Хьехарехь шен ирс карийна

IMG_2462

1937-чу шарахь Шуьйтахь ИбаевгIеран Мохьмадан а, Залубин а доьзалехь дуьнен чу яьлла Эжаева Халисат 1944-чу шарахь вайн къам махках доккхучу хенахь хьалхарчу классехь доьшуш яра. Йиъ йиша а, ши ваша а вара цуьнан хIетахь. Къилбаседа Казахстане дIабохийначу кхеран доьзалан дукха халонаш лан дийзира. Бакъду, вайн дерриге къам а дара цу заманахь холчахь.

Жимчохь дуьйна немцойн мотт дукхабезаш йолчу Халисатна кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархо хила лаьара даима. Иштта, кхул жимаха йолу йиша Айман а яра хьехархочун говзалла хазахеташ. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, доьзал боккха хиларна (чолхе долуш), балха яхара ши йоI. Оццу шарахь деша яха кехаташ чуделира цаьршиммо. Кхечу къаьмнийн меттанийн факультете деша хIотта лууш яра Халисат. Бакъду, хIетахь оцу факультетехь очно бен доьшийла дацара. Ткъа дас-нанас кхечу шахьара дIабахна деша ца магийра мехкаршна. 1956-чу шарахь Усть-Каменогорск гIала хьехархойн институте деша яхара ши йиша. Халисат филологин а, Айман физикин-математикин а факультете. Вайн къомана сел хала беанчу муьрехь институтехь дешар-м хьовха, 10 класс чекхъяккхар а доккха хIума дара. ИбаевгIар бен нохчийн къомах кхин студент а вацара цу гIалахь.

Хьехархойн институте деша хIоьттинчул тIаьхьа Лениногорскерчу №№ 1 а, 7 а йолчу юккъерчу школашка юьхьанцарчу классашна хьеха балха дIаийцира нохчийн ши йоI. Циггахь хилира 18 шо долчу Халисата шен дуьххьарлера урок. Жима  йолу дела, шегара гIалат даларна кхоьрура иза. Делахь а, бераш шен сил дукхадезаш ю, кхерам байбора. Дукха хан ца ийшира цунна балхах йола. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча шайн доьзалца цхьаьна дай баьхначу махка   цIайирзира Халисат. ЦIа ма-кхаьчча, Шуьйтарчу юккъерчу школе балха яхара иза. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан шолгIачу курсе дехьа а елира (хьалхара курс Казахстанехь чекхъяьккхина). Ша хIетахь Шуьйтарчу школехь схьаэцна класс кхин дIа ца тосуш, итт шарахь классан куьйгалхо хилла чекхъелира къона хьехархо. Халисатан дешархой кхул итт шо бен кегий бацара. Цундела, алссам гергарло дара церан шайн хьехархочуьнца. Цуьнан хилла дешархой  таханлерчу дийнахь а бу  хIара  йолчу богIуш, кхуьнца даима зIе латтош. Дуьххьарлера хьехархо мел дукха хан-зама яларх йицлуш ца хиларан тоьшалла ду иза. «Цхьа а дезде дIа ца дохуьйту цара, вовшахкхетта со йолчу ца богIуш. Сайн бераш санна, хьоме бу суна уьш», –  йоккхарярца  дуьйцу Халисата шен дешархойх лаьцна. Казахстанехь  цуьнан хилла  хьалхарчу классан цхьа дешархо а ву кхуьнца таханлерчу дийнахь а гергарло латтош.

Шуьйтарчу юккъерчу школехь шен дуьххьарлера класс арахийцира Эжаева Халисата 1966-чу шарахь. ХIетахь «Отличник просвещения РСФСР» цIе а кхачийра цунна, «Знак Почета» орденца совгIат а дира. Кхин шо даьлча СССР-н хьакъйолу хьехархо а хилира Х.Эжаевах. Иштта, 1968-чу шарахь НГIАССР-н хьехархойн къинхьегаман мастеран а, тIаьхьуо Къинхьегаман ветеранан а цIераш елира цунна.

1967-чу шарахь шен хIусамда Эжаев Каспий Серлонан министерстве балха хьажийча, цуьнца цхьаьна Соьлжа-ГIала схьакхалха дийзира Халисатан. Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтехь болх беш вара Каспий хIетахь. Иза ша а ву Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет а, цул тIаьхьа Москвахь химин-биологин факультет а чекхъяьккхина, Хьена-Кхаьллахь школин директоран а, Шуьйтарчу школехь завучан а,кхечу ишта дIа кхин а  белхаш бина. Цул тIаьхьа кхачанан промышленностан институте заочно деша хIоьттина Соьлжа-ГIалахь консервийн заводехь болх бина Каспийс.

Балхахь оццул дукха кхиамаш баьхна а йоллушехь, Соьлжа-ГIалахь цхьана а школе балха ца оьцура Халисат. ХIетахь  Соьлжа-ГIалин школашкахь нохчийн хьехархой бан а бацара. Цкъа цхьана школехь методистан болх кхаьчнера кхунна. Бакъду, къоначу хьехархочунна иза башха ца тайра. ХIунда аьлча, доллу де хиина Iаш даккха дезара. Цул тIаьхьа Соьлжехь цхьана школехь оьрсийн меттан хьехархо оьшу аьлла хезна, цига балха яхара Х.Эжаева. 1967-чу шарера 1971-чу шаре кхаччалц Соьлжа-ГIалара цига балха дIалийлира иза.

1971-чу шарахь Соьлжа-ГIалин микрорайонехь тIекIелйинчу гIишло чохь хIусам елира Эжаев Каспийна. Цигарчу № 42 йолчу школе балха хIотта хьаьжира Халисат. Хьехархочун белхан меттиг яц шайн, библиотекаран «ахставка-м» ю аьллачул кхуьнга  школин куьйгалло. Зуда дош ала кхиале, «дика ду, реза ю хIара» сацийра  Каспийс. Цунна хууш хиллера школехь хьехархочун меттиг юйла. Баттахь библиотекаран даржехь болх бира Халисата. ДIахьаьжча, урокаш йолчу хенахь а школехула девдда лелаш бераш гора кхунна. ДIахьажча, оьрсийн меттан хьехархо воцуш, мукъа лелаш хиллера  уьш. Эххар, школин завуча бераш совцорхьама а, болх бан хьожий хьо, элира. Иштта дIайолаелла, 1985-гIа  шо кхаччалц № 42 йолчу школехь оьрсийн меттан хьехархо хилира Х.Эжаева. Ткъа цу шарахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан институт чекхъяьккхина кхуьнан воккхах волу а кIант Асламбек Омск гIала практике хьажийра. Иза ша ца вахийта, цуьнца цхьаьна Омске бахара ЭжаевгIеран берриге доьзал. Омскехь а кхаа шарахь школехь хьийхира Халисата.

Цигара  цIаеанчул тIаьхьа, могашаллин хьал ледара хиларна, цIахь сецира зеделларг долу  хьехархо. Шен доьзалан, бераберийн кхиамех самукъадуьйлуш еха иза. Кхеран воккхахволу кIант Асламбек Москвахь бусалбанийн литературин гIараяьллачу «Umma» издательствон куьйгалхо ву. Пхи доьзалхо ву цуьнан. ЙоIа Москвахь кIадин промышленностан институт чекхъяьккхина. Карарчу хенахь виъ кIант волуш, шен доьзалца цхьаьна Францехь Iаш ю иза. Жимахволчу кIентан Муслиман а ву кхо доьзалхо. Воккхахволчу кIентан йоI Москвахь кхиамца школа чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университете пачхьалкхан урхаллин факультете деша яхана. Москвахь ша дIаса ца лелархьама а, шен деда-денана цхьалха ца дитархьама а Нохчийчу цIаеана йоI.

«ХIинца дукха хан йоцуш сан хилла дешархо веънера со йолчу, – дуьйцу йоккхачу стага, – ша вевзий хьуна аьлла. Иза, Ибалаев Ваха вара. Суна  ша вевзича,  цецваьллера иза, оццул хан яьллачул тIаьхьа схьа ма-гинна муха  вовзира хьуна  аьлла. Накхарш лелош ву ша аьлла, моз деънера цо. Ас Шуьйтахь 1966-чу шарахь арахецначу классера вара Ваха. Интернатехь дара и бераш (ИбалаевгIеран доьзал). Цундела, леррина терго йора ас церан. …».

Хьехархо – иза корматалла хилла ца Iаш, дахаран некъ бу. Адаман цIийх, сих дIауьйш говзалла ю иза. Бераш дукхадезаш волчуьнга  стаге бен балур бац хьехархочун болх. Бераш дукхадезарх терра, лаккхарчу говзаллица кхочушдина Халисата шен корматаллин декхарш. Шен дешархошна шолгIа нана хилла лаьттина иза даима. Цундела, таханлерчу дийнахь цунна карабо ша кхиийна шен «шолгIа доьзал». Цара цкъа а ца йицйо хьалхарчу классера дуьйна шаьш «кога хIиттош», шайна дуьне довзуьйтуш, итт шарахь тешаме накъост, къинхетаме нана, говза хьехархо а хилла шайна уллехь лаьттина йолу дуьххьарлера хьехархо Эжаева Халисат. Шайн сагатделча уьш тахана а богIу цуьнан аьхначу, беркатах юьззинчу хIусаме, цуьнан эсалчу озе, къамеле ладогIа а, цуьнан синтемечу хьажарх дог дузо а.

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: