Муьлххачу школехь а хуьлу массарна а: белхан накъосташна, дешархошна, церан дай-наношна къаьсттина безаш болу хьехархой. Шайга де аьлларг, цкъа а, «ца до, сан декхаршна юкъадогIуш дац иза», ца олуш, до цара. Хала а ца беш, дукха безаш бо цара школехь муьлхха а болх. Царна иза болх бу аьлла а ца хета, церан дахар ду иза. Ишттачарах ю Шеларчу №1 йолчу школехь берийн садаIар вовшахтохархо изобразительни искусствон хьехархо, 9-чу классан куьйгалхо «Тхан Аминат» олуш йолу Каимова Аминат.
Шелахь йина а, ехаш а ю иза. 1997-чу шарахь Шелара №10 йолу школа чекх а яьккхина, 2000-чу шарахь Шеларчу №1 йолчу школе суьрташдахкаран (ИЗО) хьехархочун балха йоьду Аминат.
Бераллехь дуьйна сурт дика дуьллуш йолу иза, лаккхарчу дешаран заведене деша а яхана, художник хила Iалашо йолуш яра. Амма 2005-чу шарахь бен аьтто ца белира цуьнан Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан искусствийн факультете деша яха. Цигахь доьшуш йоллушехь школера хьехархочун болх дIа ца тесира цо.
2010-чу шарахь цIечу дипломаца чекхъяьккхира цо институт.
Школин директоран методикин балхехула заместитель йолчу Нанахаева Сацитас, иштта дуьйцу Аминатах лаьцна: – Аминат Исаевнас, шен белхан декхарш доггах а, жоьпаллица а кхочушдо. Низам дика долуш а ю. Даима а берашна юкъахь ю, цаьрца тайп-тайпана мероприятеш дIахьош ю. Школехь массо а мероприяти цуьнан куьйгаллица вовшахтухуш ю.
«Альфа» тIеман-патриотически клубаца болх беш а ю Аминат. Цуьнан куьйгаллица клубо дукхазза хьалхара меттигаш яьхна кIоштахь. «Альфа» тахана а ю Шелан кIоштахь хуьлучу мероприятешка кхойкхуш, цигахь дакъалоцуш. Цуьнан суьрташдахкаран хьехархочун болх билгалбаккха лаьа. Ша дика художник хиларал сов, цо берашна, дIа а гойтуш, хьоьху тайп-тайпанчу техникица сурт муха дилла деза.
Школин «Вернисаж» исбаьхьаллин кружокан куьйгалхо а ю иза. Кружокехь долчу берийн белхаш школин стендашна тIехь а, кIоштахь дIахьочу мероприятешкахь а гойтуш хуьлу. Школа керлачу шарна кечъярехь, дукхазза а кIоштарчу школашна юкъахь хьалхара меттигаш яьхна цо. Белхан накъосташца чIогIа мерза, эсала ю муьлххачу гIуллакхна тIехь накъосталла дан кийча а ю, цундела массара а дукхаезаш, лоруш ю. Иза яцахьара тхан йиш а яцара».
– Сацита Вахаевнас мел аьллачунна реза ю со, – боху директоран кхетош-кхиоран белхан заместитела Бериханова Рисана, – Со кху школехь болх беш йолу 20 шо ду. Кхуза балха еачхьана евзаш ю суна Аминат. Бакхий бохамаш тIеIиттабелира Аминатана доьзалехь. Ваша, да, нана, тIаьхьий-хьалхий дIакхелхира цуьнан. Делахь а, массо хIума Делера дуй хууш, йоха ца юхуш, йоккханиг хиларе терра, доьзалан дукъ дIакхоьхьуш ю иза.
Болх безаро цунна чу са диллина хиларо, боккха синтем бо цунна. Аминатах лаьцна дийца диканаш дуккха а ду. Эсала, оьзда, гIиллакхе, бакъйолу нохчийн йоI ю Аминат. Берашца болх муха бан беза, цаьрца а, церан дай-наношца а лело еза юкъаметтиг муха хила еза гойтуш, бакъйолу хьехархо-говзанча а ю иза.
Тамашийна хIума ду: цкъа а цо берашна дов деш а ца го, хIетте, цо бохург, дуьхьало ца еш, дан а до цара. Дика психолог хилар ду иза.
Со хIокху коллективо кхиийна а, Iамийна а ю. Тхайниг санна, барт болуш, дика коллектив кхин хир юй-техьа, аьлла, хетало. Дерриге а тхан директор Алиева Земфира бахьана долуш ду. Цуьнан белхан говзалла, белхахой ларар, ша ларийта хаар ду. Жима йолуш дуьйна художник хила Iалашо хилла ю. Сурт дуьллуш самукъадолура. Школе балха а еана, берашца болх бан йолаелча, сан ойла шина декъе екъаелира. Со кхийтира берашца болх бар сайн ирс хиларх. Сурт диллар а, диталур доцуш, сан цIийца ду, – бохура А.Каимовас.
А.СУЛЕЙМАНОВ
САЛАМОВ Iелин сурт
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо