Дуккха а адамийн дагах кхеташ, дог ира-кара хIоттош ду нохчийн пондаран аз. Ткъа нохчийн пондар хьахийча, Димаев Iумаран сурт дуьхьал хIутту, цуьнан кхолларалла а дагайогIу.
Кху деношкахь Хьалха-Мартан районан Димаев Iумаран цIарахчу культурин цIийнехь дIаяьхьира хIора шарахь дIахьош йолу регионашна юкъара Халкъийн кхоллараллин «Нохчийн пондар» фестиваль-конкурс. Къаьсттина доккха дакъалецира конкурс вовшахтохарехь Халкъан кхоллараллин марказан директоран заместитела Шатаева Зараа а, Халкъан кхоллараллин марказан методически отделан куьйгалхочо Демильханова Билкъиса а. Иза Димаев Iумаран кхоллараллина лерина а яра. Цига баьхкина бара вайн луларчу республикашкара – Дагестанера, Къилбаседа ХIирийчоь – Аланера, Димаев Iумаран кхолларалла евзаш болу говзанчаш, ткъа иштта Нохчийн Республикин культурин министран заместитель Гайсумов Iабдулхьамид, Хьалха-Мартан районан администрацин куьйгалхо Алавдинов Iабдулл а.
Фестивалан Iалашо яра гIараваьллачу нохчийн композиторан Димаев Iумаран кхолларалла йиц ца ялийтар, тIекхуьучу кегийрхошна нохчийн пондаран озе безам кхоллабалийтар.
Вайн республикерчу массо а районашкара музыканташа-пондарчаша хазийтира цIена нохчийн пондаран аз.
Хьешаша, цу юкъахь Дагестан Республикин хьакъволчу культурин белхахочо Апаев Батыра а, Хьалха-Мартан районан Гихта юьртан вахархочо Цегаев Мадас а кхин а хазйора фестиваль-конкурс. ХIунда аьлча Iумар цу шинна юххера вевзара. Ткъа иза дагалоцуш нохчийн шира пондар тIехь хьовсархошна Димаеван мукъамаш карлабехира цара.
Хьешашна а, хьовсархошна а дагна хьаам беш масийтта илли элира Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а хьакъволчу артиста, Iумаран кIанта, Димаев Iелас. Цунах доккха совгIат хилира хьовсархошна.
Фестиваль-конкурсан жюрин декъашхой бара: Къилбаседа ХIирийчоь – Аланера Россин Федерацин халкъан артист Газданов Булат, Нохчийн Республикин халкъан артист Паскаев Рамзан, Нохчийн Республикин халкъан артист Айдамиров СаьIид. Цара жамIаш дарца, фестиваль-конкурсан толамхой билгалбехира:
1-ра меттиг яьккхира Баракаева Липас (Хьалха-Мартан район)
2-гIа меттиг – Агнаева Алинас (Къилбаседа ХIирийчоь – Алани)
3-гIа меттиг – Шерипов Руслана (Гуьмсан район).
Толамхой дипломашца, дагалецаман совгIаташца декъал а беш, ерзийра фестиваль-конкурс.
З.САГАЕВА
Авторан сурт