIинцале а цуьнан барам ши эзар тоннал алсамбаьлла. Дийнна схьаэцча, иза стохкачул дикка алсам хирг хиларх тешна а бу заводехь. Дика мах хуьлу Хьалха-Мартан районерчу зIакардохнан фабрикин белхахойн а – кIезиг бац хIоаш оьцуш берш.
Билгалдаккха догIу ишттачу гIуллакхашкахь фермерша, шайн ков-керташкахь гIуллакх деш болчара тIеттIа жигара дакъалаца долийна хилар. Шайн бошмашкара стоьмаш, хесара сурсаташ, зIакардаьхни, моз, кхин цхьамогIа сурсаташ деанера цара ярмарке. Ур-аттал лиэкъаш а тIехь, шайн хIоашца цхьаьний. Эцархой а санна, оцу олхазаршка дуьххьалдIа хьовса лууш берш а дукха бара. Мах ледара хуьлу ала йиш яцара кхуза москалш йохьуш баьхкинчеран а.
Дийнна схьаэцча пачхьалкхан ялхитта бахам а, предприяти а еанера ярмарке шайн сурсаташ дохьуш. Герггарчу хьесапехь оццул бара цигахь дакъалаьцначу фермерийн барам а.
Кхин а цхьа башхалла йолуш а яра дезачу денна лерина вовшахтоьхна хилла ярмарка: промышленни предприятеша, ВУЗ-ша шуьйра баржийнера шайн гайтамаш. Шаьш долчохь кечъеш йолу продукци суьрташкахь гойтура «Трансмаш», «Оргтехника», Электроремонтни заводаша, картонажни фабрико, бедарш тегаран цхьаьнакхетаралло, дийнна цхьамогIа кхечу предприятеша. Иштта шайна тидам тIебоьдуш яра Нохчийн пачхьалкхан университетан, Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан технически университетан, Нохчийн пачхьалкхан пединститутан хьехархоший, студенташий кечйина экспозицеш.
ГIалин дезчу денна лерина дIаяьхьна ярмарка кхин а цхьа тоьшалла хилира регионан латталелорхой юьртабахаман сурсаташ дахар алсамдаккха, ткъа промышленникаш керла продукци арахеца кечъян а, иза арахеца а хьуьнаре хиларна. Ярмарке деана хиллачу тайп-тайпанчу сурсаташа, суьртийн экспозицеша гойтура Россина дуьхьал санкцеш яьхначу пачхьалкхашна хетарг чекхдериг цахилар, вайн махкахь сурсатийн шорталла кхолла а, хIинццалц дозанал арахьара оьцуш хиллачу продукцин меттана вай долчохь цунах дукхахъерг арахеца а шайн ницкъ кхочург хилар.
…Де суьйренга лестира ярмарке баьхкинчеран барам лах ца луш. Тешам боллуш чIагIдан мегар дара – царах цхьа а ца висира шена оьшург ца карош, гинчух тоам ца хуьлуш.
Л.МАГОМАЕВ
