(Яздархо Ахмадов Iумар вина 95 шо кхачарна лерина)
Цхьа хан а, зама а яра Хьалха-МартантIехь махко цIе йоккхуш Iеламнах болуш: Гайтаев Билу-Хьаьжа, Яндаров Солса-Хьаьжа, Исмаилан Дуда, иштта кхин а.
Церан могIарера стаг вара гендарганойн Iаьржа Ахьмад. КIорггера Iилма долуш, адамашца бийца цIена нохчийн мотт болуш, мел луьра дов а маслаIатца дерзош, къонах стаг хилла Iаьржа Ахьмад.
Цуьнан доьзалехь 1927-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Нохчийчохь дика вевзаш хилла журналист, яздархо, драматург Ахмадов Iумар.
Дукхах болчу шен нийсархойн санна, бералла къаьхьа чам бетталуш хилла цуьнан. Хууш ма-хиллара, Советийн Iедало чомахь Iен-баха буьтуш ца хилла Iеламнах. Хаддаза кхерамаш туьйсуш, набахтешка кхуьйсуш, Iазапехь латтийна и пекъарш. Iаьржа Ахьмад а хилла оцу инзаре халачу зерех чекхваьлла, делахь а, дуьнен чохь рицкъ хиларна, доьзална тIе юха кхаьчна иза.
Советийн Iедалан къизалло чехаварх адамаллех ца къаста доьналла, синъондалла хилла Ахьмадехь. Къоман гIиллакхийн гурашкахь кхиийна цо шен боккха доьзал а: пхи кIант, ши йоI. Iумар доьзалехь воьалгIа хилла. Шен ворхIе а бере дешийтина Ахьмада.
Бакъду, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабаларна, цул тIаьхьа, буьрса кхехкаш тIом болуш, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах къинхетамза махках бахарна, Хьалха-МартантIехь юккъера школа чекхъяккхар ца нисделла Iумаран.
Декъазчу нохчийн къоман къаьхьа кхоллам бекъа дезна кхиъна вогIучу жимачу стеган. Йиш йоьхна хьийза да а, шийлачу гIайгIанах дуьзна Iанаоьху ненан бIаьргаш а дуьнен чохь кхин дIаяккха йисинчу ерриге а ханна, дегаIийжам хилла, ойланех хьерчар ду цунна. Дуьйцуш бахьана доцуш, дай баьхначу лаьттах къастор, Iаламат деза, доккха дара хIора нохчичунна.
Ткъа кхиъна вогIучу жимачу стагана къена да-нана, йиша-ваша деэшна гар, кийра ца тарлуш, лазам бара. Иза дика кхетара дерриге а халкъ бехке хуьлийла цахиларх. Нагахь санна и зуламхой цхьанхьа хиллехь, Iедало совцо безара, догIучу жоьпе озийна, хьакъ доллу таIзар дина, дерриге а халкъ бале ца лоцуш. Цхьаъ галваьлла, вукхо ямартло юккъе хьовзийна, шайн ледарло хьулъян нохчийн халкъана тIехь хьаштдоцу питана кегош санна хетара Iумарна.
ХIоьттина ирча хьал сихха Сталинна дIахаийта дезарх йолу ойла кхерстара, ткъесах тарлой, коьрте. Доцца аьлча, баттахь гергга цIерпошто малхбалехьа некъ беш, тайп-тайпанчу шийлачу ойланаша садуура жимачу стеган. Ленинан партих, комсомолах теша Iеминчу Iумаран даго тIе ца дуьтура вайнахана тIехь и тайпа харцо Iедало а, Сталина а, хIоттор ю бохург.
Бакъду, шен кегаеллачу ойланийн йийсарехь волу кIант а, цуьнан верасаш а, ткъех дийнахь некъ бинчу шалонна тIера Джамбулан областехь охьабиссира. Мерке яра АхмадовгIар а, кхиболу мартанхой а дIатарбинчу юьртан цIе.
Хийра юрт, девзаш доцу адамаш, нохчийх мостагIий тарбелла дера къамелаш ден НКВД-н белхахой. Уьш дерриге гина, экамечу синна цара Iаткъам бина вара Iумар. Массеран а санна, мацалла, шело лан а дийзира. Бевза-безачех къастар лайра, хийрачу махкахь дуьххьара вайнехан кешнаш долор а Iаьвшира.
Инзаре ирча суьрташ дара уьш, жимачу стеган къоначу даг тIехь шога моьнаш дуьтуш. Делахь а, церан ницкъ ца кхечира Iумаран нуьцкъала амал кагъян а, иза доьналлех вохо а. Меркехь тIех дика дешарца чекхъяьккхира цо юккъера школа. Цунна дашо мидал йогIура, иштта дика дешарна. Амма нохчашна цу заманахь мидалш луш яцара. Уьш «халкъан мостагIий» бара, Сталинан луьрачу Iедало, бехк-гуьнахь доцуш, шайн бенах бохийна, дай баьхначу лаьттах баьхна, ямартчу харцонна йийсарехь бохкуш.
Бакъду, мидал ца еллера аьлла, нохчийн жима стаг къарвелла, ша юьхьарлаьцначу Iалашоне боьдучу новкъара гал ца велира. Iумар Алма-Атарчу Казахийн пачхьалкхан университете деша вахара, хьехархочун корматалла караерзо, физикин-математикин факультет хаьржина.
Хьалха-МартантIерчу школехь доьшуш волуш дуьйна вара Ахмадов Iумар литературица гергарло долуш. Цо хазахетарца йоьшура Пушкинан, Толстойн, Лермонтовн, Достоевскийн, Тургеневн говзарш.
Университетехь доьшуш, дуьненахь а гIарабевллачу яздархойн говзарш йовзар а хилира. Дюма, Гюго, Золя, Гете, Шиллер, Дидро, Вольтер, иштта дIа кхин а мел дукха бара уьш, ца Iебаш, Iумара шайн говзарш ешна авторш. Чордачу дахаро Iовжош, шардинчу шен кIорггерчу хааршна, дуьненан Iилма цаьргара тIедузуш вара жима стаг.
Церан чулацамечу говзарша кхетийра иза Iедалан харцо, къизалла, ямартло азаллера дуьйна схьайогIуш хиларх а, дуьненахь сирла лар йитинчу дуккха а къонахийн дахар, Iедалан векалша къинхетамза хьаьшна хиларх а.
Iумара чекхйоккхушъерг физикин-математикин факультет елахь а, гIарабевллачу яздархойн говзарш ешарца, муьлххачу а гуманитарийца къовсавелча, тоьлар волуш, литературина тIевирзина вара иза. Чот-барам боцуш, дукха яра студент волчу шерашкахь цо ешна книгаш. Цара гIо дира цунна кхиамца дешар чекхдаккха.
Джамбулан областерчу Михайловское юьрта хьажийра иза балха, цигарчу юккъерчу школехь дешархошна физика, математика хьеха. Масех шарахь болх бира Iумара берашна математикин а, физикин а къайленаш йостуш. Амма дукха хан ялале, цIеххьана кхочу мерза кхаъ санна, схьакхечира 1957-гIа шо.
13 шарахь шайн Даймахках хьегначу вайнахана цIаберза бакъо йохьуш деара и беркате шо. Генарчу ойланашка бийлар доцуш, катоьхнна шайн ворхIе дай баьхначу Хьалха-МартантIе цIабирзира АхмадовгIар а.
Массарна моьттура балха тIехь хIинца мелла а зеделларг долуш волу Iумар Хьалха-МартантIехь хьехархочун болх беш соцур ву. Амма вайн турпалхочун кхиъна яьлла ойла йозанан балхах хьерчаш яра.
ТIаьхьарчу шерашкахь дина цхьацца йозанаш хиллера цуьнан хьуламехь латтош. Цара а гIо дира цунна Нохч-ГIалгIайн Республикин «Ленинан некъ» газетан редакци балха хIотта. Хьехархочун болх бечу муьрехь Iумара дина йозанаш къеггина тоьшалла дара цунна кIорггера нохчийн мотт хууш хиларан а, ира хьекъал, сема тидам, дешан говзалла йолуш, кхиъна ваьлла журналист иза хиларан а.
Хала мур бара вайнехан журналисташна Казахстанера цIадирзинарг. Дай баьхна латта доцург, цаьрга сатесна Iаш цхьа а ца хиллера Соьлжа-ГIалахь. Редакцина кечйина хIусам яцара, журналисташна охьахаа гIант а, яздан стол а яцара. Еккъа цхьа гIортор яр-кх нохчийн журналистийн – дай баьхначу лаьтте болу ховха безам. Цо гIо дира массарна а юьхькIам боллучу кепара болх дIабахьа.
1957-чу шеран хIутосург (май) баттахь цIабирзинчу журналисташа асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь араяьккхира «Ленинан некъ» газетан 1-ра лоьмар.
Газет когадахарехь жигара дакъалецира Iумара. Цуьнан статьяша, очеркаша, зарисовкаша серладохура доккхачу дуьненахь цхьаъ бен доцу нохчийн маттахь зорбане дуьйлу «Ленинан некъ» газет. Дукха хьолахь, къинхьегамехь шайн ирс карийначу хьаналчу адамех хуьлура цуьнан материалаш. 13 шарахь байлахь лаьттина, хIинца юха когаяха эгIаза ка-мIараш еттачу нохчийн ярташкара репортажаш йора журналиста.
Бакъду, стеннах яздахь а, цIеначу нохчийн маттахь, халкъе, махке болчу бовхачу безамца, дикане сатийсарца, къоман сирлачу кханенах дегайовхо йолуш хуьлура Iумара язбина хIора а могIа. Цундела газетдешархоша леринчу тидамца, хазахеташ йоьшура цуьнан статьяш.
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь зорбане дуьйлу I.Ахмадовн дийцарш а. Уьш кест-кеста го «Ленинан некъ» газетан а, «Орга» журналан а агIонаш тIехь. «Ленинан некъ» газетан редакцехь болх беш вара журналист цо керла доьзал кхуллучу муьрехь а.
1960-чу шарахь дара Iумар газетан хьашташа Устрада-ГIала кхачийча. Цигахь евзира цунна Тамара. Масех бутт а балале, ткъа ма-дарра дийцича, 1961-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу деношкахь, Хьалха-МартантIерчу гендарганойн юккъехь доккха ловзар дара кирхьанна тIехьа лаьтташ Тамара а йолуш.
40 шарахь сов бертахь, хаза цхьаьна даьхна Iумар а, Тамара а. ГIиллакхехь, оьзда доьзал кхиийна цара: ши кIант, цхьа йоI. ХIусамден корматалла езаеллачу Тамарас а, еана дукха хан ялале, журналистийн атта боцу некъ юьхьарлецира. Дуккха а шерашкахь болх бира цо Нохч-ГIалгIайн Республикин радиокомитетехь музыкин редакцин лакхара редактор йолуш.
Iумар, Тамара ялийна дукха хан ялале, КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоме балха дIавигира «Ленинан некъ» газетан редакцера. Амма балхахь миччанхьа велахь а, йозанех тасаелла уьйр-марзо цкъа а дIаяьлла яц цуьнан. Иза даима а къахьоьгуш хилла. Говзалла шаръеш, шена тIехь болх беш хилла, зорбане вийлар тIаьхьуо долийнехь а. Iумара цхьабосса дика язйора баккхийчарна а, берашна а лерина. Къаьсттина болх бора яздархочо берашна леринчу йозанашна тIехь.
Цуьнан белхан стоьла тIехь, даима а гуччохь Iохкуш хуьлура Гайдар Аркадийн, Макаренко Антонан, Гайсултанов Iумаран говзарш. Берашна лерина ша яздечу хенахь вай хьахийначу яздархойх масал оьцура Iумара. Вайн махкахоша езаш тIеэцначарах ю цо язйина «Тийна Малика», «Даггара доттагIий», «Къонахалла» цIе йолу говзарш, «Халкъан забарш а, шира дийцарш а», Нохчийчохь колхозаш яхкарх йолу «Тешнабехк» повесть, «Ден весет» роман а.
ТIаьххьара цIе яьккхинчу говзарехь Iумара дуьйцу немцойн фашисташ ямартлонца СССР-на тIелатар бахьанехь болабеллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь вайнаха гайтинчу доьналлех, майраллех. Даймехкан маршонан гIароле хIиттинчу нохчийн яхь йолчу кIентех, цара гайтинчу бIахаллин хьуьнарех дуьйцу яздархочо. Иштта, дуьйцу Сталинан хьадалчаша Iийшийтинчу харцонех.
Цхьана кепара шеко йоцуш, говза яздархо вара Ахмадов Iумар. Цуьнан хIора дош цIеначу даггара яздина, Iалашо лаьцна топ санна, дешархойн синкIоргене кхочуш дара.
Йоккха ю яздархочо прозехь йитина лар. Делахь а, дукха хьолахь, Iумар драматург санна вевза Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а. М.Лермонтовн цIарах йолчу вайн махкарчу оьрсийн драмин театро хIоттийна хилла «Хьоме нус» спектакль Россин дукха гIаланашкахула кхиамца чекхъяьлла, массанхьа езаш тIеэцна ю.
Дийца даьккхинчуьра аьлча, и цхьа пьеса язйина Iаш а вац иза. Уьш цуьнан масех ю. Царах хьалха язйина яра «Хилаза ца ваьлла хилла шайх» пьеса. Иза чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театро хIоттийра, коьртачу ролехь Дениев Iальви а волуш.
Хьовсархоша самукъадаларца тIеийцира и башха спектакль. И хIоттийнарг РСФСР-н искусствийн хьакъволу гIуллакххо, театран коьрта режиссер Солцаев Мималт вара.
Нохчийн халкъан бартакхоллараллин буха тIехь язйинчу пьеси тIехь хIоттийначу спектакло къинхетам боцуш емалдора сутара хилар, сонтачу кураллина йийсарехь хилар, мискачу адамех пебетташ хилар.
Цуьнца цхьаьна Iорайохура кхаьънашка марзабеллачу цхьаболчу Iеламнехан ямартлонаш а. И дерриге а забарца, самукъанечу хоршахь дIахьора актераша. Цундела, мел дукха хьежарх кIорда ца йора и башха спектакль. «Хилаза ца ваьлла хилла шайх» еххачу хенахь лаьттира вайнехан къоман театран репертуар хазъеш, хьовсархойн сценин искусстве болу безам марсабохуш.
ХХI-гIа бIешо доладеллачул тIаьхьа а режиссера Марисултанов Iелас М.Лермонтовн цIарах йолчу Нохчийн Республикин Оьрсийн драмин театрехь карлаяьккхира «Хилаза ца ваьлла хилла шайх» спектакль. Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Дениев Iальвис кхоьллина МаьнцIалган васт гинчеран дегнашкахь цхьацца шеконаш яра, хьакъ доллучу тIегIанехь карлаяьккхина спектакль дIаяхьа къоначу актерийн говзалла тоьар юй-те бохуш. Амма МаьнцIалган васт кхоьллина къона актер Темишев Султан дика ларийра режиссера шена хьалха хIиттийначу декхаршца.
Иштта, къеггина басарш ца кхоош, Хушпаран васт кхоьллира къоначу актера Ислангериев Аптис а. Забарийн басаршца пьесин автора кхоьллина Рахьин васт, ерриге а шен корматалла орцахъяьккхина хьовсархошна товчу кепехь кхолла хьуьнар хилира къоначу актрисехь Магомадова Миланига а. Режиссера Марисултанов Iелас хIоттийначу «Хилаза ца ваьлла хилла шайх» спектакло хьовсархойн ойланашкахь дегайовхо кхоьллира, къизачу тIамо йожийна, хьаьшна Iуьллучу Соьлжа-ГIалахь къоман театран доь дайна цахиларх. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица каде хьийзара къона актераш сцени тIехь хьовсархойн самукъадоккхуш.
ЦIеначу нохчийн маттахь, къоман дахар а, цуьнан гIиллакхаш а довзарца яздархочо Ахмадов Iумара язйинчу пьеси тIехь хIоттийначу спектаклаца режиссера, актераша тIечIагIдира бIешерийн кIоргенера таханене халкъан забар схьаеана хилар а, заманан йохалла цкъа а цуьнан нур довриг цахилар а.
«Хьоме нус» пьеса яра нохчийн маттахь язйина. Амма ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш юккъе доьлхуш, Соьлжа-ГIаларчу М. Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн театран актераша дехар дира авторе и пьеса оьрсийн матте яккхар доьхуш. Бераллехь дуьйна къахьегар цIийх доьллаволчу Iумара масех баттахь къахьийгира цу тIехь болх беш. Цунах кхаъ хиллачу театро катоьхнна сцени тIе яьккхира пьеса. Белоглазов Владимир режиссер а волуш, хIоттийра изза цIе йолу спектакль. Цул сов, коьртачу турпалхойх цхьаннан васт кхуллуш а вара иза.
Дуккха а шерашкахь вайнахана юккъехь Iийна хиларе терра, цо дика схьалаьцна хиллера нохчийн воккхачу стеган амал. Духарца, леларца, дечу къамелаца сцени тIехь Iаламат чIогIа нохчийн юьртарчу самукъанечу вахархочух тарвеллера актер.
«Хьоме нус» спектакле хьожучу адамашна дага а ца догIура забарийн басарш ца кхоош, турпалхочун васт кхоьллинарг вайнахах цахилар. Шен роль актерана езаш хиларан а, къеггина похIма долуш артист Белоглазов Владимир хиларан а бIаьрла тоьшалла дара иза.
Иштта, боккхачу кхиамца, нохчийн жимачу зудчун васт кхоьллира Нохч-ГIалгIайн хьакъйолчу артисткас Епифанцева Татьянас а.
Шайн комаьршачу синшортонца къагийна, серлаяьккхинера похIмечу оьрсийн актераша нохчийн яздархочо язйина «Хьоме нус» пьеса. Россин кхечу гIаланашкахь а, республикашкахь а театро дIахьочу гастролийн репертуарехь хуьлуш яра и спектакль. Иза Iаламат дика тIеэцнера Украинехь, Беларусехь, Москвахь, иштта кхечу мехкашкахь а, гIаланашкахь а.
2010-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста, Нохчийн Республикин М.Лермонтовн цIарах йолчу Оьрсийн драмин театран коьртачу режиссера Марисултанов Iелас карлаяьккхира Ахмадов Iумаран «Хьоме нус» спектакль. Карлаяьккхира аьлча нийса ца хила а там бу вай дуьйцург. Спектаклера актерийн ансамбль кхин яра.
Хетарехь, къона актераш Ахмадов Iумар вовза, Белоглазов Владимира хIоттийна спектакль йовза кхуьийла дацара. Къона актераш вайн махкахь къинхетамза кхирстинчу тIеман бераш дара. Амма спектаклан режиссеран I.Марисултановн хьекъал, хьуьнар, собар тоьънера къона актераш оцу башхачу комедин чулацамах кхето.
Уггаре а хьалха билгалдаккха луур дара, цо кегийрхошца хIоттийначу спектакло театрезархошна Iаламат доккха совгIат дина хилар. Оцу спектаклехь вевзира махкахошна къона актер Махаури Iальви.
Хьалха театро хIиттийначу спектаклашкахь иза гина хиллехь а, къеггина похIма долуш артист хиларх цхьана а кепара шеконаш ца хиллехь а, Iаббазан васт кхуллуш, цо пайдаэцна самукъане басарш милла а йийсаре лоцур волуш дара. Актер, вист ца хуьлуш, сцени тIехь лаьтташ хилча а тоьара хьовсархошна цунах самукъадала.
Билгалдаккха догIу актерана а цуьнан турпалхочунна а юкъахь, хене диллича, Iаламат йоккха башхалла хилар. 25 шо кхачаза вара Махаури Iальви 60 шаре вирзинчу Iаббазан васт кхуллуш. Волавалар, вистхилар, забар яр, охьахаар, Iасанна тIетевжаш, гIаттар – дерриге а къаночуьнгара говза схьаэцна дара къоначу актеран.
Кадечу замано шераш идийнера Iаббазан, амма цуьнан ницкъ ца кхаьчнера къаночуьнгара доьналла, сирлачу дахарх самукъадалар дIадаккха. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица актера кхоьллинчу васто дицдора Iаббаз спектаклан турпалхо хилар.
Актеран доза доцчу таронаша вайна массарна вевзаш лулахо, дагна уллера, синверас вора воккхачу стагах. Иштта, забаречу хоршахь дIахьора шен турпалхочун Маржанан васткхоллар Нальгиева Зульфияс а.
Цхьаъ бен воцу кIант кхобуш хене юьйлуш ю Маржан Iумара «Хьоме нус» пьесехь гайтарехь. Шена дерг ца лоьхуш, даима а кIентан дуьхьа яьхна зуда. Нийсархойх ца хьегийтина, даа-мала латтийна, тIедуха-когадуха нисдина. ХIинца бисина цхьа сингаттам бу нанна – хаза нускал далийна, кIант чуверзор.
Нускал, массо а нанна санна, Маржанна ша хаьржина дало лаьа. Ткъа кIанта, хIара цIера йолийтий, шен къоначу даго къастийнарг ялайо. ТIаккха реза хуьлийла дуй марнана, ша цIахь йоцуш, еана чуиккхинчу несана?
Иштта дIадолало марненан, несан дерза ца туьгу дов. Дика дера ду гIо-накъосталла оьшучохь орцахвала кийчча Iаббаз волуш. И цхьаъ мукъане а адамалла йолуш, дIадуьйцучух кхета корта болуш, Маржанан марзахойх валар Делан боккха къинхетам бу.
– Гайна дукха сутара ву-кх. Мел йиъчи а, цкъа а вузуш вац. Цхьа ког коша бахана Iаш волу хIара, цу юккъехула, зуда езаш ву… Ши бIаьрг хьанло цуьнан урам-новкъахь йогIуш-йоьдуш йоIах бIаьрг кхетча, – реза йоцуш, яппарш йо нус бахьанехь, дуьненна даръеллачу Маржана.
Делахь а, Iаббазана хаьа цуьнан догъэца, шена мерзаниг яа хIума ялийта. Иштта, самукъанечу тулгIенехь дIайоьду «Хьоме нус» спектакль.
Кхин масех пьеса ю Ахмадов Iумара язйина, вайн махкарчу театраша хIоттийна. Нохч-ГIалгIайн Республикин телевиденехь хIоттийна цуьнан пхиъ пьеса. Уьш кIорггера чулацам болуш, къоман лазамаш буьйцуш, церан орамаш халкъана, махкана довзийтар Iалашо йолуш, язйина, хIиттийна ю, хьовсархоша даима а хазахетарца тIеэцна ю.
Дуккха а шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин телерадиокомитетехь радион коьртачу редакторан даржехь болх бинчу Iумарна кIорггера девзара къоман дахар.
Цунна бIаьрла гуш бара халкъан кхиамаш а, цуьнан иэшамаш. Царах яздора Iумара, шогачу дахаро дебийна кхачамбацарш Iорадохуш дара яздархочун дукхах долу могIанаш. Тахана а алсам пайда бу цаьрца.
Нохчийн къоман исторехь, культурехь, литературехь бIаьрла лар йитинчу мартанхойх язйина очеркаш ю цуьнан: Бадуев СаьIидах, Бадуев Мовждех, Гайтаев Билу-Хьаьжех, Исмаилан Дудех, Димаев Iумарх, иштта дуккха а кхечарах а.
Шеца болх беш хиллачу журналистех яздина цо, тIаьхьарчу тIаьхьенна уьш бовзийта лууш, церан сийлахь цIерш халкъан иэсехь йиса лууш.
1994-чу шарахь тIом болалуш, 67 шо кхаьчна вара Iумар. Амма буьрса кхехкачу тIамах озавелла, воккха хилла ша аьлла, карара къолам, кехат дIа ца хийцира цо. Иза хаддаза болх беш вара. Шена гуш дерг, нохчийн къомо ловш дерг йозанийн могIанашка дерзош.
Ондда болх бу цо бинарг. Амма царах дукхах долу йозанаш зорбане довлале къизачу Iожалло дера катоьхна вайна юкъара дIавигира яздархо. 75 шо кхаьчна вара иза хьаналчу къинхьегамо кхелина цуьнан дахаран некъ хедаш.
2002-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 23-чу дийнахь дара Нохчийчохь Iумар дIаваларан хьокъехь шийла кхаъ баьржаш, иза вевза-везачийн а, цуьнан кхолларалла езачийн а дегнаш Iовжош.
ТIеман цIергахь йоллучу Нохчийчоьнна боккха иэшам бара иштта хьекъал, похIма, дешан говзалла йолу стаг дIавалар. Делахь а, Делан кхиэлаца къуьйсила дац. Шен оьмар хаьддачу дийнахь лахьтин кийра верза везаш ву вайх хIора а. Цу дийнахь хадабо дахарехь вай гездинчу некъийн мах.
Ахмадов Iумаран дахаран некъаш ша схьаваьллачу, къаьхьо чам бетталучу нохчийн къоман кхолламах хьерчаш хилла. Яздархочун сирла ойланаш хилла халкъан дахарца йозуш. Дан дезарг кханенга тоьттуш Iедал дацара цуьнан цкъа а. Яздан деза аьлла хетарг, кхечара яздаре хьоьжуш, сецаш Iедал а дацара.
Эчигах яьккхина гериг санна, амал а, дош а, цхьабосса нуьцкъала долчу Ахмадов Iумара шен экамечу дагна Iаьткъинарг яздой охьадуьллура, къемата иза зорбане дер дацахь а. Иза бакъволу къинхьегамхо вара, цIархазмана болх бар доцуш. Цундела дисина цуьнан сирла амат вайн дегнашкахь даха массо а ханна.
Иштта, вайца яха йисина, заманан йохалла цкъа а нур довр доцу, Ахмадов Iумаран башха кхолларалла.
А.ГАЗИЕВА
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо