Подпольскехь (Подмосковье) Дешаран ФПС-н туьшахь дIахьош ю Ерригроссин «Корматаллехь уггаре а диканиг» конкурс. Цигахь дакъалоцуш ву вайн республикера цIеяйъархо Манчиков Муслим.
Конкурс дIахьош ю «Майраллин седарчий» фестивалан гурашкахь. И дIаяхьаран Iалашо ю Россин МЧС-н белхахойн корматаллин тIегIа лакхадаккхар, цIеяйъархочун говзалла йовзийтар.
Конкурсан йиъ номинаци ю: «Ха даран уггаре а дика хьаькам», «Уггаре а дика цIеяйъархо», «ЦIеяйъаран машенан уггаре а дика водитель», «Уггаре а дика диспетчер (радиотелефонист)».
Нохчийн Республикин Грозненски кIоштарчу №31 йолчу цIеяйъаран-кIелхьардахаран декъан белхахо Манчиков Муслим вайн регионехь «Уггаре а дика цIеяйъархо» ву аьлла къастийна ву. Къилбаседа Кавказан федеральни округан векал ву иза оцу къийсадаларшкахь.
2011-чу шарахь дуьйна болх беш ву М.Манчиков Россин МЧС-хь. ЦIеяйъаран-прикладни спортан мастран кандидат ву Россин МЧС-н. Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин вовшахтоьхначу командин дукхазза а декъашхо хилла. Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь совгIатан меттигаш яьхна.
Къийсадаларийн декъашхой хIинцале а чекхбевлла дуьхьалонаш йолуш бIе метр довдарехь хьалхе яккхарх, цигахь вайн махкахо шолгIа хилла, цIеяйъаран лами тIера Iаморан гIишлонан доьалгIачу гIаттан корах чуваларан, физически кечаман (цу юкъахь ду: когах тIоьрмигаш доьхкина вадар (челночный бег), 1 000 метр кросс, перекладина тIехь ийвалар), иштта, шайн белхан теори хааран а муьрех.
Л.ДАУТОВА
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо