Тхан рузма

Лахьанан беттан 1-ра де, 1954 шо. ГIиргIизойчоьнан Ошан областан Фрунзен кIоштарчу Хайдарканехь вина Абаев Султан, Россин Федерацин хьакъволу суьрташдахкархо.

Дешна ХIинжерчу исбаьхьаллин училищехь а, цул тIаьхьа Санкт-Петербургерчу И.Е.Репинан цIарахчу скульптурин, архитектурин, живописан институтехь а (1981–1987-гIий шераш).

Дешна ваьллачул тIаьхьа Iен-ваха Россин къилбаседерчу пачхьенехь сецна, тахана а оцу шахьарахь Iаш ву иза. Бакъду, шен дай баьхначу лаьттаца уьйр хадийна ца Iийна суьрташдахкархо. Сих-сиха Нохчийчохь а хуьлу, ткъа коьртаниг – цуьнан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцу Нохчийчоьнан Iаламна а, къоман историн хиламашна а леринчу белхаша.

Художнико дакъалаьцна Россин гIаланашкахь а, ткъа иштта кхечу пачхьалкхашкахь а хиллачу гайтамашкахь, цуьнан суьрташ Iалашдеш ду Германехь, Чинехь, США-хь, Польшехь, Японехь, кхечу пачхьалкхашкахь, нехан шайн доларчу коллекцешкахь.

Шена тIе тидам бохуьйтуш ду цхьана хенахь гIараваьллачу оьрсийн художникан Верещагин Василийн хиллачу пхьалгIахь (мастерскойхь) С.Абаев болх беш хилар а.

Лахьанан беттан 6-гIа де, 1937 шо. Шуьйтахь вина Окуев Шима, яздархо, поэт. Дешна Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина кIоштан газетан редактор, школин директор, КПСС-н райкоман пропагандин отделан заведующи волуш. Амма шен дахаран коьрта гІуллакх литература лоьруш ваьхна иза.

1957-чу шарахь дуьйна зорбанехь гучуюьйлу цуьнан стихаш, дийцарш.

Ш.Окуевн стихийн хьалхара «Сан Шуьйта» цІе йолу гулар араелира 1962-чу шарахь. Цул тІаьхьа дукха хье ца луш, ешархошка кхочу стихийн гуларш: «Лаьмнийн аз», «Лаьмнашкахь суьйре», «Лаьттан дай».

60-чу шерашкахь ешархоша езаш тІеийцира «Чорин дийцарш» цІе йолу забаречу дийцарийн книга. Яздархочун къаьсттина кхиам лара догІу «Лай тІехь цІен зезагаш» шина декъехь роман а, трилогин книгаш а: «Юьхь», «ЦІий, латтий», «ТІаьххьара верас».

Оцу произведенешкахь Окуев Шимас вайн махкахь хилла революци а, граждански тIом а гайтина. Дахар, къаго я хаздан а ца гIерташ, ма-дарра гайтар яра цуьнан Iалашо.

Нохчийн литературехь шен бІаьрла лар йитинчарех ву Окуев Шима.

Яздархочун кхалхар хилла 1987-чу шарахь.

Лахьанан беттан 6-гIа де, 1965 шо. Дагестан Республикин Хасавюьртахь вина Жабраилов Iилмади, охьатохархлатарехула СССР-н спортан хьакъволу мастер.

Спортан дуьненахь дика бевзачу вежарех (Руслан, Лукъман) цхьаъ ву Iилмади.

Царах хIораммо а бIаьрла лар йитина паргIатчу кепара охьатохархлатаран исторехь.

Спортехь дуьххьарлера гIулчаш СССР-н хьакъволчу тренеран Джамалдинов Селимханан куьйгаллица ехира Iилмадис, цул тIаьхьа цуьнан тренер хилира шен ваша Руслан.

Къаьсттина беркате деара спортсменна 1989-гIа шо. Россин, СССР-н, дуьненан чемпионаташкахь дашо мидалш йоху Iилмадис оцу шарахь. Керла кхиамаш беара 1991-чу шаро а – СССР-н халкъийн спартакиадин а, Европин а чемпион хуьлу цунах.

1992-чу шарахь I.Жабраиловс кхиамца дакъалоцу Барселонехь (Испани) хиллачу Олимпийски ловзаршкахь. Дукха герга вара иза олимпийски дешина, амма Олимпийски ловзаршкахь дато мидал яккхар а доккха хьуьнар ду.

1997-чу шарахь йитира Iилмадис йоккха спорт, тахана цо жигара дакъалоцу Дагестан Республикин юкъараллин а, спортан а дахарехь.

Лахьанан беттан 7-гIа де, 1939 шо. Соьлжа-ГIалахь йина Гичаева Раиса, актриса, Россин Федерацин хьакъйолу артистка.

Цуьнан да Бадуев Мовжди (нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан ваша) нохчех дуьххьарлера халкъан артист вара, ткъа нана Исаева Асет – РСФСР-н хьакъйолу артистка.

1962-чу шарахь Раисас, шен йишица Тамарица цхьаьна, кхиамца чекхйоккху театран, музыкин, кинематографин Ленинградера институт. ХIетахь дуьйна нохчийн театран сцени тIехь къахьоьгуш схьайогIу иза.

Актрисин кхоллараллин дахарехь йоккха меттиг дIалоцу «ЦIий Iанийна ловзар» (Г.Лорка), «Бешто» (М.Солцаев), «Дела воцург накъост воцуш» (С.-Хь.Нунуев), «Нийят» (Л.Яхъев) спектаклашкахь цо кхоьллинчу нанойн васташа. Гичаева Раисина шуьйра йовзар деара I.Хамидовн «Бож-Iела» спектаклехь Маймин роль ловзоро. Цул хьалха и роль ловзийначу цуьнан ненах Асетах а санна, Майма бен ца олу Раисех а и роль ловзийчахьана схьа.

Хьовсархоша цуьнан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадор ду иза, цунах Гичаева Раисас, Россин Федерацин хьакъйолчу артисткас, баккъал дозалла а до.

Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драмтеатран юьхь ечу актерех цхьаъ ю Гичаева Раиса.

№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: