ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь дIаяьхьира «Нохчийн Республика – ДоттагIаллин цIа» цIе йолу республикин хIорашеран фестиваль. Иза дIаяхьар доьзна дара Россехь даздечу Халкъийн цхьааллин денца. И гIуллакх вовшахтоьхнарг яра Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид, республикин Парламентан депутат Нагаев Iаднан, культурин министр Дааев Хож-Бауди, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, министран заместительш Гудаев Лоьма, Элембаев Iалихан, республикин Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин, юкъараллин а, динан а организацийн векалш.
Билгалдаккха деза Халкъийн цхьааллин де Россин маьIнечу дезачу денойх цхьаъ хилар. Регионан куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту къаьмнийн юкъаметтигаш тоярна а, кхиорна а.
ГIуллакх дIадолийра Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхарца.
Хьалха вистхиллачу Абдулмуслимов Сайд-Селима билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьекъале политика бахьанехь, Нохчийн Республика, шена чохь бертахь а, машаре а 30 сов къам дехаш, Россехь а уггаре тоьлла а, кхуьуш а йолу регион хилла дIахIоьттина хилар.
Цо иштта дийцира, карарчу шарахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос «Этнодуьне» цIе йолу проект кхочушйина хилар. Оцу проекто довзуьйту Нохчийн Республикехь дехачу къаьмнийн дахар. Проектан гурашкахь ерриге а кIошташкахь дIаяьхьна 50 сов мероприяти, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь араяьлла 100 сов материал.
– Суна оцу проектан дакъалацархошна баркалла ала а лаьа, иштта Халкъан цхьааллин денца шу дерриге декъалдан а лаьа, – билгалдаьккхира С.-С.Абдулмуслимовс.
Жамалдаев Шаида а, Дааев Хож-Баудис а шайн къамелашкахь билгалдаьккхира Нохчийн Республикин халкъийн доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна доккха маьIна.
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боккха тидам тIебохуьйтура къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигашна. Халкъийн цхьабарт а, чIагIалла а хилчий бен, юкъараллехь барт а, машар а чIагIлург цахиларх дика кхетара иза, – элира Ш.Жамалдаевс.
«Нохчийн Республика – ДоттагIаллин цIа» фестивалехь жигара дакъалацарна республикерчу халкъийн культурин туьшийн векалшна дипломашца а, грамоташца а совгIаташ дира.
Кхоллараллин коллективаша хIоттийначу концертаца ерзийра фестиваль.
I.МУРТАЗОВ
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо