ХIокху деношкахь Россин Федерацин Правительствос сацам тIеийцира Россин МЧС-на лерина керла Бе-200ЧС цIе йолу ялх амфиби-кема даран а, уьш оцу министерстве дIадаларан а гIуллакхана федеральни бюджетера ши миллиард сом ахча хьажо.
Россин МЧС-н авиацин-кIелхьарадахаран туьшашка кхочур долу Бе-200Чс цIе йолу кеманаш – уьш, 70 процентана модернизацих чекхдевлла, кхузаманан хIаваан кеманаш ду. Кхузаманан бортан оборудованица кечдина ду уьш, иштта, планеран дIахIоттамна юкъа хийцамаш а балийна. Оцу кеманех пайдаэцаран зеделларг а, Россин МЧС-н летчикийн хьехарш а хьесапе а оьцуш бина бу и хийцамаш.
2017-чу шарахь Россин къаьсттина халачу хьелийн ведомствона хIинцале делла иштта ши кема. Царна урхалла деш, уьш лелош бу лахарчу а, тIех лахарчу а лакхенашкахь а кеманех пайдаэцар карадерзийна а, кхечу мехкийн меттанаш хууш а болу говзанчаш.
Россин МЧС-н авиацис аэромобильни тоба сихха дIакхачорехь гIо а до, тIекхача хала долчу кIошташка цIеяйъаран-кIелхьарадахаран техника а, оборудовани а, гуманитарни гIоьнан кира дIаса а хьо, иштта, Iаламан а, техногенни а цIеяларш дIадахарехь а, латтанашна ха дарехь а, мониторинг ярехь а дакъа а лоцу. Керла амфиби-кеманаш юкъадахарца кIелхьардахархойн нах беха меттигаш ларъяран белхан эвсаралла лакхаер ю.
Бе-200ЧС кеманаша Iаламан цIеяларшна дуьхьал къийсам латторехь йолу шайн эвсаралла а, кхиамаш а Россин пачхьалкхехь гайтина ца Iа. Португалехь а, Желтойчохь а, Черногорехь а, Израилехь а, Индонезехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а цIеяйъарехь дукхазза а гIо дина Россин МЧС-н летчикаша.
I.МУРТАЗОВ
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо