Айсханов Салман

1958-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете балха веара Айсханов Салман. Иза газетан корреспондентан балха дIаийцира. Салман нохчийн мотт-йоза дика хууш вара.

Цу хенахь редакцина чIогIа мехала дара цхьаберш санна Iамо ца везаш, къона белхахо шен декхарца кхиамца ларош хилар. Кхин цхьа хIума а дара цуьнан балха тIехь аьтто беш. АйсхановгIеран «Волга» машен яра. ХIетахь республикехь дукха нах бацара и таро йолуш. Газетана сихха материал кечъян дезча, хаамаш гулбан воьдуш, оцу машенах пайдаоьцура Салмана. Цо аьтто хуьлуьйтура и материал кечъеш волчу Салманан а, оьшуш йолу статья сихха зорбатоха езачу редакцин а.

Къоначу журналиста коьртачу декъана язйора юьртан бахаман декъах лаьцна йолу материалаш. Уьш цуьнан дика а нислора. Хууш ма-хиллара, шен корматалла кхоччуш караерзийна волу журналист муьлххачу а темах лаьцна яздан хьуьнаре хила веза. Оцу гIуллакхца дика ларавора Салман. Редакцин куьйгалло дуккхазза а билгалдоккхура къона журналист шен балхаца, шена тIедиллинчу декхарца дика ларош хилар.

Салман газетехь статьяш а, очеркаш а, корреспонденцеш а язйина ца Iара. Газетан агIонашна тIехь кест-кеста зорбатухура цуьнан кхоллараллин произведенеш. Цуьнан стихотворенеш иштта арайийлира республикерчу кхечу газеташкахь а, «Орга» журналехь а, къоначу литераторийн «Даймехкан мукъамаш», «Iуьйренан аьзнаш», цIе йолчу юкъарчу гуларшкахь а.

Цул сов, зорбатоьхна, араелира Салманан ши книга. «Заманан ирс» цIе йолу цуьнан стихийн гулар а, «Юкъахдисина къола» цIе йолу поэма а.

Къоначу поэтан кхоллараллина тидам тIебахийтира республикин композиторша. Цара иллеш дехира цуьнан дуккха а стихотворенешна тIехь. ЛадогIархошна чIогIа хазахетара республикин телевиденехь а, радиохь а кест-кеста олуш хилла цуьнан стихотворени тIехь композитора Шахбулатов Iаднана даьккхина «Гуьйре» илли. Иштта, кест-кеста хезара цуьнан «Езачу йоIе», «Сан дог ду хьан даге кхийдаш», кхидолу а иллеш.

Салман яздаран шен хатI, кеп йолуш вара. Цо яздора цIеначу безамах, мехкан Iаламах, халкъийн доттагIаллех лаьцна. Халахеташ делахь а, шен кхоллараллин лакхене кхачарехь цо дагалаьцначунна кхочушхила доьгIна ца хиллера. Дукха хьалхе хедира цуьнан дахар.

С.Айсханов 1937-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина вара. Иза дуьнен чу велира буржуазно-националистически контротеррористически организацин декъашхо а волуш, пачхьалкх йохорна тIехьовсийна гIуллакхаш деш ву аьлла, харц бахьана а хIоттийна, тоьпаш тоьхна, вийна, нохчийн литературин бухбиллархойх цхьаъ, Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзан председатель хилла волу Салманан воккхах волу ваша Айсханов Шамсуддин лаьцна, тоьпаш тоьхна, вийначу шарахь.

Нохчийн, гIалгIайн, цхьамогIа кхидолу халкъаш махках даьхна, дIадахийтинчу хенахь Казахстанан Джамбулан областан Мерке олучу меттехь бехира АйсхановгIар.

1955-чу шарахь циггахь чекхъяьккхира Салмана юккъера школа.

1957-чу шарахь республика меттахIоттийначул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайчу юхабирзира АйсхановгIеран доьзал.

1958-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете балха вахара Салман. Цигахь корреспондент хилла болх бира цо 1962-гIа шо кхаччалц. Оцу шарахь республикин Пачхьалкхан телерадиокомитетан радион корреспондентан балха вахара. Цигахь кхиамца болх бира цо ша дуьненчохь мел веха. Салман кхелхина 1982-чу шарахь.

АйсхановгIеран доьзал республикехь дика бевзаш бара. Доьзалехь дика барт, вовшашца ларам бара. Салманан баккхий болу вежарий тайп-тайпанчу предприятийн куьйгалхой бара. Шайн балхаца доьзна долчу декъехь нахана гIо-накъосталла дарца билгалбевлла а бара.

Иза дара дIадаханчу бIешеран кхузткъе уьтталгIачу шерашкахь. ЧIогIа цомгаш хилла тхешан да охьавилла дагахь Соьлжа-ГIалин 1-чу больнице вахнера со.

Да больнице дIа ца ийцира, меттиг яц, аьлла. Больницин коьртачу лоьрана тIе а вахара. Амма цо а гIо ца дира. ТIаккха ас больницин неIарехь лаьттачу медйишига дийхира хIетахь цигахь хирург хиллачу Айсханов Султане схьакхайкхар (иза суна Салманехула вевзаш вара, тIаьхьа юххера гергарло а тасаделира тхойшинан). Араваьллачу Султане ас дийцира со больнице чIогIа цомгаш хилла да валош веана хиларх а, иза цига дIацаэцарх а лаьцна.

– Мичахь ву хьан да? – хаьттира Султана.

– Арахь, машен чохь ву, – жоп делира ас.

– Схьавалавел иза, – элира Султана.

Ас да схьавалийра. Кхин хаттарш ца деш, цо тхан да дIавигна, оьшуш долу документаш а кечдина, палати чу
охьавиллира. Султане ас элира айса оцу гIуллакха тIехь больницин коьртачу лоьре гIо дехна а, цо гIулалкх ца дина а хиларх лаьцна. Хаьттира ша дIаэцна воцу цомгашниг ахь дIаэцар а, больнице охьавиллар а хьуна новкъадер долуш дуй-техьа, аьлла.

– Цунна ахь са ма гатде. Иза сан гIуллакх ду, – элира Султана.

Иштта бара Салманан вежарий. Карарчу хенахь Султан медицинин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин академик ву. Медицинин институтехь хьоьхуш ву. Султанан шен клиника а ю.

Цхьана хенара а долуш, тхо, Салман а, Магомаев Леча а, хIокху могIанийн автор а, цхьаьна болх беш хилла ца Iаш, амма балхара девлча а, дезачу деношкахь а дукха хьолахь цхьаьна хуьлуш а, вовшашца герггара уьйраш йолуш а дара.

Вовшех самукъа а долура тхан. Дика, тешаме накъост вара Салман, комаьрша, гIиллакхе, оьзда вара. Лелар а оьзда дара цуьнан. Цундела газетан а, радион а редакцийн белхан коллективашкахь лоруш а, сий деш а вара иза.

Ша а вара Салман адам дезаш а, ша везийта хууш а. Тхуна, цуьнан хиллачу накъосташна, цкъа а вицлур вац иза.

С.МАГОМАЕВ

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: