Ерригроссин юридически I-ра диктант

Ерригроссин юкъараллин «Россин юристийн ассоциацин» (кхидIа – Ассоциаци) Президиуман сацамца нийса а догIуш, 2017-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 9-чу дийнахь 10 сахьт 00 минот яьлча, Россин ерриге а субъекташкахь дIахьур ю Ерригроссин юридически I-ра диктант. Диктант дIаяхьаран гIуллакх вовшахтохарехь дакъалаьцна Москван пачхьалкхан О.Е.Кутафинан цIарахчу юридически университето (кхидIа – Университет).

Бахархойн бакъонашца доьзначу хаарийн тIегIа довзаран Iалашонца дIахьош ю диктант.

Цигахь дакъалаца йиш ю Россин 14 шарера ваьллачу муьлххачу а вахархочун. Дакъалаца лаам болчу вахархочо Россин юристийн ассоциацин ша вехачу субъектехь йолчу отделене дIахьедар дан деза. Меттигерчу отделенин адрес Ассоциацин http://alrf.ru а, Университетан http://msal.ru а сайташ тIехь довзийтина ду.

Диктантан дакъалацархошна Россин Федерацин Конститутица а, юридически терминологица а доьзна 30 хаттар кхочур ду. Хаттарш а, жоьпаш а оьрсийн маттахь хила дезаш ду. Хаттаршна жоп дала луш 60 минот ю.

Диктантан чаккхенехь, цуьнан гурашкахь дакъа мел лаьцначарна сертификаташ лур ду.

Диктантан жамIаш меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула довзуьйтур ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: