Тхан рузма

Эсаран беттан 29-гIа де, 1933 шо. Нажи-Юьртан кIоштан Мескита юьртахь вина Айдамиров Абузар, Нохч- ГIалгIайн АССР-н халкъан яздархо, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо.

Дешна Пишпекерчу юьртан бахаман техникумехь (кхалхийначохь), Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь, Горькийн цIарахчу Литературни институтан Лаккхарчу литературни курсашкахь.

1957-чу шарахь дуьйна ша пенсе ваххалц Мескитарчу юккъерчу школехь хьехархо, директор волуш болх бина.

1989-чу шарахь СССР-н халкъан депутат хаьржина, 2004-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель лаьттина.

Дийцарийн, повестан хьалхара гулар зорбане яьлла 1961-чу шарахь. ХIетахь дуьйна 20 сов книга зорбане яьккхина цо.

«Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», иштта кхийолу цуьнан романаш, повесташ, дийцарш нохчийн литературина, нохчийн мотт Iалашбарна юкъайиллина йоккха хазна ю.

Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин сийлахь академик а вара А.Айдамиров.

Яздархочун кхалхар хилла 2005-чу шарахь.

Эсаран беттан 29-гIа де, 1951 шо. Юккъерчу Азехь вина Ибрагимов Лоьма (литературин псевдоним – Канташ), яздархо, филологин Iилманийн кандидат.

ГIойтIара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Краснодарерчу медицинин институте деша воьду, амма 5-чу курсе ваьлча юьту иза, лоьралла шен гIуллакх доцийла хиъча.

Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь доьшу. Белхаш бина телевиденехь, «Орга», «Гоч» журналийн коьрта редактор волуш. Ма-дарра аьлча, «Гоч» журнал цуьнан дIадолорца диллина дара.

2006-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманийн академехь лакхарчу Iилманан белхахочун даржехь болх бира.

Нохчийн литературехь, жанран санна, афоризман бух биллинарг лоруш ву Лоьма. «Зиэрийн тидарш», «Психографи», «Куц-аларш», Маржа дуьне», «Хаьржинарш» книгийн автор.

Кхалхар хилла 2016-чу шарахь.

№85, шинара, эсаран (октябрь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: