Кегийрхошца юххера зIенаш латтайо Ерригроссин халкъан фронто

Юкъараллин-политикин «Халкъан фронт – Россигахьа» организацин коалици («Ерригроссин халкъан фронт») аьлла цIе йолу юкъараллин болам хIутосург (май) беттан 2011-чу шарахь Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран лаамца кхоьллина ю. Оцу хенахь дуьйна Россерчу ерриге а регионашкахь болх беш халкъан фронтан штабаш ю.

Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийчуьрчу региональни исполкоман куьйгалхочуьнца Мусаев Мохьмад-Iелица цхьаьнакхетар хилира тхан. Цо дийцира халкъан фронто бечу балхах лаьцна а, цуьнан мехалла а йовзийтира.

–Мохьмад-Iела, маца, мичахь йиллина Нохчийчохь Ерригроссин халкъан фронтан дуьххьарлера штаб? Хьо маца дуьйна болх беш ву цигахь?

– Ерригроссин халкъан фронтан региональни штаб 2013-чу шарахь схьайиллира Соьлжа-ГIалахь. Оццу шарахь дIаяьхьна хиллачу дуьххьарлерчу конференцехь дуьйна ву со болх беш.

2014-чу шарахь хIоттийра со тахана волчу дарже. Юха хьаьжча го хIокху 5 шарачохь динарш дуккха а хилар. Вайн республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана леррина тидам тIе бохуьйту регионехь мел дечу гIуллакхашна, къаьсттина кегийрхойн декъехь деолчарна.

– Къоман фронтан коьрта Iалашо хIун ю? Шайн белхан кеп йовзийта тхуна.

– Россин Федерацин Президентан хIутосург (май) беттан указаш кхочушдар ду тхан фронтан уггаре а коьрта декхар, цул тIаьхьа догIу кхин долу цуьнан тIедахкарш.

Ерригроссин халкъан фронтехь 7 некъаца дIахьо болх: «Юкъаралла», «Ма-дарра къамел», «Социальни нийсо», «ХIора дийнан хьашташ а, дикалла а», «Хьанал экономика», «Экологи а, хьаннаш а ларъяр», «Дешар а, культура а».

Оцу хIора а некъана юкъадогIуш шайн-шайн гIуллакхаш ду, иштта тобанаш а ю. Оцу декъехь болчу говзанчаша лаккхарчу жоьпаллица дIахьо шайна тIедахкина декхарш кхочушдар.

– Шайн уггаре а мехала проекташ йовзийта тхуна?

– Уггаре а коьртаниг, карара шо экологин хиларе терра, хIокху шарна лерина «Коьрта цIано» аьлла ю тхан проект. Иза ерриге а республикехь кхочушъеш йоккха проект ю, дакъалоцуш регионера ерриге а ведомтсвош а йолуш. Оцу проектан гурашкахь дIахьош дуккха а гIуллакхаш ду: «Яхалахь, хьун», «ЦIена хиш», иштта кхидерш. Дуккха а къоначу жигархоша дакъалоцу ишттачу гIуллакхашкахь. Юкъараллина оьшуш, Iаламат пайдехь проект ю иза. Иштта ю «Коьрта цIано» аьлла йолу проект а. И бахьана долуш хила езаш йоцу дуккха а нехаш дIакхуьссийлаш дIаяьхна республикера.

«Некъан инспекци» проект а ю оха кхочушъеш. Некъийн дикалла, цу тIехь ларъян еза бакъенаш толлуш. Регионерчу кIошташкахь некъаш дохийна меттигаш билгал а йохуш, уьш тодайтарна тIехь терго латтайо оцу гIуллакхна векал бинчу жигархоша.

ХIокху шарахь болх бан йолаелла «Берийн цхьатерра бакъонаш» аьлла йолу проект. Берашна кхин тIе а дешар Iаморна лерина ю и проект. Дуккха а кружокаш (музыкин, суьрташ дахкаран, и.дI.кх.а), секцеш (спортан, искусствон и. дI.кх.а), дешаран программаш, мастер-классаш ю программина юкъайогIуш. Йоккха аудиторий йолуш проект ю иза.

Цул тIаьхьа йогIу кхин а цхьамогIа проекташ: «Халкъан мах», «Ерригроссин халкъан фронтан патриотийн проекташ», «Журналисташна гIодаран туш», «Могашалла Iалашъяран декъехь гIодар», «Промышленни комитет», «Халкъан экспертиза», иштта дIа кхин а.

– Мохьмад-Iела, ахь дуьйцучуьнга ладоьгIча кхета аш беш берг боккха болх хиларх, и болх бан шуна дуккха а жигархой оьшуш хиларх. Мичара бовлу шуна оццул жигархой, шайн лаамца богIий уьш халкъан фронто дечу гIуллакхашна юкъа?

– Ахь ма-аллара, дуккха а волонтераш оьшуш болх бу тхайниг. Делахь а, цкъа а уьш ца тоьаш де ца деана тхуна. Вайн халкъ вуьшта а ду нахана оьшучунна сема, вовшашна гIо дан лууш, шайн гIо дан аьтто хилча, шаьш схьабогIу тхуна вайн кегийрхой. Тхайн ма-хуьллу, цаьрга хаамаш беш тхо а хуьлу. Интернетан сеташ чухула кхайкхам бо оха тхайн жигархой оьшу олий. Цундела, дуккха а наха дакъалоцу фронто кхочушъечу проекташкахь, дIахьочу акцешкахь. Цара тхуна доккха гIо до регионехь дIахьочу муьлххачу а гIуллакхашкахь. Цкъа юкъабаьхкинчул тIаьхьа гуттара а тхоьца хуьлу уьш. Цундела, дика ларош схьадогIу тхо.

– Шайн фронто дIакхайкхийначу «ТIекхуьучу чкъуран васт» аьлла йолу конкурсах лаций дийцахьа ешархошна.

– Дукха хан йоццуш, халкъан фронто дIайолийна ю и конкурс. Вайн пачхьалкхан юкъараллин а, экономикин а, социальни а декъехь долу хьал 15-20 шо даьлча шайна гарехь муха ду довзийта деза дакъалацархоша. Иштта аьтто бу, шайна хетарехь долу кхачамбацарш а, коьрта проблемаш а дIаяхарх лаьцна дийцар.

Ши номинаци ю конкурсан: эссе, креатив. Кегийрхойн аьтто бу видеокийсакашца, суьрташца, йозанца шайна луург гайта. Вайн регионерчу массо а министерстве, ведомстве дIахаийтина оха и конкурс хилар. Еккъа цхьа эссе язйина ца Iаш, креатив аьллачу номинацехь дакъалаьцначу жигархошна юкъахь билгалбевр бу толамхой. 35 шо кхачаза волчу муьлххачу вахархочун бакъо ю конкурсе заявка яла. Лахьанан ( ноябрь) беттан 10-гIа де тIекхаччалц схьаоьцуш ю заявкаш.

«Хийцамашка ца хьоьжуш, айхьа бе хийцамаш» цIе йолуш кхин цхьа конкурс а ю оха вовшахтухуш, цунах лаьцна дерг еша таро ю onf.ru/region/chechenskaya сайта тIехь.

– «ОНФ-н кегийрхой» аьлла йолчу тобанах лаьцна дийцахьа тхуна, Мохьмад-Iела.

– Ерригроссин халкъан фронто кегийрхойн Iаламат боккха тидам бо. Фронт вовшахтоьхча кхоьллина ю «ОНФ-н кегийрхой» цIе йолу тоба. Цу юкъахь 5-10 дакъалацархо бен вацахь а, цара деш долу гIуллакхаш дуккха а ду. Регионехь дIахьош долчу гIуллакхашкахь жигара дакъалоцу цара.

Оцу кегийрхоша, шаьш дага а довлий, дика гIуллакхаш до: берийн самукъадоккху меттигаш тойо, хьозанийн баннаш до, царна яахIума таса меттиг кечйо, синтарш дугIу. Уггаре а коьртаниг, баккхийчу нахана гIо до, цаьрца къамелаш деш Iа. Воккхачу стагана шега ладугIуш, вистхуьлуш стаг хилча хазахета, самукъадолу. Цундела дукха хуьлу «ОНФ-н кегийрхошна» баркалла олурш.

– Вайн регионал арахьа гIуллакхаш хуьлий къоман фронтан?

– Кест-кеста луларчу регионашкарчу форумашкахь, конференцешкахь дакъалоцу оха. Луларчу регионашкара халкъан фронтан векалш вайн республике а богIу. Тайп-тайпанчу темашна лерина гIуллакхаш дIахьо ишттачу цхьаьнакхетаршкахь.

Фронто вовшахтухучу гIуллакхашца регионера кегийрхой тайп-тайпанчу сменашкахь дакъалаца бохуьйту оха. Карарчу шарахь дIаяьхьначу кегийрхойн «Таврида» форумехь дакъалоцуш Нохчийчуьра 2 векал вара халкъан фронто вахийтина. Оцу форумехь Россин Президент цхьаьнакхета кегийрхошца. Ткъа кегийрхойн таро хуьлу мехкан Куьйгалхочуьнга шайна лууш долу хаттарш дан. ХIокху шарахь дакъалаьцна хилла кегийрхой чIогIа реза хилла баьхкина оцу форумера. Царна гинарш, девзинарш дуккха а ду.

– Карарчу ханна дан ларийнарш, даза дисинарш дукха дуй?

– ХIора шарахь дIахьош региональни конференци ю, цигахь дуьйцу дийнна шарахь дIабаьхьначу балхах, иштта дан ца ларийначех лаьцна. Билгалбоху оцу шарахь уггаре а жигара хилла болу белхахой. Царна мехала совгIаташ до. ХIокху шеран жамIаш а оцу конференцехь дийр ду.

– Шайн балхахь уггаре а мехала дерг хIун хета хьуна, Мохьмад-Iела?

– Тхан болх безачунна атта а, самукъане а бу. Даима а адамашца зIе а латтош, гIо оьшучун хьашташка хьожуш бу тхан болх. Нахаца къамел дар а, церан дог эцар а хета суна доккха хIума. Вайн республикерчу ерриге а кIошташкахь долу хьал довза а, нахана бегIийла хьелаш кхолла а хьовсу тхо. Вайн санна Куьйгалхо а волуш мухале атта а, самукъане а ду кегийрхошца болх бар.

– ХIун эр дара ахь вайн тIекхуьучу тIаьхьене?

– Вайн кегийрхошка вовшашца а, баккхийчаьрца а, кегийчаьрца а лараме хила аьлла дехар дан лаьа суна. Шайн гIуллакхаш нахана пайдехь долчуьнца дозахьара аш. Вайн дахар тахана атта ду, цуьнца цхьаьна кхераме а. Зен-зуламах лар а луш, дикачунна тIе а гIерташ даха хьовсахьара шу. Иштта, вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дика накъостий хила ала а луур ду суна шуьга. Дала аьтто бойла шун массеран а, шайн дахаран некъа тIехь.

Хь.БАХТАЕВА

Суьрта тIехь: Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийчуьрчу региональни исполкоман куьйгалхо Мусаев Мохьмад-Iела

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: