ХIокху деношкахь Иркутскерчу «Байкал-Арена» спорткомплексехь дIаяьхьира Олимпийски чемпионна К.Г.Вырупаевна лерина йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин XII-гIа турнир.
Оццу дийнахь цигахь схьадиллира К.Г.Вырупаевна лерина, цо хьалха болх бинчу спортан «Труд» цIийнехь мемориальни у.
Ткъа ша турнир квалифиционный яра, хIунда аьлча кхузахь толам баьккхинчу спорт сменашна «Россин спортан мастеран» цIе ло.
Цигахь дакъалоцуш вара Сибирера а, Россин 12 регионера а 120 спортсмен. Вайн республикера оцу турнирехь дакъалоцуш вара РДЮС-ра 3 спортсмен.
Царах цхьамма – Музуров Мовладис (66 кг.) – совгIатан шолгIа меттиг яьккхира. Оцу мехалчу турнирехь шолгIа меттиг яккхар а вуон кхиам бац.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, ахчан совгIаташца, грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№86, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 3-гIа де, 2017 шо