Вайн спортсменийн кхиамаш

Тырнауз гIалахь (ГIебартойн-Балкхаройчоь) дукха хан йоццуш дIаяьхьира СССР-н спортан мастерна Ю.Байдулаевна лерина йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара спортсменаш. Вайн республикера турнирехь дакъалоцуш 22 спортсмен вара.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамаш баьхна хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша Мусаев Iайндис (88 кг.), Абдурахманов Хьусайна (80 кг.) шолгIа меттигаш – бара Бакаев Сулима (59 кг.) а, Висаитов Шамруддис (66 кг.) а.

Толамхой билгалбехира, кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, мехалчу совгIаташца.

З.ШИШХАНОВА

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: