Мелла а хьалха нохчийн лаьмнашкара акхарой а, дийнаташ а луларчу субъектийн а, Гуьржийчоьнан а дозанашка дехьадуьйлуш мур хиллехь а, таханлерчу дийнахь и хьал бIостанехьа дирзина догIу. Иштта хаам бина Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.
Цо билгалдаккхарехь, иза ша-шеха хилла хIума дац, хIунда аьлча оцу декъехь бинарг а, беш берг а боккха болх болу дела: заповедникаш яхкар, лаьмнашкахь муьлххачу а кепара таллар дехкар, адамаша «Iаткъам» бар лахдар, и.дI.кх.а.
«Сайца цхьаьна Россин кхерамазаллин федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Дозанан урхаллин хьаькам инарла Труханов Евгений а волуш, луларчу пачхьалкхан дозанца долчу нохчийн лаьмнашкахь хилира со. Сан самукъадаларан доза дацара! Лаьмнийн баххьашкахь лунийн а, кхечу акхаройн а тобанаш яра гуш. Уьш я меца а, я цхьана а хIуманах къехкаш а цахиларна тоьшалла дара цаьрца дуккха а дохкана хилар. Иштта, лаьмнийн баххьашкахь, Кавказан хьех а гира, кура лаьтташ. Дехьа черчий а, церан кIорнеш а хааелира. Мелла а хьалха ас хаам бинера тайп-тайпанчу кIошташкахь бIеннашкахь сеш дIахецна хиларх.
Ас билгал мел даьккхинарг кхитIе а хаздеш ду вайн Орга «дузош» долу лаьмнийн шовданаш. Ткъа Орган чохь, хууш ма-хиллара, дуьненахь уггаре мерза а, чехка а болу бакъ чIара бу», – яздина республикин Куьйгалхочо.
Кадыров Рамзанна хетарехь, оцу тайпа башхаллаш а, хазалла а цхьана меттехь ган аьтто болуш кхин мохк бац.
«Кхин хIумма дацахь а, со ву-кх цунах тешаш. Кхуза баьхкинчу туристийн хIара хаза, цIена Iалам ган а, кхунах самукъадала а аьтто а, таро а ю. Цхьа а шеко яц, нагахь санна Россин кхерамазаллин федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Дозанан урхаллин салташа шаьш лар а деш, кхечаьрга а хIара Iалам а, кхузарчу архитектурин хIолламаш а ларбайтина ца хиллехь, тахана вайна хIара сурт гур дацара. Цундела ас даггара баркалла боху Кхерамазаллин федеральни службин республикехула йолчу Дозанан урхаллин хьаькамна Евгенин Евгенийна.
Оцу декъехь къахьоьгуш Нохчийн Республикин талларан бахаман урхаллин белхахой а, церан хьаькам, сан хьоме ваша Эдельгериев Хьамзат а ву.
Вай кхидIа а лерина ду иттаннаш, бIеннаш башхаллаш йолчу олхазаршна а, акхарошна а нохчийн лаьмнашкахь кхерамазалла а, «цIа» а латторан декъехь къахьега. Уьш дукха мел хуьлу лаьмнашкахь а хаза хуьлу, вайна самукъане а, синтеме а хуьлу», – чекхдаьккхина шен къамел Кадыров Рамзана.
И.АДАМОВ
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо