ПохIма дерг массо а хIуманна а хуьлу говза

32323Нохчашлахь похIме, хьуьнаре кегийрхой дуккха а бу. Самукъадолу уьш хIора дийнахь алсамбуьйлуш хиларх. Къаьсттина дукха похIме мехкарий а схьабевлла  вайн къомах: къона яздархой, поэташ, художникаш, илланчаш, хелхарчаш, кхиберш а. Ишттачарех цхьаъ ю Умарова Асет.

Асет йина 1985-чу шеран 3-чу ноябрехь ГIалмакхойчоьнан  Городовиковск шахьарехь. 1993-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь Iаш ю иза. 2003-чу шарахь Пролетарски юьртара юкъара школа дашочу мидалца чекхъяьккхина цо. 2008-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь журналистан говзалла караерзийна. Цул тIаьхьа,  Ереванехь Шуьйрачу хаамийн гIирсийн Кавказан Институтехь журналистан говзалла  лакхайоккхушцхьана шарахь дешна цо.

Асета язйина статьяш зорбане йийлина Россехь, Чехехь, Великобританехь, Францехь, Эрмалойчохь, Гуьржечохь . Россехь а, кхечу мехкашкахь а журналистикехула дIаяьхьначу мастер-классашкахь, тренингашкахь дакъалаьцна цо. Жимчохь дуьйна гайтаман искусство чIогIа хазахеташ яра Асет. Вайн Нохчийчохь дуьххьара тIом болчу хенахь йолаелла иза суьрташ дахка. Даима шен дагахь дерг кехата тIехь дийца лаам хуьлура йоьIан. Массо беро а санна, Iалам а, натюрморташ а дохкура  цо шен суьрташкахь. Жимма хан яьлча тIеман суьрташ «яздан» йолаелира иза. Уьш дукхахьолехь графикин жанрехь хуьлура, хIунда аьлча суьрташ дахкаран гIирсаш бацара. Iаьржачу къоламца я кIоранца дохкура суьрташ. Гонаха болчу наха шен кхоллараллина олучунна дукха экаме хилар бахьанехь, суьрташ дахкар цкъацкъа дIатосура  йоIа. Амма, суьрташ ца дохкуш ша Iалур ца хиларх кхетий, юха а йолалора иза. Карарчу хенахь графикин а, романтикин а «импрессионизм» олучу жанрехь дохку А.Умаровас шен суьрташ.  «Сайн хIора а суьртехь цхьа маьIна хилар а, цунах нах кхетар а коьрта хета суна. Адамашка сайн дийца хIума ца хилча, суьрташ ца доьхкуш  Iа хьожу со. ХIунда аьлча, са доцу, догцIеналла йоцу суьрташ суна ца деза. ХIора суьртехь шеца хазахетар , кхерам, халахетар я дегайовхо йохьуш цхьа хIума хила деза; хIора суьртан шен истори хила еза», — дуьйцу Асета.

Шен юьртарчу школехь хиллачу «Изотурист» кружоке а, Соьлжа-ГIалин Культурин «Оргтехника»  цIийнан гайтаман искусствон студе а лелла Асет жимчохь. Россехь, США-хь, Польшехь, Германехь, Бельгехь, Гуьржийчохь, кхидолчу мехкашкахь а дIабаьхьначу дуьненаюкъарчу гайтамашкахь дакъалаьцна цо. Шен суьртийн кхоъ гайтам хилла цуьнан Соьлжа-ГIалахь а, Тбилисехь а. Иштта, тайп-тайпанчу киншкаш тIехь, журналашкахь зорбане дийлина А.Умарован суьрташ. 2012-чу шарахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос вовшахтоьхначу гайтаман искусствийн «Дахаран зIаьнарш» аьллачу республикин конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира Асета. Iамаркерчу Talenthouse организацис интернетехула дIаяьхьначу конкурсан «2012-чу шеран тоьлла художник, дизайнер»  номинацехь 2-гIа меттиг яьккхира. Интернетах пайдаоьцучара кхаж тасарца билгалбохуш бара оцу конкурсан толамхой.

ЙоьалгIачу классехь йолуш Франк Аннин  «Убежище»  киншка ешначул тIаьхьа, цо санна, шен дахарх лаьцна кехаташ яздеш, дневник лело йолаеллера йоI. Цу юккъера цхьацца кийсагаш меттигерчу журналашка еллера Асета. 2005-чу шарахь дуьххьара «Нана» журнал тIехь зорбане евлира уьш. Асетан повесташ, дийцарш зорбане дийлина «Юность» , «Дружба народов» (Москва), «Флорида» (США), «Дарьял» (Владикавказ), «Звезда» (Санкт-Петербург), дуккха кхидолчу а журналашкахь. Уьш гочдина гуьржийн а, итальянийн а меттанашка. Россин къоначу яздархойн форуман а, Къилбаседа Кавказан къоначу яздархойн кхеташонан а дакъалацархо ю Асет. 2012-чу шарахь Россин Федерацин Культурин министерствон дипломант хилла цуьнах.

Умарова Асетах лаьцна дийца дуккха а ду. Дийцина ца валлал дукха бу цуьнан кхиамаш а. Газетан рогIерчу цхьаьна номерехь оха шуна шуьйра йовзуьйтур ю цуьнан кхолларалла. Шеко йоцуш, Дала доккха похIма делла йоI ю иза. Лаьа цу тайпа мехкарий вайн дуккха а хуьлийла.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: