Ас даггара декъалдо шу халкъийн цхьааллин денца. Вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин хиламийн рузманехь къаьсттина меттиг дIалоцуш ду хIара дезде.

Вайн мохк даима а цIе яхна хилла халкъаш а, динаш а бертахь, ваьштатаьIна хиларца. Билггал цуьнца йоллу мехкан сийлалла а, нуьцкъалла а. Вайн Даймехкан исторехь дукха ду, тайп-тайпанчу къаьмнех, динехь долу адамаш, мостагIчун кхерамна дуьхьал цхьа буй хилла дIахIоттаран масалш. ТIемаш, политикин а, экономикин а кризисаш, революцеш йолчу хенахь кхиамаш хиларан коьрта бахьана хуьлий дIахIуттура иза. Махкара хьал галдаккха гIерташ тахана жигара лелош долу хIуманаш гуш ду вай. Россина дуьхьал еш тайп тайпана санцкеш ю, махкахь кегарий, къелла, зуламаш даржо лууш. Оцу Iалашонца пайдаоьцу шайн ерриге а таронех, гIирсех. Кхолладеллачу хьолехь вай собар, доьналла, ийман хилар гайта деза, вайн къоман баьччина Путин Владимир Владимировична гуонаха ваьштатаIа, цхьаьнакхета деза. Вайн мостагIашна дала хьакъ доллу дика жоп ду иза!
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Республикехь машар а балур бац, республика саьлнашкара гIатталур а яц, тешам боллуш кхиар а хир дац ерриге а юкъаралла цхьаьнатоьхча бен, цуьнан барт хилча бен». ХIинца, дIадаьллачуьнга юхахьаьвсича, вай кхета: мел, хьикмате, генна хьалха хьоьжуш политик хилла иза. Дерриге а халкъийн, динийн векалийн цхьаьнатоьхначу ницкъаца вай машар хиларе, аьтто хиларе, токхо хиларе, зазадаккхаре кхаьчна!
Вай бакъонца дозалла до Нохчийн Республикехь кхочушъечу къаьмнийн политикехь болчу кхиамех. Кхузахь маьрша а, бертахь а Iаш ду тайп-тайпанчу къамнех, тайп-тайпанчу динехь долу адамаш, вайн Сийлахь боккхачу Даймехкан – Россин зовкхан дуьхьа цхьаьна къахьоьгуш ду уьш. Къоман а, динан а башхалла бахьанехь дов-дацар хилла меттиг яц вай долчохь. Кхул тIаьхьа а вай цхьаьнгга а зайл тухуьйтур бац республикин халкъашний, динашний юккъе!
Хьомсара махкахой! Суна даггара лаьа шун доьзалшкахь токхо, беркат лаьттийла, шу маьрша дехийла, шун ондда могашалла хуьлийла. Дерриге а дикачу дIадолорашкахь а, гIуллакхашкахь а аьтто хуьлда шун!
№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо