Вайн чIагIаллин ницкъ

МостагIчух шен мохк ларбарна уггаре а хьалха оьшург оцу махкахь дехачу халкъийн барт, цхьаалла хилар ду. Массарна а зеделла цIена бакъдерг ду иза. Делахь-хIета ларамаза дац Россехь Халкъийн цхьааллин де уггаре а мехала дезде санна билгалдоккхуш хилар. Цуьнан шен бахьанаш а ду, бух а бу.

…XVII-чу бIешарахь Россин халкъаш вовшашца барт боцуш, вовшашца къийсалуш, хаддаза девнаш деш хилла. И хьал девзаш, полякаш Россина тIелетта. Ярташ, шахьарш йохош, адамаш хIаллакдеш полякийн эскарш Москвана герга кхаьчна. Халкъ доккхачу Iазапехь хилла. Иза цхьаьнатоха, цунна хьалхавала доьналла, къонахалла, хьуьнар долу стаг оьшуш хилла Москва а, цуьнца цхьаьна берриге а мохк а полякийн олалли кIел ца бахийта.

Полякийн эскарша дечу луьрачу тIелетаршна шайн бIонашца майра дуьхьало ярехь Россин коьртачу шахьаран кIошташкахь билгалваьлла хилла эла Пожарский Дмитрий а, эскаран баьчча Минин Козьма а. Вовшашца дика юкъаметтиг а, юххера гергарло а хилла цу шиннан. Цул сов, ойла цхьаьнайогIуш а хилла и шиъ, Даймехкан а, халкъан а дуьхьа са дIадала кийча а хилла.

И санна дерг халкъана ца гуш ца дуьсу. Даймохк мостагIех ларбан гIевттинчу гIаттамхоша Пожарский Дмитрийга а, Минин Козьмага а дехар дина халкъан а, Россин а дуьхьа эскаршна хьалхавалахьара, эскаршна куьйгалла дахьара, аьлла. Церан лаам кхочуш а беш, масийтта декъе бекъабелла болу гIаттамхой цхьаьнатуьйхира оцу шина къонахчо. Церан барт бира. Ницкъаш цхьаьна а тоьхна, полякийн эскаршна тIелетарш дIадолийра. Ткъа 1612-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь мостагIашна тIехь толам а баьккхина, царах Москва паргIатъяьккхира Россин эскарша.

Кхузахь вайна дагавогIу Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала декъалвойла иза а, Нохчийчоьнан таханлера Куьйгалло Кадыров Рамзан а).

Москва паргIатъяьккхича, дуьххьара цу чу веанарг Пожарский Дмитрий ву. Полякашна тIехь толам боккхуш эгначеран сий деш, ЦIечу Майданахь килс яйтира цо шен чоьтах. Цул тIаьхьа, Москвахь цIе а яьлла, иза яьгча, (дечигах йина яра иза) 1635-чу шарахь тIулгех Казански килс ютту шахьарарчу бахархоша.

Москва а, ткъа иштта Росси а полякийн эскаран олаллех кIелхьараяьккхина де пачхьалкхан дезде санна билгалдаккха долийна 1649-чу шарахь дуьйна. Оцу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь Россин паччахьа Алексей Михайловича арахецна хилла и де пачхьалкхан дезде санна билгалдаккхар тIедожош долу Указ.

1917-чу шарахь Россехь большевикаша революци (октябрехьлера) яллалц даздеш хилла и де. Советийн Iедал доьхначул тIаьхьа а дикка шераш дIадевлира Халкъийн цхьааллин де даздар дицдина. Делахь а, 2005-чу шарахь Россин Федерацин Президента Путин Владимир Владимировича шен Указаца юха а юкъадалийра Халкъийн цхьааллин де. Цу тIехь билгалдоккхуш ду хIора шеран лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь вайн махкахь Халкъийн цхьааллин де дезде санна билгалдоккхург хилар а, иза мокъа де хирг хилар а.

Наггахь, цхьаболчара олуш хеза: «Халкъийн цхьааллин де Советийн Союз йолчу хенахь даздеш хиллачу лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнан метта юкъадаьккхина ду», – бохуш. Иза иштта дац. ХIунда аьлча, шен бух а, шен маьIна а долуш дезде ду лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь билгалдоккхуш дерг. Цуьнан юкъара цхьа а хIума дац большевикийн революцица.

Вайн махкарчу дерриге а халкъаша доггаха къобалдеш ду Халкъийн цхьаллин де. ХIора шарахь оцу дийнахь даккхий даздарш дIахьо ярташкахь а, гIаланашкахь а. Уьш дерзадо шатлакхашца. Массанхьа а санна, Нохчийчохь а билгалдоккху и де. Россин дуккха а къаьмнех лаьттачу бертахьчу боккхачу доьзалан декъашхой ма бу тахана нохчий а. Цундела вайна а мехала ду и де.

ХIаъ. Вайн халкъан ехачу оьмарехь а даьхкина бодане а, лазаме а денош. Амма нохчийн халкъ массо хенахь а кхечу халкъашца доттагIалла, вошалла лелош хилла, цунна цхьаалла, барт, маршо езаш хилла. Цунна тоьшалла деш долу бакъдерш дуккха а карадо вайна халкъан барта кхолларехь а, историн ширачу тептаршкахь а.

Нийсо йолчохь бен хила йиш яц халкъан цхьаалла а, барт а. Барт болчохь бен лаьттар дац беркат. Беркат ца хуьлучохь ирс а хир дац. Бераллехь дуьйна вайн дайшкара хезна ду вайна кIорггера маьIна долу и дешнаш. ТIаьхьарчу шерашкахь даккхийчу зерех чекхдаьлла долчу нохчийн халкъана дика девзаш, кхеташ ду оцу дешнийн маьIна.

Тахана, АллахIан къинхетамца, Нохчийчоь маьрша ю. Кхузахь халкъаш бертахь деха, церан цхьаалла ю массо а хIуманна тIехь. Цундела вайна лелочух беркат хуьлу. Вайн халкъан уьйр-марзонаш ю Россехь дехаш мел долчу халкъашца а. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iаламат дукха болх бина, хIинца а бан а бо халкъийн барт, цхьаалла чIагIъяран, адамийн дахар токхе а, ирсе а хилийтаран декъехь.

Нохчийчу баьхкина хьеший, туристаш цецбовлу кхузара хьал, бахархойн Iер-дахар шайна гича. Бехк а бац, цкъа а тIом ца хилча санна, къегина, хазъелла, къонъелла дIахIоьттина Нохчийчоь, къаьсттина цуьнан коьрта шахьар – Соьлжа-ГIала. Хьеший вайн халкъан векалшца уьйраш таса, вайца гергарло лело лууш хуьлу.

Ишттачу хьелашкахь чIагIло халкъийн барт. Цуьнан тIаьхье зовкхе а хуьлу. И ду-кх вайн халкъашна оьшуш а, цара сатуьйсуш а дерг. Вайн Халкъийн барт, цхьаалла чIогIа мел хили а нуьцкъала хир бу вайн сийлахь-боккха Даймохк. ТIаккха цуьнца забарш ян цхьа а хIуттур вац.

Д.АНАДЕВ

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: