Школе дахазчу берашна Iамадо цIе яьлча дан дезарг

Соьлжа-ГIаларчу а, ЧIуьлга-Юьртарчу а еа берийн бешан берашна дийцира цIе яьлча дан дезачух лаьцна.

«Месячник гражданской обороны» акцин гурашкахь дIадаьхьна дара и гIуллакх.

Теркан кIоштарчу №26 йолчу цIеяйъаран-кIелхьардахаран декъан инспектора Гумадаева Мадинас дийцарехь, ишттачу занятешкахь берашна девза цIарах долу зулам а, иштта, царна хаьа цIе яьлча дан дезарг а.

Цул сов, берашна леррина кечдинера цIе яларх лардала Iамош долу хIетал-металш, байташ, бес-бесара плакаташ. Стационарни а, мобильни а телефонехула цIеяйъархой кхайкха а Iамийра царна.

Баккхийнаш юххехь боцуш тоькан а, газан а гIирсаш лелон мегарг ца хилар дIахаийтира берашна. ЦIеяйъаран-кIелхьардахаран №2 йолчу декъан инспектора Безаев Хьусайна берашна довзийтира цIеяйъархойн духар а, цIе дIайойъуш дуьххьара лелош болу гIирсаш а.

Цо дийцарехь, берашна чIогIа хазахеттера занятеш. Берийн аьтто хилира цIеяйъархойн духар, шайна тIедуьйхина, цуьнга хьажа а, дуккха а хаттарш дан а.

ЦIарах лардаларан бакъенаш йовзуьйтуш йолу, къеггинчу басаршца кечйина буклеташ а, кехаташ а делира берашна.

Л.ДАУТОВА

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: