Омаев Дагунан 75 шо кхачар даздира

Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театрехь Россин хьакъволчу артистан, Нохчийн Республикин сийлахьчу гражданинан, Россин а, Нохчийчоьнан а театран а, кинон а актеран Омаев Дагунан 75 шо кхачарна лерина суьйре дIаяьхьира.

Юбиляр декъалвеш оцу суьйрене веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, официальни дуккха а нах а, кхечу регионашкара Дагунан доттагIий а, белхан накъостий а, цуьнан корматалла езаш берш а.

Дагунна лерина суьйре вовшах а тоьхна, дIаяьхьнарш бара: Нохчийн Республикин исскуствийн хьакъйолу гIуллакххо, Х.Нурадиловн цIарахчу драмин театран исбаьхьаллин куьйгалхо Ахмадова Хьава а, Нохчийн Республикин халкъан артист Джамаев Iимран а.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис суьйре дIайолош, баьхкинчаьрга маршалла а хоттуш, хьалхара дош Кадыров Рамзане делира.

– Вайн къоман дозалла ду Омаев Дагун. Ша мичча вахача а нохчийн къоман юьхь ларъеш чекхваьлла иза. Фильмашкахь цо ловзийна ролаш а цуьнан амалца йогIуш ю. Ас дозалла до Дагун санна болчу наха вайн исторехь мехала меттиг дIалоцуш хиларх, – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа Р.Кадыровс доккха совгIат дира халкъан артистана – «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна» цIе йолчу мидалца. Иштта, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан куьйгалхочо Кадырова Айманис совгIатана 2 миллион сом ахча а даийтинера цунна.

Дагестанерчу а, Къилбаседа ХIирийчуьрчу а, Кхарачойн-Балкхаройчуьрчу а доттагIаша а, белхан накъосташа а декъалвеш, совгIаташ дира Дагунна.

Театран белхахоша юкъ-кара, бакъдерг забаре а дерзош, шаьш кечйина самукъане сценкаш гайтира.

Суьйре чаккхенга яхча сцени тIе а ваьлла чIирхочо шен дагарадийцарх монолог йийшира Дагуна. Цул тIаьхьа цо Кадыров Рамзанна баркалла элира бIешерашкахь тайпанашна юкъахь лаьттина чIир дIаяккхарна, къоман барт барна.

Иштта, массарна а даггара баркалла элира цо ша лара а лерина, шен суьйрене бахкарна. Театран белхахоша Дагунна совгIатана шаьш даьккхина илли а олуш, ерзийра суьйре.

ВЕГИЕВА Макка

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: