Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан Арсанукаев Мусан «Аттйокх екачохь» книга араяьлла.

Иза Нохчийн Республикин Яздархойн союзо берашна лерина арахецначу говзарех ю. Ненан маттахь ду цу тIера «Аттйокх екачохь», «Стиглахь кIайчу мархаша некадо», «Цхьа гIалат» цIерш йолу дийцарш.
Оцу дийцарийн коьрта тема бераллин хан ю. Автор жима волчу хенахь цунна гинарг, цхьадерг цуьнан бераллера а ду.
«Аттйокх екачохь» дийцар 2009-чу шарахь «СтелаIад» журналехь зорба тоьхна хилла ду. Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Абдулаев Лечас лаккхара мах хадийна а ду. Дийцар тIера хиламаш 1965-чу шарахь хилла бу.
Аьхкенан каникулашна школера дIахецна Даказ. Иза ялхалгIачу классе ваьлла. Цу тIехь автора деца-ненаца мангале ваханчу кIентан хилла ойланаш йовзуьйту.
«…ЭхI, ма самукъане ду каникулашкахь: кIордадаллалц буьрканах ловзу, Органна тIе лийча оьху, комарийн дитташ тIехь уггаре а самукъадолуш хан йоккху, мерза комарш юуш, тIаьххьара гина кинош а юьйцуш, сарахь лечкъаргех я тIамах ловзу – масане ду уьш!
ХIора шарахь нана а йоьду орца докъарна кечамбеш дадина гIо дан. Дадас-м иза зударийн гIуллакх дац олу. Делахь а, нана ца йогIуш ца Iа, ша оьшур юйла хаьа цунна, докъар хьокхуш а, тIегулдеш а. Жима йолуш дуьйна мангал лело хууш ю иза. Уьш Сибрехь болчу хенахь Iемина цунна и гIуллакхаш дан…», – боху автора.
Книги тIера важа ши дийцар а аьхкенан хенахь, каникулашкахь хилларш дуьйцуш ду.
Арсанукаев Муса «Берашна лерина проза» дуьненаюкъарчу литературин конкурсан толамхо ву. Тайп-тайпанчу организацеша дипломашца а, мидалшца а совгIаташ дина цунна.
«Аттйокх екачохь» книги тIера дийцарш М.Арсанукаевн хьалха араяьллачу «Бераллин гIенаш» гулар юкъара ду.
Л.ИБРАГИМОВА
№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо