ТIай тодеш ду

Россин тIайштахкархой билгалбевлла тайп-тайпанчу инфраструктурин объекташкахь белхаш барехь лаккхара боларш хиларе кхачарца.

Цу тIехь цара пайдаоьцу дуккха а шерашкахь гIишлошъяран чолхе объекташ ярехь IаIийначу доккхачу зеделлачух.

Тахана цара белхаш дIахьо Нохчийн Республикехь даккхийчарах цхьаъ долчу, иштта шех олуш долчу Терка тIерачу «Ищерски» тIай тIехь.

ДIахьо, шаьш Iемина ма-хиллара, лаккхарчу боларшца, тIаьхьало йоллуш. Цуьнан йохалла 300 метр ю. Цхьана хеннахь ялх машен дIасаяха йиш а йолуш. ТIай тиллина дуккха а иттаннаш шераш хиларна, кхерамазаллин декъехь киралелош йолу яккхий машенаш дIасаяха таро цахиларна дIадаханчу шарахь царна дихкира цу тIехула дIасалелар.

Тахана объектехь хIайттараллица дIахьош болчу белхаша гойту иштта хьал дахлург цахилар. Регионан автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара чIагIдарехь, 2014–2018-чуй шерашна лерина йолчу «Нохчийн Республикин некъийн дакъа кхиор» аьлла йолчу пачхьалкхан программин гурашкахь тахана цу тIехь беш болчу белхаша таро хуьлуьйтур ю карадогIучу шарахь тIай дина далийтича.

Шайна хьалха иштта Iалашо хIоттийна тIайштахкархоша а. Кхин цхьаъ а ду билгалдаккха деза. Хаъал доккхачу декъана цигахула латтайо вайн республико луларчу Ставропольски крайца йолу зIенаш. Дикачу агIор дикка боккха Iаткъам бо цо Нохчийчоьнан экономикина.

Оццу программица нийса а догIуш, карарчу хенахь Эна-Хишка боьдуш болу некъ а бу шорбеш-тобеш. Кху шарахь ведомствос 14 километр некъа тIехь иза шорбеш гIуллакхаш дина. Цигахь а берриге а белхаш чекхбаха билгалдина тIедогIучу шарахь.

Оцу меттигашкахь махкахь а дика евзаш йолу курорт хилар хьесапе эцча, кхеташ хуьлу некъашдахкархоша деш дерг мел мехала гIуллакх ду.

Д.ХАНУКАЕВА

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: