Дийцаре дира лаьмнийн кIошташ а, хаамийн гIирсаш а кхиоран гIуллакхаш

Республикин финансийн министерствехь Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьеран, Нохчийн Республикин финансийн министран Тагаев Султанан цхьаьнакхетар хилира республикин Парламентан депутатаца Ахмадов Сайд-Iабдуллица а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхочуьнца Дадуев Мохьмадца а.

Цигахь дийцаре дира республикин лаьмнашкара кIошташ, къаьсттина Итон-Кхаьллан кIошт, кхиоран декъехь дан лерина а, деш а долу гIуллакхаш.

Цул сов, тидамза ца дисира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн балхаца а, царна дечу гIо-накъосталлица а доьзна гIуллакх.

Парламентан депутатана Ахмадов Сайд-Iабдуллина хетарехь, тIекхуьуш долу чкъор ийманехь кхетош-кхиорехь а, царна нохчийн халкъан ламасташ а, мотт а, культура а йовзийтарехь а жигара къахьоьгучу шуьйрачу хаамийн гIирсаша беш болу болх мехала бу.

Иштта, тIедогIучу 2018-чу шарахь, Нохчийн къоман «Даймохк» газетан 95 шо кхачар билгалдаккхаран вовшахтохараллин гIуллакх а хьахийра оццу цхьаьнакхетарехь.

Шен къамелехь Ахмадов Сайд-Iабдула дийцира нохчийн маттахь арадолуш долу Нохчийн Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газет дуьнен тIехь а цхьаъ бен цахилар а, шен историн оьмарехь нохчийн халкъо лайнарг а ловш, иза таханлерчу дийне кхаьчна хилар а.

Билгалдаккха догIу тIедогIучу 2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан 95 шо кхочуш хилар.

И.ИСЛАМОВ

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: