Дешнашца йийцалур йоцу синпаргIато

Жималлехь шен нанас лелийна цхьайолу хIуманаш кегош Iара жима Асет. Ларамаза карийра цунна нанас ша йолуш жима йолуш дехкина суьрташ. Уьш деккъа цхьа суьрташ бен ца хиллехь а, Асетана-м йоккха хазна таръеллера царах.

Цул тIаьхьа дукха хан а ялале, суьрташ дахка йолаелира иза. Цо караэцнарг къолам я кехат а дацара.

ГIамарша тIехь а, хьацар тоьхначу куьзгана тIехь а суьрташ дахка йолаелира йоI. ХIетахь цуьнан 8–9 шо бен а дацара. Бераша дохкучу суьртех тера ца хуьлура цо дуьххьара дехкинарш. Жимачохь дуьйна а дукха хьолахь адамийн суьрташ дохкура, хIинца а дохку. Адамийн юьхь-сибат диллар суьрташдахкарехь уггаре а чолхе лерина ду. Адаман деккъа цхьа куц дац суьрташдахкархочо гойтуш дерг, цуьнан хьажар а ду. Сурт дуьллу-чу хенахь цуьнан бIаьргаш чохь гIайгIа хиллехь – гIайгIа а, самукъа хиллехь – самукъа а ма-дарра гайта хаарехь гучудолу цуьнан похIма.

Дуьххьара шен ден а, ненан а, йижарийн а, гергарчийн а суьрташ дара цо дехкинарш. Иштта, суьрташдахкаро йоккха меттиг дIалецира йоьIан дахарехь.

Школехь дика доьшуш а яра иза. Изобразительни искусствон предмет яра цунна хазахеташъерг. Хьехархочо кест-кеста хастош хиллера Асета дехкина суьрташ, кхечу дешархошна иза масална а хIоттош. Школехь доьшучу хенахь шех суьрташдахкархо хир ю аьлла хеташ яцара йоI.

Цхьана дийнахь, Асетан ненан а, цунна евзаш йолчу суьрташдахкархочун а къамел хилира йоIана а хезаш. Хьехархойн университетехь йолчу искусствийн факультете йоI деша яхийта бохура цо (хьехар динарг цигахь хьехархо ю).

Дуьненчохь кега-мерса бахьана хIуттий а, шен новкъа долу-кх адам. Иштта, Асетана а хIоьттира и санна цхьа бахьана. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствийн факультете деша яхара иза. Цига деша яханчул тIаьхьа йолаелира иза басаршца суьрташ дахка.

Цкъа дуьххьара акварелаца дуьллура сурт, цул тIаьхьа шо гергга хан яьлча, даьттанца сурт дилла йолаелира. Тахана даьттанца сурт дуьллуш къаьсттина самукъадолу цуьнан.

Денна а керла лехамаш, ойланаш хуьлу цуьнан. Шена гуонаха дIасахьаьжча а кхечунна ца гучохь дукха хIума го цунна.

– Iалам, урамаш, адамаш… Ма дукха, хаза хIума ду вайна гуонаха. Доцучун ойланехь сурт а кхуллуш, болх бар цкъа а ца дезна суна. Дахар, адамаш… гайта хIума дуккха а ду. Адаман сурт дуьллуш къаьсттина хазахета суна. ХIора а адаман шатайпа куц-кеп, а вовшех тера хила йиш йоцу хазалла – иза кехата тIедоккхуш синхьаам хуьлу суна. Сурт дуьллучу хенахь дешнашца йийцалур йоцу синпаргIато а хуьлу, – бохура цо.

ЙоIа суьрташдахкархошна юкъахь къастийнарг французхо Клод Моне ву. Цуьнан суьрташ хазахетта ца Iаш, цо басарш шатайпа иэдарх цецъюьйлу Асет.

Гортикова Асет 1996-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 6-чу дийнахь дуьнен чу яьлла. Жимачу АтагIарчу юккъерчу школехь дешна. Цул тIаьхьа – вай лакхахь хьахийначу университетехь. Карарчу хенахь искусствийн факультетан 4-чу курсан студентка ю Асет.

Дукха хан йоццуш, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь къоначу суьрташдахкархочун «Ойланаш – басаршкахь» суьртийн гайтам схьабиллира. Иза цуьнан дуьххьарлера гайтам бу. Вай тешна ду, ша хаьржинчу кхоллараллин новкъахь иза цуьнан уггаре а жима кхиам хирг хиларх.

З.ЛОРСАНОВА

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: