Даррехь къамел хилира

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса эсаран (октябрь) беттан 26-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь цхьаьнакхийтира республикин лакхарчу дешаран заведенийн студенташца. «Цхьана тIегIанехь къамелдар» («Диалог на равных») кепехь дIадаьхьира иза.

Кегийрхоша шега деллачу дерриге а хаттаршна жоьпаш делира министра. ТIекхуьуш йолу тIаьхье хьекъале, могаш, ондда, ийманехь кхиарах а, иштта дIа кхин дуккха а кхидолчух лаьцна дара хаттарш.

Масала, Умаров Асламбека: – «Кхузаманан кегийрхойн хIун проблемаш ю, уьш дIаяхархьама аш хIун болх бо?», – аьлла деллачу хаттаршна иштта жоп делира I.Ибрагимовс: «Шуна массарна а дика евзаш ю и проблемаш. Уггаре а хьалха уьш йоьзна ю интернетаца. Оцу чохь болчу харц хаамех пайдаоьцу вайн цхьаболчу кегийрхоша. Царах бакъ-харц къастон хууш ца хилахь, цаьрга ладоьгIча кегийрхой шайна а ца хууш галбовларна кхерам бу.

Вай мел оьзда а, вовшашца мел гIиллакхе а ду хаийтина вайна телефоно. Вовшашкара яьлла ледарло, къайла яхьаран метта, сихха телефона тIе а йоккхий, нахала йоккху вайн цхьаболчу наха. Кхин цхьа хIума а ду халахеташ, таханлерчу дийнахь кхузаманан кегийрхой къахьега лууш бац. Диплом шаьш схьаэцча, шайн гергарчара шаьш балха хIиттор бу бохуш, кураллаш еш хуьлу. Иза бакъ дац. Кехат карахь хиларх тоьаш дац. Шена диплом хьакъ ду я дац а, цуьнца ша балха хIоьттича шега иза балур бу я бац хаа деза цунна. Цундела шух хIораннан декхар ду дешар. Вайн мехкан Куьйгалхочо Р.Кадыровс дерриге а хьелаш кхоьллина шуьга дешийтархьама», – элира цо.

Иштта, кегийрхошна пайдехь хиндолу дуккха а къамелаш дира министра.

Билгалдаккха деза, Ибрагимов Iийсан студенташца хилла цхьаьнакхетар онлайн рожехь дIадаьхьна хилар, дуьненан муьлххачу а меттехь хьажа аьтто бара цуьнга.

Л.ИБРАГИМОВА

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: