Цхьалло зуьйчуьнгара хьал

Цхьалла. Ма йоккха есалла ю цхьалла. Ма гIайгIане, ма къаьхьа бу цуьнан чам. Цхьаъ ша висарал хала а, деза а хIун ду-те? Дуьнен чохь яккха язйина оьмар чекхъяллалц дIа ца воьдуш хьевелла хьаша санна лело езаш а ю-кх иза… и цхьалла.

Жималлехь-м цуьнан хьесап а ца до. Жималлех самукъадолу, дуьненах сакъерало, дех-ненах, йиша-вешех бIаьрг бузу. Дуьне а, Iалам а шен дуьхьа лаьтташ ду моьтту. Амма бIаьрнегIар тоххалц бен лаьтташ ца хилла-кх и мур.

Ткъа зама-м дIайоьду. Цо тергал а ца до хIумма а. Дех-ненах къастаран къаьхьа кад мала деза-кх хIораннан а. ТIаккха дIайолу дуьнене йолу марзо. Дуьнене хьежар а цхьа шатайпа хуьлу. Цул тIаьхьа шен кийрара бала балхо, дог дассо, тIетовжа белшаш ца юьсу. Кхоьлинчу бIаьргех беснеш тIехула охьауьдучу дуьрачу хиша кIад до-кх вуьшта а гIелделла дог. Цхьана ханна сецча санна хетало зама а, дуьне а. ТIаккха ойла хьаьвза коьрте, кхидIа ваьхна а хIун до кху дуьнен чохь, олий.

Ша висаро дог хьере деш хиллера. Цо дIайоккхуш хиллера дуьнене йолу марзо, кхане, карара хан бен юьсуш ца хиллера.

Амал дера йолуш адамаш а хуьлу-кх дуьнен чохь дуккха а. Церан бос а, куц-кеп а, юьхь-сибат а хуьлу цхьа шатайпа, цIена доцуш. Шайца къизалла йолуш, цхьажимма а къинхетам боцуш, догцIена боцчу нахана коьрте ца догIу оцу декъазчу адаман кийрахь дерг адамийн са дуй, оцу синна мотт ца хаьий, цуьнан аз доций, цуьнга мохь ца алалой. ХIетте а цуьнан лан деза массо хIума. Яхь дIа ца яла а, доьналлех ца доха а. ГIора дIадаьллачу дегIана чIогIа ницкъ хуьлу-кх. Кхин дуьненах дала самукъа ца дуьсу цуьнан. Мел  доккха доьналла оьшу и дерриге а лан. Шен рогIехь хийцало Iалам. Ца хаало цунна шен дашочу зIаьнаршца къегина схьакхеттачу маьлхан йовхо. Я буьрса деанчу Iаьнан шело а. Беккъа тхов а, шийла пенаш а бен яц хIусам, нагахь цу чохь доьзал бацахь.

Сан есалла, цхьалла, хьо муха тарло дуьненчу? Хьо дуьненал а йоккха ю, сан есалла.

АСИЕВА Фатима

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: