Лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь билгалдоккхучу Россин Халкъийн цхьааллин денна лерина гIуллакхаш дIадаьхьира оццу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь.
Дезачу денна леринчу гIуллакхашкахь дакъалацаран Iалашонца республикин пачхьенан коьртачу майданахь гулбеллера студенташ, хьехархой, журналисташ, иштта Соьлжа-Галин а, яртийн а эзарнаш бахархой – Нохчийн Республикин халкъан векалш.
Цаьргахь Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш, Россин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а суьрташ а, «Вай цхьаъ ду!», «Цхьааллехь бу вайн ницкъ!» йозанаш тIехь долу аннаш а дара.
Даздаран коьрта дакъа дIадолош вистхиллачу къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата билгалдаьккхира Халкъийн цхьааллин де билгалдаккхар доккха маьIна долуш хилар.
– Россин уггаре а дезачу денойх цхьаъ долчу Халкъийн цхьааллин денна лерина ду вайн таханлера цхьаьнакхетар. Хууш ма-хиллара, Россехь дехачу халкъашна юкъахь цхьаалла хилийтаран Iалашонца деш дуккха а гIуллакхаш ду. Цо гойту Россис халкъийн цхьааллах лаьттачу пачхьалкхе «кховдаран» некъ билла болийна хилар, – элира цо.
Цул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад.
– Халкъийн цхьааллин дийно гойту россихойн шайн махке болу безам а, ларам а. Росси демократин новкъаяккхарехь а, халачу муьрах хьалхаяккхарехь а «аьтто» бинарг ю халкъийн цхьаалла. Халкъо гIо-накъосталла деш а ца хилча, халкъ Iедалах тешаш а ца хилча, цхьа а мохк, цхьа а республика кхуьур яц. Цунна бIаьрла масал ду вайн республика а. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьежамаш, сатийсамаш, ойланаш республикин халкъан сатийсамашца йогIуш хилар бахьана долуш, халкъ цунна а, цо арабаьккхинчу некъана а тIаьхьахIоьттира. Ахьмад-Хьаьжас арабаьккхина некъ тахана дIахьош цуьнан кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан тешаме накъостий а бу. И некъ нийса хилар гойту республикехь бехаш иттаннаш халкъийн векалш хиларо, законодательни бух хиларо. Вай буьйцучу законодательни бухо таро елла царна шайн къаьмнийн ламасташ а, культура а Iалашъян, – дийцира Даудов Мохьмада.
Иштта, даздаршка гулбеллачарна хьалха къамелаш дира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала а, Нохчийн Республикин Профсоюзийн федерацин куьйгалхочо Солтагереев Хьусайна а.
Республикин культурин министерствос кечйинчу концертан программица дIадерзийра даздарш. Билгалдаккха догIу оцу программин гурашкахь республикехь болх бечу тайп-тайпанчу къаьмнийн культурин туьшийн векалша а дакъалаьцна хилар.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос баржийначу хаамца нийса а догIуш, Россин Халкъийн цхьааллин денна лерина Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьначу гIуллакхашкахь дакъалецира 50 сов эзар стага.
И.ИСЛАМОВ
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо