Нохчийн Республикин прокуратурехь

Закон массарна а цхьаъ ду

Школе даха хан кхачаза долчу берийн дешарехула йолчу Нохчийн Республикин Правительствон комитетехь планаца богIуш болу таллам дIахьочу хенахь регионан прокуратурина гучуделира гIирсаш эцаран хьокъехь долу законодательство талхийна хилар. Ша аьлча, берийн ловзочу хIумнашца кхачоярехула пачхьалкхан контракт йина хиларан хьокъехь комитетан контракташкахула волчу урхалчас реестрехь контрактех лаьцна хаамаш ца бинера. Иза даза диснера дахарехь-Iерехь шайх пайдаоьцуш болчу электрогIирсашца кхачоярехула пачхьалкхан контракташ кхочушъяран хьокъехь йолчу отчетах лаьцна цхьааллин хаамийн системехь хаамаш барехь а. Цуьнца доьзна республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима РФ-н КоАП-н 7.31 статьян 2-чу декъана тIедоьгIна административни талхораш даран хьокъехь комитетан контракташкахула волчу урхалчина дуьхьал административни гIуллакх а, 7.30 статьян 1.4 декъана тIедоьгIна (законан лехамаш талхош хаамаш а, документаш а контрактийн системехь гайтар) административни гIуллакх а долийра. И ши гIуллакх Федеральни антимонопольни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхалле дIадахьийтина къастадайта а, хьокъала боллу сацам тIеэцийта а. Таллам бар дIадахьар а, уьш къасторан жамIаш а прокуратуро шен тергонехь латтош ду.

Бух боцу сацам бохийна

ГIуллакхехь хиларх пайда а оьцуш тешнабехк барца, баккхийчу барамашкахь ямартло лелорца доьзна (РФ-н УК-н 292 а, 159 а статьяш) долийна хилла уголовни гIуллакх таллар сацоран хьокъехь бина хилла сацам бохийна регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс. Хууш ду ТIехьа-Мартан кIоштан больницин коьртачу лоьран заместитель йолуш Х.Маккас , ша гIуллакхехь хиларх пайда а оьцуш, нехан хIуманаш лечкъоран Iалашонца, официальни документана юкъа даррехь харц хаамаш бахийтина хилар. И гIуллакх юьхьанцара таллар Россин ТК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин ТIехьа-Мартан кIошташна юкъарчу талламан отдело сацийнера бехке еш ерг дуьненаюкъарчу барамашкахь лахарца (международный розыск) доьзна. Прокуратурехь уголовни гIуллакх талларо гайтина уголовно процессуальни законан лехамаш талхийна хилар. Зуда бехкеяр цхьаьнадогIуш дацара билггал долуш долчу гIуллакхца. Уголовни гIуллакх кхидIа а таллар тергонехь латтош ду.

Наркотикех хилла «пайда»

Пачхьалкхан бехкевархочо, Шелан кIоштан прокуроран гIоьнчас Цамаев Майрбека гIо лаьцна РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъаца билгалдина зулам дарна (баккхийчу барамашкахь наркотикийн гIирсаш бакъо йоцуш эцар, Iалашъяр, йохка Iалашо а йоцуш) бехкевеш волчу Д.ШахIидана дуьхьал долийначу уголовни гIуллакхан. Суьдехь тIечIагIдира Д.ШахIида каннабис (марихуана) бакъо йоцуш эцна хилар а, бакъонаш ларъяран органаша ша лаццалц йолчу хенахь Iалашйина а хилар. Динчу зуламна бехке лерира иза Шелан гIалин суьдо. Цуьнга хьаьжжина кхиэл а кхайкхийра: юкъарчу рожан товаран колонехь 3 шой 6 буттий хан яккха дезар ду наркотикашца гергарло дезачун.

Дехарна жоп ца луш витина

КхитIе а таллам бан уголовни гIуллакх юхадерзоран хьокъехь болу Заводской кIоштан прокуратурин сацам бохор доьхуш Россин ТК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллин Соьлжа-ГIалин Заводской меттигерчу талламан отделан талламхочо дина хилла дехар жоп доцуш дитина регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс. РФ-н УК-н 303-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина зулам дарна (граждански гIуллакхца доьзна харц тоьшаллаш дар) бехке еш йолчу Т.Айшин уголовни гIуллакх кIоштан прокуратуре кхечира шеца бехкеяран сацам а йолуш. Талламхошна хетарехь, Россин Федерацехь хаддаза ехаш хиларан бакъдерг чIагIдайтаран Iалашонца, цул тIаьхьа бакъо йоцуш Россин гражданинан ба4къонаш хилийтархьама зудчо цунна тоьшалла ду аьлла, урхалла даран компанин харц справка елира суьде. ГIуллакх  талларо гайтира бехке еш йолчо динчу зуламан нийса мах хадийна цахилар. И бахьана долуш кхитIе таллийта а, гучудаьхна кхачамбацарш дIадахийта а юхадерзийнера уголовни гIуллакх кIоштан прокуратуро. КхитIе а таллам бар вовшахтохийта Россин ТК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхалле дIадахьийтина гIуллакх.

Жима бизнес кхиорна – тидам

Предпринимателийн бакъонаш ларъярехула йолчу ведомствошна юкъарчу белхан тобанан кхеташо дIаяьхьира Грозненски кIоштан прокурора Тагаев Iадлана. Цигахь дакъалоцуш бара прокуратурин белхахой, кIоштан администрацин а, бакъонаш ларъяран, таллам латторан органийн а векалш, ткъа иштта шайн гIуллакх деш болу предпринимательш. Шен къамелехь прокурора билгалдаьккхира предпринимателийн бакъонаш ларъяр ведомствон коьртачу декхарех цхьаъ хилла дуьсуш хилар. Iаламат мехала лерира жима бизнес кхиорна бегIийла хьелаш кхолларан гIуллакх. Предпринимателийн бакъонаш ларъярца доьзна коьрта декхарш билгалдахарца цхьаьна цо иштта тидам тIебахийтира предпринимателийн гIуллакхашна бакъо йоцуш муьлхха а тайпа юкъагIертарш сацам боллуш дехка дезаш хиларна.

Стаг кхелхира…

Стеган кхалхар а хуьлуш, некъан боламан бакъенаш талхорна (РФ-н УК-н 264-чу статьян 3-гIа дакъа) Гавдаханов Iарби а, Батукаев Юсуп а бехкевеш Нохчийн Республикин МВД-н талламан урхалло лелош хилла уголовни гIуллакх цига юхадахьийтина кхитIе а таллам байта. Уголовни гIуллакх талларо гайтира бехкеваран сацам чIагIоярна а, гIуллакх суьде дIадахьийтарна а дуьхьало еш болу уголовно-процессуальни законан лехамаш талламхочо талхийна хилар. Ша аьлча, бехкебеш болчеран хьашташ лардеш цхьаъ бен адвокат вацара, цушиннан хьашташ вовшашца галморзахалла йолуш хиллехь а. МВД-н ЭКЦ-н эксперта ша цхьамма йинера суьдан-автотехникин экспертиза, талламхочо комиссин экспертиза билгалйина хиллашехь. Цунна юкъахь хила декхар дара шиннал кIезиг воцуш эксперт. Цуьнца доьзна республикин прокуратуро тардалийта йиш йоцуш лерина бехке беш болчаьрга барт хаттаран протоколаш а, ткъа иштта суьдан-автотехникин экспертизин сацам а. Цул сов, Гавдахановс белла гайтамаш бехкеваран сацам тIехь нийса бацара, цуьнга барт хаттаран протоколаца цхьаьнабогIуш а бацара. ГIуллакхан материалаш тIехь дIаяха езаш йолу галморзахаллаш яра, буьззинчу барамехь ца бинера таллам, хьакъ боллу юридически мах ца хадийнера ремонтан белхаш дIабахьарца доьзна ханна йолу некъан билгалонаш хIиттийна болчу даржерчу белхахойн гIуллакхийн. Оцу дерригенна тидам тIебахийтина регионан прокуратуро МВД-н талламан урхаллин куьйгаллин.

Тоьшалла схьаэца МФЦ-хь

Россин МВД-н кху шеран товбецан 6-чу дийнахьлерчу омрица регистрацин-экзаменийн белхан гIуллакхашкахула Россин МИВД-н нормативни бакъонийн акташна хийцамаш юкъабалийна. Цаьрца нисйина транспортан гIирсашна урхалла дарна бакъо яккха экзамен дIаяхьаран, водителийн тоьшаллаш дIадаларан, автомототранспортан гIирсаш а, царна тIаьхьатосу гIирсаш а хьесапе эцаран регламенташ. ХIинца хьалха делла хиллачу водителийн тоьшаллийн меттана керланаш схьаэца таро ю МФЦ-хь. Цу тIе, и тайпа пачхьалкхан хьашт кхочушдар белхан 15 дийнал дахдала йиш а яц. Хьесапе эцна муьлха документаш чудала деза бохург а: шен лаамца гражданинан бакъо ю, масала, дозанал арахьа ваха бакъо луш долу паспорт чудала а. Бакъду, хьашташ кхочушдийр дац, нагахь водительшна леринчу программехула дешна хилар чIагIдеш документ делла хиларан хьокъехь хьокъала боллу хаам бацахь. Пачхьалкхан пошлина дIаяла йиш ю Цхьааллин порталехула. Нисйина экзаменаш дIаяларан къепе а.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: